ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХьаьжцIа боьду некъ. Къилбаседа Кавказера бусалбанаш Iумрат лардеш Iа


Гезгмашин-баттахь дуьйна Iумрат (жима хьаьж) дан арабевлла арахьара бахархой тIеоьцуш ю СаIудийн Iаьрбийчоь – бусалбанашна еза меттигаш Макка а, цунна гонахара хазнаш а ларбеш Iа хьеший. Оцу агIор кеманаш гIитта тарло ГIуран-баттахь ХIинжа-ГIалин а, кхечу гIаланийн а аэропорташкара. Амма цкъачунна дуьхьало хилла лаьтта цхьа йоккха проблема – СаIудийн Iаьрбийчоьно къобал ца йина Китайн а, Малхбузенан а вакцинаш бен, уьш тоьхна боцу нах ца буьту махка.

Хьаьж дар деза ду хIора бусалбанна, шахIадат, ламаз, закат, марха кхабар дIадаьлча, пхьоьалгIа фарз ду иза Исламехь. ХIора гIеметтахIоьтина бусалба, шеца могашалла а, ахчанца таро а елахь, декхаре ву ша Макка ваха а, шеца цига боьлхучарна гIодан а. Шен дахарехь цкъа дина а, хьаьж дан деза бусалбано.

"Кху цIенна тIе вогIунверг (КаIба хьаьж дан. - Ред.), хьашт доцург ца дуьйцуш, дастаме ца лелаш чекхвалахь, хIинцца дина бер санна (къинойх цIанвелла. – Ред.) воьрзур ву цIехьа", – аьлла Мухьаммад Пайхамара. Цундела деза ду бусалбанашна хьаьж дар.

Дехкарш юхадоху пачхьалкхо

Коронавирусан пандеми йолаялале, 2019 шеран Гезгмашин-баттахь, рекорде делира хьаьж дечийн терахь – 2,5 миллионал сов. Амма 2000-чу а, 2021-чу а шерашкахь ХьаьжцIа буьтуш бацара арахьара бахархой. Кхушара, масала, Макка ца кхечира СаIудийн Iаьрбийчохь веха 60 эзар вахархо бен – 65 шо кхачаза а, вакцинанаци яйтина а нах бара уьш. Зуль-хьиджи беттан 5 де къастийна дино Iуьмрат дан – оцу Iалашонна шен дозанаш диллина пачхьалкхо Гезгмашин-беттан 10-чохь.

Цхьа йоккха галморзахалла дуьхьалхIутту Къилбаседа Кавказера я ерриг Оьрсийчуьра Iумрат дан араволучунна – СаIудийн Iаьрбийчоьно декхарево шайн махка мел вогIург хIара хIокху вакцинех цхьаъ тоьхна хила: Pfizer, Moderna, Johnson& Johnson, AstraZeneca. Китайра вакцина къобалйо, нагахь санна цуьнца йина вакцинаци ялх бутт баьллачул тIаьхьа лакхахь хьахийначех муьлхха а тохарца чIаIйина елахь.

Ша СаIудийн Iаьрбийчоь, шен алссам бахархошна вакцинаци а йина, эпидемиологин хьал аттачу а далийна, дIадохуш ю хIиттийна латтийна дехкарш. Масала, хIинца Маккарчу Доккхачу Маьждигехь а, Мединерчу Пайхамаран Маьждигехь а нах декхаре бац дистанци латто а, масканашца хила а. ДIадаьхна дехкарш кафешкахь, ресторанашкахь, туьканашкахь, кинотеатршкахь, юкъарачу транспорта чохь.

Ткъа хIун дан деза Оьрсийчуьрчу бусалбанаша, Малхбузера а, Китайра а вакцинаш СаIудийн Iаьрбийчохь лараме ца хилча, Оьрсийчуьра "Спутник V" цигахь магош яцарца? Йиш хир юй церан Iумрат дан кхушара, ХьажцIа боьлхийла хир дуй тIедогIучу шеран Товбецан-баттахь?

Ши шо ду хьаьж я Iумрат дан йиш йоцу. Оцу хьоло нехан кхетамехь чIогIа даздина иза дар

"Сертификаташца дерг ХьаьжцIа боьлхучара шаьш листа деза, мухха а делахь а, СаIудийн Iаьрбийчоьно маош йолчу вакцинех цхьаъ тоьхна хила беза уьш. Тхуна тIе и нах карахь мегаш йоллу сертификаташ айолуш богIу, оха царна кемана ховша аьтто а бо", – дуьйцу Кавказ.Реалиига "Марва-Тур" хьаьж-операторан инарла директора Курбанов Булата.

Цо билгалдаккхарца, карахь сертификаташ а йолуш, туроператорна тIебаьхкинчех дукхахберш Малхбузера вакцинаш къобалйинчу Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Цхьанакхетараллин мехкашкахь (СНГ) беха кавказхой бу. Масала, Казахстанехь тоха аьтто бу Китайра Sinovac я Sinopharm вакцина, Эрмалойчохь а, Гуьржийчохь а туху AstraZeneca а, Sinopharm а, Азербайджанехь - Sinovac, AstraZeneca я Biotech. Уьш массо а магош ю СаIудийн Iаьрбийчоьно.

"Дагестанехь дукха нах бу йохк-эцар лелош, биллина Туркойчу лелаш. Цхьаболчаа цигахь тохийтин вакцина. Кхиберш шайн гергарнаш болчу, кхечу мехкашка боьлху дозанал арахьара вакцина шайна тохийта. Биллина Советан Iедал доьхча къастаеллачу пачхьалкхашкахь а бехаш, кхузарчу шайн гергарчаьрга леларш а бу дукха. Дагестан логистикан маьIнехь наханна аьтто болуш меттиг ю, ХьаьжцIа боьдучу новкъахь, кхузахь рейсаш хуьйцийла а ду", – боху Курбановс.

Iуьмрат дале цхьаболу нах кхечу пачхьакхашка шайна вакцинаци яйта лела, амма иштанаш дукха бац, элира цо.

"Пандеми йолаялалц ХьаьжцIа баха новкъабийраш вуно дукха хуьлура, оха кIиранах цхьа кема дIахьажадора нахах доккхий, ткъа рогIехь Iара нах кхаа баттахь а. ХIетахь тхо рейсаш хIора кIиранах шишша латто дагахь а дара. ХIинца шина кIиранах цхьа рейс бен яц. ХьаьжцIа кхача луурш барам а боцуш дукха бу, амма вакцинацин сертификаташ ю проблема, цIера вакцина тоьхна тоьшаллаш бен дац бахархошкахь", – бох "Марва-Тур" операторан куьйгалхочо.

Хьаж даран мах

Хьал хийцалойла дац СаIудийн Iаьрбийчоьно "Спутник V" къобал ца яхь. Гезгмашин-баттахь дуьйна Оьрсийчуьрчу бсалбанийн урхалло кехаташ кхехьийта долийна Хьаьж даран а, Iумратан а министре. Ткъа делла жоп хоуьйтуш дац.

Лахьан-бттан юьххьехь Оьрсийчоьнан Юкъараллин палатин къаьмнийн, динийн юкъаметтигаш чIагIъяран комиссин куьйгалхочун гIовса, Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан хьалханчас Крганов Альбира МИА "Оьрсийчоь тахана" агенталлин пресс-конференцехь дIахьедира:

"Хьаьж схьаделлар дийцаредеш ду тахана. Кху деношкахь оха вуно чIогIа догдоху Дуьненаюкъарчу медицинан хьукмато вайн вакцинаш къобалъяре, дуьненаюкъара сертификат яларе – тIаккха бен хьаьж далур а дац. Нагахь санна вакцина Медицинан хьукмато (ВОЗ) тIеэцахь, кхушара кхача йиш хила а тарло вайн цига [СаIудийн Iаьрбийчу]".

Амма гIуллакх цкъачунна къастаза ду, СаIудийн Iедало цкъачунна тIе ца эцна Оьрсийчоьнан цхьа а вариант.

Къилбаседа Кавказан Исламан талламийн центран директорна Гереев Руслана, Кавказ.Реалиица къамел деш, къадийра кхин а цхьа некъ: Оьрсичьура нах ХьаьжцIа бахийтархьама Малхбузера вакцина эцар. ЦIахь хьалххе и вакцина йича, аьто хир бара бусалбанийн хьаьж дан Iумрат дан баха.

Сатуьйсуш Iийраш бу дуккха а. Уьш, ахча дIа а делла, кийча бу хIинцца а дIаязбала

"ХьаьжцIа лелар вуно деза гIуллакх ду бусалбанашна. Ши шо ду хьаьж я Iумрат дан йиш йоцу. Оцу хьоло нехан кхетамехь чIогIа даздина иза дар, Макка, Медина кхачар. Хьайна дан аьтто берг ахь даима а до, ойла а ца еш, ткъа иза дойла ца хилча – дазло. ХIинца хаьа вайнацуьнан мах", – элира Кавказ.Реалиига шен цIе цаяккхар дехначу Дагестанерчу цхьана имама.

Хьаьж дан мацца а цкъа кхуьур ву бохуш Iийнарг, пандеми тIейоьссича дохковаьлла ша ХьаьжцIа ваха хьалха ара ца валарна, бохура цо.

Дагестанерчу имама бакъдо "Марва-Тур" операторан куьйгалхочо дуьйцург. 2020-чу шарахь ХьажцIа баха ахча дIа а делла, бахаза бисинарш хIинца а Iа, ахча юха ца оьцуш, некъ шайна белларе сатуьйсуш, элира цо.

"Аьтто боллушехь, цига гIур болуш, барт бина Iийраш бу дуккха а. Уьш, ахча дIа а делла, хIинцца а кийча бу дIаязбала, 2022-чу я 2023-чу шарахь ХьаьжцIа гIур болуш", – дицира Кавказ.Реалиига Курбанов Булата.

Къилбаседа Кавказехь вакцинанцин сертификаташ мехах эцар тидаме а дуьллуш, шозза тергаме хила беза Оьрсийчуьра хьаьжой: документашца бозбуанчаллаш лелорна ден таIзар гуттар а луьра ду СаIудийн Iаьрбийчохь. Харц сертификаташ гучуйовлахь, цигарчу Iедало яцъян тарло Оьрсийчоьнна луш йолу хьаьжойн квота, цундела алссам ларлуш хила беза хIинца Iумрат дан боьлхурш – жоп доьхур ду цаьргара низамо а, бусалба уммано а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG