ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватерчу кхело кхаа баттана чувоьллина Нохчийчуьра мухIажар


Хорватин дозанехь лаьтта белхахо. Архивера сурт
Хорватин дозанехь лаьтта белхахо. Архивера сурт

Лахьан-беттан 21-хь Хорватерчу кхело лаьцна латторан хан дIайахйаран гIуллакх теллина Оьрсийчуьра схьавеъначу нохчочун хьокъехь, кхин а кхо бутт баккха беза цо цу чохь – чиллан-бутт чекхбаллалц. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига анониман кепехь дийцина цуьнца депортацин набахтехь латтош хиллачо. Украинехь тIомбан дуьхьал хиларна Оьрсийчуьра бевдда нохчий бу буьйцурш.

"Цо кхузахь баьккхина бутт боцург, кхин а кхоъ тIетоьхна – йерриг цо кхузахь йоккхур йолу хан беа бате йирзина. Кхин дIа хIун хир ду хууш дац, чохь латторан хан кхин дIайахйан мега. Цхьа а кехаташ ца делла цара", - дийцина Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Чувоьллинчу Нохчийчуьрчу вахархочун цIе йуьйцуш йац цуьнан кхерамазалла ларйархьама, хIунда аьлча и Оьрсийчу дIавала мега.

Хьостано тIетоьхна, Хорватерчу депортацин набахтехь латтош берш кийча бу шаьш дуьненайукъара кхерамазалла йоьхуш чуделла аьрзнаш йухаэца, хIунда аьлча, церан кхин гIора дац ницкъахоша туьйсу кхерамаш а, Iаткъам а лан. Амма мигранташ и йуха а йеха дагахь бу кхечу пачхьалкхехь.

Шайн пачхьалкхехула дIабоьлхуш хилла болу масех иттанаш Нохчийчуьра мигранташ лийцира Хорватин Iедало, "къоман кхерамазаллина кхерам латторна", радикалан исламистийн вовшахкхетараллашца зIе хиларна а шеконашка лийцира уьш. Амма шаьш мигранташа дIахьедо, тховкIело йехаран кехаташ каракхаьчначул тIаьхьа Евробертан кхечу пачхьалкхашкахь бисса дагахь бара шаьш, Хорвате транзитаца кхаьчнера боху шаьш Туркойчухула а, Боснехула. Террорхошца шайн зIенаш хилар харцдо лецначара, царах дукхахберш цкъа а Шемахь, Мисарахь цахиларал сов, Оьрсийчуьра дуьххьара арабевлла уьш.

  • Лахьан-беттан 7-чохь дийцадаьккхира Хорватихь Нохчийчуьра бахархой лецарх. "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь дийцира, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, аьшнашбинера бохуш. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтин белхахоша хIуьттаренаш лелорна а, шайна лоьрийн гIо ца кхачорна а. Лецначарлахь бу иштта ЦIечу жIаран волонтераш а, царех цхьа а вац Оьрсийчоьно лехамашка велла а, Хорватин низамаш дохийна а.
  • Кавказ.Реалиино хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас терго йира бакъонашларъярхойн хаамашца, Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан. Оцу хаттарна тIехула гIуллакх диллина омбудсменан офисо.
  • Австрин депортацин набахтехь латтош ву, военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда волу Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна т1ехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац. ​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG