Историн суьрташ дукхачу хьолахь Iаьржа-кIайн хуьлу; бос байна юьхьаш а, йоьлу юьхьаш а басе ялийча хенан болар билгалдоккху. Амма "дахар" массо хенахь беснех дуьзна хуьлу, тIом болчу заманехь тIехь, билгалдоккху фотоколорист Ширнина Олгас. Цо ша Iаьржа-кIайн суьрташ бос болуш до, тIаккха шен блогана чохь уьш зорбанедоху. Цу гуламехь шун ган аьтто бу Оьрсийчоьнан импери зама а, Совет Пачхьалкхан зама а.
Оьрсийчоьнан истори беснашкахь

1
Григорий Распутинан лерина хьажар. Ширнинан Олгас билгалдоккху, цуьнан уггар хазахета белхан мIаьрго - "цIаьххьана стаг хьоьга дийна волуш санна хьажар."
Григорий Распутинан лерина хьажар. Ширнинан Олгас билгалдоккху, цуьнан уггар хазахета белхан мIаьрго - "цIаьххьана стаг хьоьга дийна волуш санна хьажар."

2
Сту Юсупова Зинаидо массо а цецвоккхура шен хазаллица. Цуьнан жимах волу кIанта Феликс Юсупов Григорий Распутин вийнчу декъашхойх цхьаъ вара.

3
Советан пачхьалкхан тIелатаран кеманхо Пронин Александр 1942-чу шарахь. Беснаш харжале хьалха Ширнина Олго лерина деталеш Iамайо. "Ас эскархойн духарна бос хоржуш, ас лерина информаци лаха еза я говзанчашка хетта деза," - билгалдоккху Олга.

4
Романова Мария Николаевна, сийлахь сту, паччахьан Николайан II йоI, 1906 шо. Болшевикаша паччахьан доьзална тоьпаш туьхира 1918-чу шарахь.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832