ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархочо берана йиттинчул тIаьхьа Дагестанера школехь таллам болийна. Бехкзуламан гIуллакх диллина


Дагестанера Белиджи эвлара номер 1 йолчу школера линейка. Сурт: дешаран хьукматан официалан телеграм-каналера
Дагестанера Белиджи эвлара номер 1 йолчу школера линейка. Сурт: дешаран хьукматан официалан телеграм-каналера

Дагестанера Дербентан кIоштара Белиджи эвлара номер 1 йолчу школехь талламаш болийна, ворхIолгIачу классера йоIана 64 шо долчу ингалсан меттан хьехархочо йиттина аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа. Хьалхо бехкзуламан гIуллакх долийнера хьехархочунна дуьхьал, хаа а хууш, могушаллина дайн зен дарна аьлла.

Дешаран а, Iилманан а министраллина тIетевжина талламбарх йаздо "Кавказский узел" ресурсо. Хиллачух ма-дарра къастон аьтто хилла журналистийн. КIоштан администрацин цхьахволчу белхахочо шен цIе цайаккхар доьхуш, дийцарехь, дешархо кхечу берашка къамелаш деш хиллера, хьехархочо цIахь бан болх буьйцучу хенахь. Шегара бехкбаьккхича, хьехархо сийсазъйеш дуьхьал йистхиллера иза, тIаккха хьехархочо йоьIан коьртах кинжка тоьхнера, цул тIаьхьа карара указка а тухуш.

ТIаьхьо йоI дарбанан цIийне йигинера, цигахь хье лазийна аьлла хиллера лоьраша, йаздо "Сапа Кавказ" телеграм-канало шайн хьасташна тIетевжина. ДIахьедо, хьехархо школера дIайаьлла хиларх. Мехкан прокуратурийн а, талламан комитетан а сайташ тIехь хIара информаци зорбане йоккхуш оцу хьолах лаьцна йина комментарий йац.

  • Цуьнца цхьаьна Белиджи эвлара школехь хиллачу хьолаца дуьйцуш ду Карабудахкент эвлахь бераш лата Iамочу тренеран хьокъехь таллам болийна хиларх. Ша Iамош волчу кIантана йиттина бохура цо, Оренбургехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь иза эшна дела.
  • Оханан-беттахь Дагестанера адамийн бакъонаш Iалашъйечу Алиев Джамала бакъ ца дира, Дагестанера дешархочунна Петербургера школехь йиттина бохург. И хиллера Таджикистанера йоI.
  • Дагестанера 710 школа йу коьрта ремонт йан йезаш –республикехь йолчу школийн ах дакъа ду и. Оцу кепара зераш далийна Дагестанан Iедалхойн сайтехь карлайаьккхинчу дешар кхиоран программи тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG