ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хизб ут-Тахрир тобанан агIончаш лецарх дIахьедина къайлахчу сервисаша


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн (ФСБ) белхахоша Москвахь а, Подмосковьехь а лелаш хиллачу Хизб ут-Тахрир (Оьрсийчохь йихкина тоба ю иза, амма маьрша лела уьш Евробертан пачхьалкхашкахь а, Украинехь а. -Редакцин билгалдаккхар.) организацин гара хIаллакдина. Йоьдучу лерринчу операцех лаьцна тобанхойн ши хьалханча а, ялх жигара хилла декъашхо а, хаамбина ТАСС агенталло.

ФСБ-но чIагIдарца, конспираци а лелош, шаьш хIитточу гуламашкахь гаранан декъашхоша яржош хилла регионехь террорхойн идеологи. Уьш лоцучу заманчохь цаьргара яьккхина Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-Тахрир аль-Исламин" пропагадийн материалаш.

  • "Хизб ут-Тахрир" – дуьненаюкъара политикан болам бу исламхойн кхетамехь. Дуьненчуьрчу дукхахйолчу пачхьалкхашкахь легале ю иза.
  • 2003-чу шарахь Лакхарчу кхело "Хизб ут-Тахрир" террорхойн организаци ю аьлла дIакхайкхийра, дихкира цара лелориг а. ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа цигахь беха дукхахболу боламан агIончаш лоьцуш бу оьрсийн Iедалхоша. Ткъа Украинехь организаци магош ю.
  • Бакъонашларъяран "Меморил" (Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" могIаре язйина) центро политикан тумакх ву аьлла, дIакхайкхийра 50 бусулба. "Хизб ут-Тахрир" тобанан декъехь хиларна бехкебора уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG