ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха-МартантIехь герзаца болчу ницкъахоша рейдаш йу дIахьош


Нохчийчуьра ницкъахо. Гайтаман сурт
Нохчийчуьра ницкъахо. Гайтаман сурт

Новкъахь Iедало талламаш дарх лаьцна дуьйцу Хьалха-МартантIерачу бахархоша. Шайн йаххьаш хьулйинчу герзаца болчу ницкъахоша лоьху ГИБДД-н белхахочуьнна а, меттигерчу бахархошна йуккъехь хиллачу конфликтан тешаш.

Йуьйцу конфликт Хьалха-МартантIехь хилла гIуран-беттан 11-чу буса. SKFO Times телеграм-каналан хаамашца, СОБР-н белхахочо ГИБДД-н белхахочунна бетах тIара тоьхна, тIаккха важа лаьттах герз детта хIоьттина. Цул тIаьхьа Хьалха-МартантIе 500 сов ницкъахо веара. Niyso телеграм-каналан хаамашца, Хьалха-МартантIехь 20 гергга стаг лачкъийра, Iарждина машенийн куьзганаш ницкъахоша кегдира. The Insider хьостанан хаамашца, машен лелорхойн кехаташка хьежна а ца Iаш, тIехбовлучу нехан кехаташка хьоьжура Iедалхой. Baza телеграм-канало чIагIдарехь, конфликтехь дакъалаьцнарш а, цунна тIехь тидам бинарш а лоьхура гIалахь.

Меттигера нах лечкъор тIечIагIдо "Кавказский узел" зорбано. Цуьнан респонденташа дуьйцу, цхьаберш масех сахьт даьлча маьршабехира, вуьйш лаьцна латтош итт де-буьйса ду бохуш.

ГIуран-беттан 11-хь дов иккхинчул тIаьхьа Хьалх-МартантIерчу кIоштан полицин дакъо шен телеграм-каналехь хIора дийнахь аьлча санна арахоьцу оцу рейдех лаьцна хаамаш, цара "профилактикан" барамаш олу царах. Видеош тIехь гуш ду, герзаца болчу, шайн йаххьаш хьулйинчу ницкъахоша машенаш сецайо, кехаташка хьовсу, тонировка охьайоккху. Роликашна кIелахь йаздо, "бахархойн дахар, могушалла ларйарна, некъан кхерамазаллин тIегIа лакхайаккхарна, низам лардайта бух кхолларна а лерина бу и барамаш".

Хьалха-МартантIерчу кIоштан ОМВД-хь Кавказ.Реалиин корреспондентана жоп дала ца хIоьттира, новкъахь "рогIера" талламаш беш герзаца болу ницкъахой хIунда бу бохучу хаттарна.

ГIуран-беттан 16-хь Хьалх-МартантIерчу полицин декъан куьйгалхочо Бацилов Валида тIе ца чIагIдира, конфликтехь дакъалаьцна болу нах Украинерчу тIаме хьийсийна боху хаамаш. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш туьйсура и дов долийначарна а, цуьнан тешашна а, бохура, уьш фронте хьажо беза.

  • 2022-чу шеран исс баттахь Нохчийчохь 1598 стаг тIепаза вайна лоруш вара. Къилбаседа Кавказехь байначу нехан ах дакъа ду и. Нохчийчохь тIаьххьарчу кхаа шерачохь доьза вайна 4 984 стаг. Йаккхийчу гIаланашца дуьстича, масала, Москвахь а, Москван кIоштахьчул а башха лахара дац и терахь. Байнарш наггахь бен ца карочу регионашлахь "лидер" йу Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь вовш волчу 1 700 стагах 20-30 бен карош вац.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедора, махкахь къайлаха набахтеш йац бохуш. Масала, шен гIалин бухахь лаьцна латточу наханна лерина ларманаш йац бохура цо. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима къайлахчу набахтех лаьцна дийцира, иза ша хилла цу чохь, Кадыровс Iазап латторехь дакъалацарх а дIахьедира цо.
  • 2020-чу шеран гезгмашин-беттан 6-хь Геленджикехь лачкъийра нохчийн оппозицин 1ADAT боламан чатан модератор Тепсуркаев Салман. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь йуйла хаа. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG