ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьоладайн берех лаьтташ ду Кадыров Адаман Iалашойоцу ницкъаллин дакъа

Нохчийчоьнан куьйгалхоун 18 шо долчу кIентан Кадыров Адаман Iалашойоцу "Команда К-13". Церан инстаграмера схьаэцна сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхоун 18 шо долчу кIентан Кадыров Адаман Iалашойоцу "Команда К-13". Церан инстаграмера схьаэцна сурт

"Команда К-13" цIе йолуш Iалашойоцу ницкъаллин дакъа ду Нохчийчохь мехкан урхалхочун 18 шо долчу кIанта Кадыров Адама кхоьллина. Цу йукъахь бу меттигерчу таро йолчу нахах болу Адаман доттагIий. Хьалхо хаамбира "Дустум-13 коьрта база" кхолларх лаьцна. Хууш дац, дуьйцург цхьа дакъа ду я дац.

"Команда К-13" декъа йукъахь болчех лаьцна гучуделира оццу цIарца йолчу инстаграмерчу цхьана аккаунтехь йинчу публикацира. ЧIагIдо, и дакъа Кадыров Адама ша вовшахтоьхна ду бохуш. "Шайн дешан, сийн, дисциплинан дай бу уьш, мичча хенахь а шайна тIедиллинарг кхочушдийр долуш", - аьлла ду постехь йаздина. И дакъа хьенан контролех ду а, хууш дац.

Адамца цхьана даьккхинчу суьрта тIехь ву ишта:

• Даудов Рамзан – Нохчийчоьнан премьер-министран Даудов Мохьмадан кIант

• Мацуев Рамзан – Нохчийчоьнан йуьртабахаман министран, Кадыров Рамзанан йоI Iайшат йахначу Мацуев Висханан жимахволу ваша

• Кадыров Абубакар – Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIант, Адаман шича

• Висмурадов Ахьмад – Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан кIант

• Айдамиров Докка а, Усманов Минкаил а – Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамненан йишин а, вешин а ши кIант

• Чалаев Якъуб – полицин лерринчу полкан командиран Чалаев Замидан кIант

Зорбане даьккхинчу оцу суьрта тIехь бу цхьана а тайпа билгалонаш йоцу тIеман барзакъ доьхна нах, брендан кепкаш техкина, Dustum аьлла шевронаш йолуш. Иза Адама лелош цIе йу. Хууш дац, Кадыров Адам ларвеш бу уьш, йа цуьнан дена ха деш бу, муьлхачу кхерамзалин сервисна йукъа боьлхуш бу а.

Хьалхо хаамбира "Дустум-13 коьрта база" кхолларх лаьцна. "К-13" цуьнца йоьзна йу я йац а, билгалдаьккхина дац. 2025-чу шеран гурахь дийца даьккхира нохчийн Iедалхойн куьйгакIел йолчу пабликашкахь оцу базех лаьцна. Цо куп тоьхна КадыровгIеран дай баьхначу ЦIоьнтарахь (Ахмат-Юрт) "Ахмат" тIеман декъехь. Цуьнан куьйгалла деш ву Эдилов Тимур. Цо кест-кеста дуьйцу шен эскархоша дакъалоцуш дIахьочу барамех лаьцна, ишта дронаш толлуш Iамораш дIадахьарх а.

Ницкъахоша ишта рейдаш дIахьо Куьрчала кIоштахь а, оцу заманчохь машенлелорхошка шайгга схьайоккхуьйту машенан куьзганашна тIелетийна Iаьржа пардо.

  • Кадыров Адаман Нохчийчохь масех дарж ду, цо терго латтайо Гуьмсера спецназан университетана тIехь, иза шен ден гIоьнча а, кхерамзаллин декъан хьаькам а, ишта махкара кхерамзаллин Кхеташонан секретарь а ву.
  • Марсхьокху-бутт бовш ша пачхьалкх йу аьлла, дIакхайкхийначу Абхазин тIеман министралло мидал йелира Кадыров Адамна "БIаьхаллин йукъарло" лелорна аьлла. Цул а ши кIира хьалха Куьрчала кIоштан сийлахь вахархо ву аьлла, цIе а тиллира цунна.
  • Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь Кадыров Адамна шолгIа а "Нохчийчоьнан турпалхочун" седа белира. Кхиазхочунна совгIаташ дан долийра цуьрнан 15 шо кхаьчхьана. ХIетахь цо йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латточу Журавель Никитина. Цу хенахь дуьйна цунна йелла 20 орден а, мидал а, сийлахь цIе а. Иштта Iедалера а, эскарера а масех дарж а цуьнгахь ду
​
XS
SM
MD
LG