ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусам лаца таро йолчу мехкашлахь хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара йу Нохчийчоь

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт

Ши бер долчу доьзалшна хӀусамаш лаца таро хиларца тӀаьххьарчу меттехь йу Нохчийчоь. Тептарехь тIаьхьарчу могIаршкахь нисйела ишта Къилбаседа Кавказан кхинйолу республикаш а.

Пачхьалкхан РИА Новости агенталло зорбане баьхна шайн талламаш. ЧIагIдарехь, республикехь шина бераца болчу доьзалалех I5 процентан бен таро йац ханна чохь Iе хIусам лаца. И терахь пхоьазза лахара ду цу тептарехь хьалхарчу меттехь йолчу Ханты-Мансийн автономин гонаца дуьстича. 77,5% процент кхаьчна царна.

Оцу йукъанна арендех дIадала а, денна йеш йолчу харжашна оьшу а доьзалан ахча дуьхь-духьалхIотто йиш йу оцу регионашкахь. Нохчийчохь иза 124 900 ₽ ду, ткъа Ханты-Мансийн автономин гонехь иза 139 600 ₽ ду.

Нохчийчоьнна хьалха нисйелла ГIалгIайчоь, цигахь аренде хIусам эца таро йу шина бераца болчу 19 процент доьзалийн. Кхин дIа могIарехь йу ГIебарта-Балкхаройчоь (22,5%), Дагестан (23,1%), ГIалмакхойчоь (29,1%), Къилбаседа ХIирийчоь (29,9%), Кхарачой-Чергазийчоь (30,3%). Ставрополан махко оцу рейтингехь 73-гIа могIа дIалаьцна (40,1%), Астраханан кIошто 72-гIа (40,3%), Адыгейс 65-гIа (44,8%), Кубань йу 48-чу могIарехь (50,6%), Волгоградан мохк – 44-чу могIарехь (51,7%).

  • Хьалхо Соьлжа-ГIалано тIаьххьара меттиг дIалецира алапаш лахара долчу регионашлахь, цунна тIаьхьа йара Нальчик, БуьритIе, Элиста, Черкесск, Магас а.
  • Социалан-экономикан гайтамашца Къилбаседа Кавказана федералан гонашкарчу республикаша тIаьххьара меттигаш дIалоцу статистикехь. И регионаш аутсайдерш хIунда йуьсу, оцу хьоло бахархойн дахарна тIеIаткаъм муха бо а, йаздира тхан редакцино.
​
XS
SM
MD
LG