ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ходорковскийн харжамех лаьцначу сайтана блок хIоттийна Роскомнадзора


Ходорковский Михаил

Роскомнадзора блок хIоттийна бизнесхочун Ходорковский Михаилан duma.vote (дума.кхажтасар) сайтана. Цигахь гулйина бара Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалоцучу кандидатех лаьцна хаамаш, яздо Свобода Радионо, Daily Storm зорбан гIирсана тIе а тевжаш. И зорбан гIирс бара, Iедалша тIекхачар халчу даьккхинчу "Хьекъале кхажтасар" (Умное голосование) сайтан аналог.

Бихкинчу зорбан гIирсийн реестрна юкъаяхна Ходорковскийн сайт, Гезгмашин-беттан 10-хь Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуро арахецначу сацаман бух тIехь.

Хьукматана хета оцу сайта тIехь дуккха а адамаш вовшахкхеттачу къепедацаршкахь дакъалаца аьлла а, экстремизман чулацам болу а кхайкхамаш бу аьлла. Хьалхо Роскомнадзора бинчу сацамца дIакъевлира Ходорковскийн кхийолу проекташ, шайна юкъахь масийтта медиа-проект а йолуш.

  • ХIара, Гезгмашин-бутт болалуш Роскомнадзор блокаш хIитто йолаелира "Навальный" приложенина а, "Умное голосование" сайтана а, ткъа иштта цо тIетодижийра сайт дIаяккхар шайн интернет-туьканашкара а, лехаман системера Apple, Google, Cloudflare, Cisco компанешна.
  • Мангалан-баттахь зил туьйхира Оьрсийчохь лелорна шина VPN-сервисна — Opera VPN -на а, VyprVPN-на.
  • Гезгмашин-баттахь блокаш хIиттор хьакхаделира кхин а ялх — NordVPN а, ExpressVPN а, IPVanish а, Hola а, VPN Unlimited а, Speedify а серверах. Иза хуьлуш а долуш, Оьрсийчохь дазлуш ду VPN-сервисех пайдаэцар.
  • Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан Центробанка хаам бира, Роскомнадзора блок хIотто мегаш ю аьлла, кхин а еъа VPN-сервисна, шайна юкъахь Psiphon а, Tunnelbear а, Thunder а, Redshield а йолуш.
  • Оьрсийчоьнан интернетан сегментана изоляци ярца доьзначу низамца а догIуш рунет дIахадо мегаш ю глобалан интернетах, цхьа цIе ца яьккхина кхерамаш гучубовлахь.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG