ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьакъболу бакъонашларъярхой" аьлла дIакхайкхийна Кадыров а, цуьнан да-нана а


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан да Кадыров Ахьмад а, нана Аймани а республикехь "хьакъболу бакъонашларъярхой" бу аьлла, дIахьедина. Оцу документан куьйгъяздина Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Нухажиев Нурдис.

Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан нана а юкъах доцчу шен каъмел дарехь омбудсмено билгалдаьккхина, КадыровгIеран доьзало "доккха дакъалаьцна хилар" махкарчу "бахархойн бакъонаш латторехь а, пачхьалкх чIагIъярехь" а. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало зорбане яьккхира цунах лаьцна видеосюжет.

Кхаанне а мидалш елира. Кхелхинчу Кадыров Ахьмадна кхачийра мидал "барам боцу майралла а, доьналла а гайтарна нохчийн къоман бакъонаш Iалашъярехь" аьлла, билгалдоккхуш. "Бахархойн бакъонаш Iалашъярехь а, нахана гIо латторехь а доккха дакъалацарна" аьлла, мидал елла Кадырова Айманина; Кадыров Рамзанна билгалъяккхина мидал "нохчийн къомера дIаяхалур йоцу бакъонаш Iалашъярехь историн доккха дакъалацарна" аьлла ю.

Кху баттахь "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" а, "Нохчийн республикан хьакъйолу культурин белхахо" аьлла, мидалш елира культурин министр йолчу Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоIанан Кадырова Iайшатана.

Маршо Радионо яздира, доллу шерашкахь КадыровгIеран цIийнах болчарна динчу совгIатех лаьцна.

Хаддаза адамийн бакъонаш хьешарна санкцийн тептаре ваьккхина Кадыров Рамзан, цуьнан бакъо яц Евробертан пачхьалкхашка а, Британи а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Канаде а, Прибалтикан мехкашка а ваха.
2020-чу шарехь керлачу санкцийн тептаре Кадыров Рамзан воцург а язйира цуьнан хIусамнана а, йоккхаха йолу ши йоI а.

Лечкъийра нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах". Амма цIерашца а, масалшца а ца бийцира цо ша хьахийна нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG