Хьажа да-нана доцуш Туркойчохь дисна диъ бер цIадалор ду ГIалгIайчу гергарчу хенахь. Берийн да велла, нана лаьцна талламна кIеллахь ю Истанбулехь.
Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", ГIалгIачуьрчу берийн омбудсменна Чахкиева Заремина тIе а тевжаш.
ГIо дахьара аьлла Iедалшка дехар динарг ю берийн денана.
- Хьалхо хаамаш баьржира терроризм лелорна лаьцна бехке ечу Сухих Алёнин марнанна Садалаева Екатеринина цуьнан кIентан бераш верасалла лео дIа ца даларх лаьцна. Цуьнан кIант, Нохчийчуьра Садулаев Тимур шен хIусамненаца цхьаьна Туркойчохь ву карарчу хенахь. Цигахь и шиъ лечкъийна ду Сухих Алёнина ФСБ-н белхахой тIаьхьабевлла лелаш хиларна.