ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийрачу къаьмнийн мехаллаш? Стенна ца лаьа Москвахь керла маьждигаш дайта


Азербайджанера веъна масех мигрант декъахь а волуш, Керлачу Москвахь кIира хьалха иккхина дов гIарадаьлча, меттигера бахархой протестан гуламе бевлира, ткъа социалан машанашкахь даьржира, Троицкерчу юкъарчу бошамийн лаьтта тIехь деш долу маьждиг дIахьокхур ду Iедало, аьлла. Оцу хьоло юха а дийцаршка баьхна пачхьалкхан коьрта шахьарахь беха бусалбанаш: тоьуш дац Москвахь маьждигаш.

Керлачу Москван центрехь лаьтта Новые Ватутинки яра тIебаьхкинчаьрца дов иккхина меттиг. Нохчийчуьра дIавахна, цигахь веха Кавказ.Реалиина меттигера хьал довзуьйтург. Цо бахарехь, Троицкера маьждиг дIакъевлина, иза баккъал а дохон тарло. Бахьана карийна маьждиг низам а талхош хIотийна хиларца, ткъа и агIо зен йолийна латар иккхинчул тIаьхьа.

"Бахархой масситтазза бевлла ара, Троицкерчу полицина хьалха а хилла цхьа гулам, цигахь наха дIадаккха бохура маьждиг. Бошмаш лелочу территори тIехь хIоттийна ду иза", – дийцира кавказхочо.

Цунна хетарехь, меттигерчу наханна бен-башха а дацара маьждиг латтар.

"Бакъду, иза ма дохаде олуш стаг а ца карийна суна оьрсашлахь", – билгалдаьккхира Новые Ватутинки кIоштан вахрхочо.

Троицкан мэра Дудочкин Владимира "Говорит Москва" радиона интервью луш билгалдаьккхарца, меттигерчу бошмашкахь беха нах масех шо ду шаьш долчохь динлелочийн барамаш ма латтийта бохуш хьийза. И аьрзнаш дац, цо бахарехь, бераца хиллачу Керлачу Москван вахархочунна динчу тIелатарца доьзна.

"Троицкерчу Iедалан бакъо яц низамехь йоцу гIишлош йохон. Амма цунна ца лаьа меттигера гIишло йиллина динца болу нах чугулло меттиг хилла латтийта. Иза аьттехьа а дац иккхинчу девнаца дозуш. Ши шо ду лаххара а процесс йоьду. Низамехь йоцу объект дIаяккхар доьхуш кхел яла дагахь ю инспекци, соьгахь йолчу информацица, нийса йина яц гIишло, гIалайоттаран кепашца йогIуш яц. Массо а бошмашлелорхой а, гонахарчу меттигийн а бахархой бара аьрзнаш деш. ПIераскан деношкахь берриг некъ дIалоцу, хьал чолхене доккху цигахь", – дIахьедина Дудочкина.

Меттигерчу пабликашкахь бекъабеллла хьажам: цхьаболучарна ца тов хIора кIиранах некъаш букълуш хилар, кхечара ца оьшу олу маьждиг хьедан, динлелочех кхета.

ГIали чохь вуно кIезиг ду маьждигаш, ламаз дан меттигаш ца тоьу, ца тоьу синбахамаллин-дешаран хьукматаш

Москван муфтис Аляутдинов Ильдара бахарехь, официалехь цхьаммо а ца аьлла маьждиг дIадоккху. ГIали чохь тоьаш яц динан хIусамаш, цундела "лартIахь хир дац" иза дохор, цунна хетарехь.

"ГIали чохь вуно кIезиг ду маьждигаш, ламаз дан меттигаш ца тоьу, ца тоьу синбахамаллин-дешаран хьукматаш. Оцу хьелашкахь лартIахь дац даржийна хабарш", – аьлла Аляутдинов.

Я шайна а, я нахана а цахилийта

Карарчу хенахь доккха диъ маьждиг ду Москвахь: Москвара историн маьждиг, Отраднера Инам а, Ярдям а маьждигийн комплекс, Мемориалан маьждиг, Москвара доккха маьждиг. Аляутдиновс дийцарехь, Москварчу маьджигашка леларш 2000-гIачу шерийн юьххьехь доккхачу декъанна каказхой бара, хIинца – Юккъерчу Азера мигранташ.

Москвахь вехачу дагестанхочо а дийцира Кавказ.Реалиига, тахана маьждигашкахь хуьлучех дукхахберш Азера нах бу, аьлла: "Москвахь уьш вуно дукха бу, маьждигашка лелачех алсамберш а уьш бу. Делахь а, оццул йоккхачу мегаполисехь вуно кIезиг ду маьждигаш".

Кхечу пачхьалкхашкахь мигранташна баха тоьлла аьттонаш нисбо, элира юкъараллин жигархочо Тавдирякова Расула, ткъа Москвано диъ маьждиг бен шена чохь дацарца йохайо бусалбанашна хьалха шен комфортан репутаци. Шахьаран Iедалша пурба делча, наха шаьш нисйийр яра цигахь ламазаш дан меттигаш, боху цо.

Москвана гонахарчу кIоштийн муфтис Аббясова Рушана тоьшалла до диъ маьждиг бухарчу бусалбанашна а тоьуш дацарх лаьцна, ткъа чуэца безаш нисло оццул дукха болу мигранташ а.

"Керла маьждигаш Москвахь дойтуш дац, оха уьш центрна юьстах дайтар дехарх а, ткъа долуш дерш ца тоьу, мигранташ-м стенна буьйцу, меттигерчу бахархошна а. Ткъа тхан маьждигаш массарна а ду диллина. Мигрант – иза а ву дала схьакхоьллина, ", – элира муфтийс.

МогIара бусалба шен болх а беш веха, цуьнан доьзал бу, шен пхи ламаз дан фарз ду цунна тIехь

Москварчу Iедало, керла маьждигаш дар а ца хьехош, ламазийн чоьнаш елла магадо. Оцу хьокъехь, масала, дIахьедира Москва гIалин къаьмнийн политикан а, регионашца юкъарлолелоран а департаментан куьйгалхочо Сучков Виталийс. Шахьарахь маьждиг адр – иза еха-йоккха "IалгIож" хиларца юьйзира цо шен позици.

Аляутдиновна гарехь, маьждигаш ца тоаре терра, дика хир дара ламазаш дан метрополитенехь а, яккхийчу гипермаркеташкахь а чоьнаш схьайиллича. Шахьарахь веха кхо миллион бусалба, ши миллион ву меттигера вахархо, бисинарш мигранташ бу.

Тавдиряковс бахарехь, цхьаболчу Iеламчаша рузбан маьждигаш шайн-шайн цIахь дар хьоьху наханна. Оцу позицно гойту и Iеламчаш бусалбанийн хьаштех буьззина кхеташ боцийла, элира цо.

"Iай хан йоца хуьлу, Москва сов йоккха ю: цхьана кIоштара вукху къошта бо кхаа сахьтехь некъ. Ламазан хан сиха чекхйолу, цундела оьшу алссам маьждигаш. И нах ца кхета оцу хьолах, я кхета а кхеташ, бусалбанашна оьшу хьелаш цахилийта гIерта", - аьлла хета Тавдиряковна.

Иза тешна ву маьждигаш цадайтарна бухайиллина политика хиларх – маьждиг хийрачу нехан синбахамаллин васт ду дуьхьаллаьттачарна.

"Маьждигаша оьрсийн культура хIаллакъеш санна туьду. Со Мисарахь хилла, бIеннашкахь ю цигахь килсаш, мисархой ца кхоьру шайн динера нах кхечу динан хIусамашка хьовдарна, цара керста дин тIеэцарна. Со ца кхета оьрсийн керстанаш цунах стенна кхоьру", – элира Тавдиряковс.

Цхьайолчу регионашкахь машаре некъ карийна ламазан чоьнаш схьаелларца.

"Иштачу меттигашкахь аьлла: "Шу мимранех, азанах кхоьруш делахь, яйта тхоьга культуран центр". Иза а дара цхьа гIуллакх. Политикан бала бац могIарчу бусалбанна, цунна тоаме де бусалбанашна шайнна меттиг билгалъяккхар, тIехь ах-бутт латтар, тхоьца лараме хила, боху цара. МогIара бусалба шен болх а беш веха, цуьнан доьзал бу, шен пхи ламаз дан фарз ду цунна тIехь, ткъа иза кхочуш дан тоьар яра мегаш йолу меттигаш мукъане а", – билгалдаьккхира Тавдиряковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG