ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехамчан Саситлинский Абу Iумаран ваша терроризмана ахча латторна бехке лаьрра


Ахмеднабиев Сааду, архивера сурт
Ахмеднабиев Сааду, архивера сурт

Абу Iумар Саситлинский цIарца вевзаш волчу хьехамчан Ахмеднабиев Исраилан ваша Ахмеднабиев Саадун хьокъехь сацам бина Ростов-на-Дону гIалахь – терроризмана ахча латторна бехкевора иза. Шогачу рожан нисваран колонехь яккха 16,5 шо хан тоьхна цунна.

Кхело билгалдаьккхина, 2015-чу шарахь бехкевийриг Туркойчохь ша вехачу юкъанна "терроризмана ахча латторан Iалашонца кхоьллинчу цхьанакхетараллин декъашхо хилла", дуьйцу Къилбан федералан тIеман округан пресс-сервисо.

Цул тIаьхьа 1,5 шарахь Ахмеднабиевс гIоьналлин гIуллакх леладо ша бохуш, низамехь йоцучу дуьненаюкъарчу "Исламан пачхьалкх" терроран цхьанакхетараллина лерина шен вешица ахча гулош хилла, чIагIдо талламо.

Низамхоша бахарехь, дерриг цо гулдинчу ахчан барам бархI сов миллион сом бу.

Ахмеднабиев Сааду теш вара терроризмана ахча латторна бехкевечу журналистан Гаджиев Абдулмуминан гIуллакхехь. Гаджиевца цхьана кхел еш ю Кхарачойн-Чергазийчуьрчу программистана Тамбиев Кемална а, Дагестанерчу гIоьналлин "Ансар" фондан куьйгалхочунна Ризванов Абубакарна а. Прокуратуран версица, Саситлинскийца юкъаметтигаш лелош хилла цара, гIоьналлин ахча гулдан гIо а деш, амма и ахча, схьадийцарехь, Шемарчу тIемалошна лерина хиллера.

Гаджиев Абдулмумин тешна ву, Ахмеднабиевн гIуллакх дерриг харц бух тIехь кхоллина хиларх, цуьнан беккъа цхьа "бехк" – Саситлинский Абу Iумаран гергарло хилар.

Саситлинский федералан лехамашкахь ву. Талламан версица, цо "Ансар" фондана куьйгалла а деш, "Исламан пачхьалкхана" ахча латтош хиллера. Хьехамчас берриг бехкаш тIе ца лоцу. И цхьанакхетар гучуяьллачу хенахь дуьйна Саситлинскис бохура, цуьнан идейш бусулбачу наханна уллора яц, тIемалошна гуш-хезаш критика йора цо, Дагестанан Юкъараллин палатехь вист а хуьлура иза боберийн проблема юьйцуш.

  • Терроризмана гIо дина аьлла бехктакхаман гIуллакх долийра Нальчикан вахархочунна Маршенкулов Батокина дуьхьал. Дуьненаюкъарчу терроран "Аль-Каида" вовшахкхетараллин декъашхочунна ахча дахьийтина хиллера, аьлла бехкевина иза ФСБ-но.
  • Дагестанан Хасавюртан кIоштан вахархочунна Абдурахманов Абдурахманна дуьхьал терроризмана ахча латтош хиллера аьлла бехктакхаман гIуллакх даьккхина. Талламан версица, 2015-чу шарахь Абдурахмановс 1000 доллар "Исламан пачхьалкхана" дехьадаьккхина хиллера.
  • Хьалхо гезгмашин-баттахь Дагестанан вахархо Абасгаджиев Омар бархI шарна чувоьллира. Талламо бахарехь, "терминалах, ахча лелоран системех пайда а оьцуш", Оьрсийчохь магийна йоцчу, террорхойн лаьррачу Шемарчу исламистийн "Хайят Тахрир аш-Шам" тобанна 900 сом дехьадаьккхина, аьлла бехкевина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG