ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха-Мартанан кIоштан бахархошна дихкина нах вовшатоьхна муьлхха а гуламаш хIиттон


Нохчийчоь, гайтаман сурт
Нохчийчоь, гайтаман сурт

Нохчийчуьра Хьалха-Мартанан кIоштан полицин хьаькамо таIзар дийр ду аьлла кхерам тесна меттигерчу бахархошна нах вовшахбетташ муьлхха а гуламаш хIиттабахь. Цунах лаьцна МВД-н полковнико Бацилов Валида дIахьедина кIоштарчу "оперативан хьолах" лаьцна дуьйцучу кхеташонехь – Хьалха-Мартанахь кхин а дIахьош ю ницкъахошна юкъахь буй-тIара а деш, герз детташ иккхина конфликт хиллачул тIаьхьа дуьйнна йолийна рейдаш.

"КIоштан бахархошка дIахьедина дара. Тахана дуьйна тхуна бен-башха дац, хуьлийла иза ницкъахо, йа газан, тоькан, цIе йайаран сервисашкара белхахо – пачхьалкхан белхахочунна новкъарло йечунна оха низамехь шога таIзар дийр ду. Баккхийнаш гулло, кегийчара телефонаш тIе дIайазйо, йаржайо. Нах гулбеллий? Берриш дIабуьгур бу, таIзар дийр ду, чубухкур бу", - дIахьедина Бациловс.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хьалха-Мартана герзашца эскархой хьовсийра гIуран-беттан 11-чохь буса конфликт хиллачул тIаьхьа. ХIетахь, коьртачу версица, Росгвардин резервистан дов даьллера некъан полицин белхахочуьнца, девна юкъа гIоьртинера кхинболу ницкъахой а, ларамза цигахь нисбелла тешаш а.
  • Некъан полицин белхахочун агIо лаьцнера Кадыровс: мехкан урхалхочо кхерамаш туьйсуш видео дIайазйечу хенахь цуьнан букъа тIехьа лаьттара цуьнан йишин кIант Черхигов Идрис, республикера ГИБДД урхаллин хьалханча. Суьйранна масех эзар стаг юкъахь хинволу тIеман дакъош хьовсийра Хьалха-Мартана.
  • Оппозицин Niyso телеграм-каналан хаамашца, рейдаш дIахьочу юкъанна Хьалха-Мартанахь 20-х гергга стаг лачкъийнера, ницкъахоша Iаьржа пардон долу машенийн куьзганаш дохадора. The Insider гIирсан информацица, машенлелорхошка кехаташ хиттина ца Iаш, тIехбуьйлучу нахе а цхьаьна хоьттура. Baza ресурсо яздо, оцу гIалахь конфликтна юкъахь хилларш лехна ца Iаш, цуьнга хьоьжуш лаьттинчарна а тIаьхьабевлла бохуш. Оццул нах лачкъийна хилар тIечIагIдора иштта "Кавказский узел" гIирсо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG