ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIитлеран Советан пачхьалкхара легионаш


Germany -- The Volga-Tatar Legion (Legion Idel-Ural) "musical platoon" performance during WWII, undated
Germany -- The Volga-Tatar Legion (Legion Idel-Ural) "musical platoon" performance during WWII, undated

Историн Iилманча, Казанера федералан университетан профессор Гилязов Искандер дуккха а хан ю Советан пачхьалкхера бусулба нах ХIитлеран эскарехь гIуллакх дарх лаьцна таллам дIахьош волу. Ша аьлча, цо толлург ю «Идель – Урал» олу легион. Цунах лаьцна Гилязовца къамел а дина, леррина материал кечйина Маршо Радион оьрсийн сервисан корреспонденто Резунков Виктора.

Гилязов Искандер историн Iилманан доктор ву. Дуккха а хан ю иза ХIитлеран агIор ШолагIчу Дуьненан тIамехь дакъалаьцначу гIезалойн кхоллам толлуш волу. Юьйцург ю «Идель-Урал» олу гIезалон легион.

Гилязовс дийцарехь, Советан пачхьалкхаца тIом болош немцой дагахь цахилла кхечу къаьмнех лаьттачу ницкъех пайда эца. Вермахтан тIеман дакъош санна Малхбалера олу легионаш кхоллар цIеххьана хилла хIума дара шаьшна немцошна а аьлла долийра цо шен къамел.

Гилязов : - Цара вуно чIогIа лардийриг дара герз лелон бакъо немцойн бен хир яц бохург. Немцоша, немцойн герзаца, немцойн куьйгашца баккха безаш бара толам. Нацистийн антропологин расистийн теорица а догIуш, кхин долу къаьмнаш шайн иерархи, шайн классификаци йолуш хилла.

Цундела немцой, цу теорица а догIуш, цу къаьмнашка цатешарца хьоьжуш хилла. Хилла дера цигахь царна шайна уллера хета къаьмнаш а, масала, Скандинавера къаьмнаш, амма цуьнца цхьаьна хилла Untermensch олу адамашка цакхочу къаьмнаш: славянаш а, цигонаш а, жуьгтий а, иштта дIа кхин а.

Гилязов дийцарехь, Советан пачхьалкхаца тIом болабеллачул тIаьхьа немцоша сацам бина цу махкахь дехачу къаьмнех тIеман тобанаш вовшахтоха.

Гилязов : 1941-чу шеран Марсхьокху-бутт чекхболуш йийсаре лецначу эскархошна юкъахь болх бан юьйлаелла Розенберган Малхбалерчу министраллан леррина комиссеш. Цара литта болийна и нах, къаьмнашка бекъа а боькъуш, царан леррина четар-гIаланаш а кхуллуш. И четар-гIаланаш хилла йийсаре лецна нах латтон, амма цигахь гулбеш хилла цхьана къомах болу нах.

Цу комиссешкахь болх беш хилла эмигранташ а, немцойн векалш а, немцойн Iилманчаш а, Советан пачхьалкхера схьабевлла Iилманчаш а.

Малхбален легионаш кхолларан масийтта бахьана хилла.

Гилязов : -Кхузахь масийтта бахьана хилла хилар тидаме эца деза, малхбален легионаш кхолларна Iаткъам бина долу. Цара цхьаъ ду дагахь а доцуш дукха йийсаре лецна салтий а, эпсарш а хилла хилар.

Кхеташ дацара царна хIун дан деза. 1941-чу шеран аьхка уьш вуно дукха IаьIнера. Вуно инзаре терахьаш ду далош. ТIом чекхболуш немцойн карахь хилла 6 миллион йийсаре лаьцна Советан пачхьалкхара стаг. Иза ирча хьал ду, инзаре боккха бохам бу.

Иштта хьал хIоттарна немцоша теша сацам бина тюркийн бусулба нахах. Туркойн мотт буьйцу нах даиман а хилла цхьаьнакхета лууш, уьш арийцаш санна цхьаьнакхетар бу аьлла ойла кхоллаелла немцойн бохуш кхин дIа а дуьйцу Гилязовс.

Гилязов : -Тюркаш, бусулбанаш, колонеш, цабеза оьрсий, большевикаш а аьлла чулацам хилла цу сацаман. Советан пачхьалкх поппурх бина когаш тIехь лаьттан колосс ю, жима тIетаIах, къаьсттина цу пачхьалкхара къаьмнийн ницкъаш Iаткъам бан долалахь юхур ю аьлла хеташ хилла немцошна. И идея кхоллаелла 1941-гIа шо чекхдолуш.

Оцу хенахь доладелла хьалхара легионаш кхоллар.

Гилязов : Дуьххьара кхоьллина хилла 4 легион – Туркестанан а, Кавказера бусулбанийн а, Гуьржийн а, Эрмалойн а. Кавказера бусулба нехан легион тIаьхьо шина декъе екъна Къилбаседа Кавказан а, Азербайджанан а легионашка. Цу кепара кхоьллина хилла 5 легион. Уьш цхьа дакъа а хилла дIахIиттина Германин тIеман ницкъийн структурехь.

Ткъа «Идель-Урал» муха кхоьллинера?

Гилязов : - ГIезалойн, я немцоша олуш ма-хиллара, «Идалан гIезалойн», я Идалца дехачу къаьмнаша олуш ма-хиллара «Идель-Урал» легионна юкъахь хилла гIезалой а, башкираш а, Идал хица а, Уралехь а дехачу къаьмнийн векалш а.

Иза кхоьллина хилла 1942-гIчу шарахь Товбеца-бутт чекхболуш. Цунна байракх дIаелла Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь. И де лоруш ду легион кхоьллина де.

Гилязовс дийцарехь, батальонехь 900 стаг хила бакъо елла хилла. Уьш дIатарйина хилла Польшин территори тIехь. Ерриг а хилла 8 Идалан гIезалойн батальон. ХIора батальонехь немцойн эскархой а хилла 50 -80 стаг. Верриг а цу легионех чекхваьлла 20-25 эзар стаг.

ГIезалойх дерг аьлча, немцоша шаьш цаьрга йозуш йоцу пачхьалкх кхоллуьйтр ю аьлла цахилла бохуш дууьйцу историн Iилманчо Гилязов Искандера. Идель-Урал олу йозуш йоцу пачхьалкх кхолла езара аьлла йолу идея меттах яьккхинера Советан пачхьалкх йоьхча, амма таханлерчу дийнахь коьртачу декъана хьехош ерг Татарстан ю, хIунда аьлча цу юкаозийна хуьлу кхин кхьмнаш а.

Цхьайолчу малхбалерчу легионаш кхочуш дира шайна хьалха диллина декхар аьлла хета Гилязовна.

Гилязов : - Цхьайолчу Туркестанан батальонаша а, кавказерчу къаьмнийн батальонаша а тIемаш бира. Къаьсттина юкъайозийнера уьш Малхбалерчу фронтехь тIеман операцеш дIахьош а, 1942-чу шарахь Сталинградана тIелеташ а. Амма уьш цхьа ша лаьтта эпизодаш яра, шуьйра хиламаш бацара.

Коьртачу декъана цу легионех пайда оьцуш хилла цхьацца меттигаш а, тIайш а лардеш а, цхьацца гIишлонаш еш а. Кхин гена даьлла тIемаш цабина цу наха.

Ткъа муьлуш хилла цу легионерашна юкахь берш? Гилязов Искандер.

Гилязов : - 95 процент, я кхин а алсам цу легионерех ларамаза цига кхаьчна нах хилла. Уьш баккъалла а мостагIий цахилла. Дукхах берш реза хилла цига баха цхьана Iалашонца: дийна биса, тIом чекхбаллалц. Дера гIалат даьлла царгара. Мегар дац уьш фашисташ я ямартлой хилла аьлла бехке бан. Муьлхха а зулам дина бохург суьдехь къасто дезаш ду.

Ткъа муха хилла цу нехан кхоллам?

Гилязов : - Церан кхоллам дукхах боллчера ма моьтта дика цанисбелла. Дийна виснарг Даймахка юхавирзина, цхьана лагерера кхечу лагере чубоьхкина уьш. Ас эр дац царна сихха тоьпаш еттар, амма уьш берш аьлча санна чекхбевлла филтрацин лагершкахула.

Хала хеташ далахь а, Оьрсийчохь юха тIом турпала хIума ду бохуш базбан болийна, амма тIом уггаре а хьалха бохам бу аьлла дерза до шен къамелисторин Iилманчо Гилязов Искандера.

Гилязов : -Хала хеташ далахь а, тIом хесто дуьйладелла вайю ха а. Иза цатов суна. ТIом уггаре а хьалха бохам бу. Стигалкъекъа-баттахь машенашна тIелетийна йозанаш го суна «Берлине кхаьчна, Вашингтоне а кхочур ду» бохуш. Иса исторех нийса цакхетар ду. Халахеташ далахь а, вайн юкъараллана тIамах гуш дерг турпаллалла ю, бохам бац. Ткъа суна хетарехь, тIом хьахийча уггаре а вайна дагадан дезарг бохам а, цу бохамо Iадор а ду.

XS
SM
MD
LG