Нохчийчуьра Хьалха-Мартанахь дIахьош рейдаш ю герзаш детташ хиллачу летаршкахь дакъалаьцнарш лоьхуш – хьалхо хаамбира, СОБР-н а, ГИБДД-н а белхахошна юкъахь конфликт иккхина бохуш. Оцу юкъанна масех хьасташа яздо, летарш гинарш а цхьаьна лоьхуш бу ницкъахоша бохуш, царех цхьаберш лечкъийна а боху.
ЧГТРК "Грозный" телеканало хаамбарехь, 500 гергга полисхой баьхкинера хьалхо Хьалха-Мартана: машенаш толлура цара, машенлелорхойн кехаташка а хьуьйсуш.
Цигахь хиллера меттигерчу официалан зорбанан гIирсийн белхахой, иштта бакъоларйаран органийн лаккхара хьаькамаш, масала, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командир Чалаев Замид а, МВД-н Госавтоинспекцин урхаллин куьйгалхо Черхигов Идрис а.
Меттигерчу бахархошка вистхиллера нохчийн маттахь Чалаев – цо кхайкхамбира резабоцучаьрга хьалха а довлий "ницкъахочуьнга цхьа дош ала", цо чIагIо йира бехкенаш "дуьненчу бовларх дохкобохур бу" аьлла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, оцу конфликтах хьакхабелларш Украинерчу тIамтIе хьийсор бу ша аьлла.
Niyso телеграм-каналан хаамашца, рейдаш дIахьочу уюкъанна Хьалха-Мартанахь 20-х гергга стаг лачкъийна, ницкъахоша Iаьржа пардон долу машенийн куьзганаш дохадо. The Insider гIирсан информацица, машенлелорхошка кехаташ хиттина ца Iаш, тIехбуьйлучу нахе а цхьаьна хоьттура. Baza ресурсо яздо, оцу гIалахь конфликтна юкъахь хилларш лехна ца Iаш, цуьнга хьоьжуш лаьттинчарна а тIаьхьабевлла бохуш.
Карладоккху, ГIуран-беттан 11-чу буса хилла ю инцидент. SKFO Times телеграм-каналан хаамашца, СОБР-н белхахочо тIара тоьхна хилла ГИБДД-н белхахочунна, вукхо дуьхьал лаьттах герз тоьхнера. Baza телеграм-каналан хаамашца, "мацахлера дегабаашна тIехула" хилла ю конфликт- Росгвардин белхахо хIинцале а лаьцна ву.
- Лахьан-баттахь Соьлжа-ГIаларчу маьждигехь 19 шо долчу Закриев Мовсара уьрсаца вийра ГИБДД-н лахара сержант Джамалов Джабраил. Инспекторера герз а даьккхина, ураме хьаддера иза бохура, цигахь кхин а шина ницкъахочунна тIе герз тоьхнера (уьш ца лазийра). Дуьхьал герз тоьхна вийра тIелеттарг.
- Цул тIаьхьа къаьстира, нохчийн Алды поселкера Закриевн гергарнаш ницкъахоша лечкъийна бигинийла.
- Официалехь боцчу хаамашца, марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIалин юккъехь герзаш диттира федералан лехамашка велла ХIинжа-ГIаларчу "Анжи" футболан клубан вице-президент хилла Идрисов Махи юкъахь а волуш. "Базин" хаамашца, мархьокху-беттан 20-чу буса Идрисовна дуьхьалкхеттера гIалин юккъехь шен махкхойн тоба. Царлахь хиллера кхунна мацах дуьйнна вевзаш хилла Хабибов Надир. Экс-вице-президенто юьстахваьккхинера иза къамелдан, тапча а яьккхина цуьнан когах тоьхнера, тоххара хиллачу конфликтна тIехула ша къинтIераваккха аьлла.