ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватихь лаьцначу нохчочун зудчо дIахьедина шен цIийндена лор а, адвокат а тIе ца вуьту аьлла


Евробертан а, Хорватин а байракхаш, гайтаман сурт
Евробертан а, Хорватин а байракхаш, гайтаман сурт

Бутт хьалха Хорватихь Нохчийчуьра лецначех цхьахволчу вахархочун хIусамнанас Кавказ.Реалиига дIахьедина, Загреберчу депортацин набахтехь латточу шен цIийндена лор а, адвокат а тIевуьтуш вац аьлла.

Хьалхо доьзал бехаш хиллера, Нохчийчуьра вахархочо дин а Iамош, Гергарчу Малхбален цхьахйолчу пачхьалкхехь. Террорхойн йа экстемистийн гIуллакх лелийна ву аьлла цхьана а кепара бехкаш дехкина дац цунна йа Оьрсийчохь а, йа иза вехаш хиллачу керлачу пачхьалкхехь а, чIагIдо Хорватихь лаьцна волчун хIусамнанас, шен цIа ца яккхар доьхуш.

Къамелдинчо дийцарехь, гIадужу-беттан 14-чохь баьхкинера уьш доьзалца Хорвати, циггахь дозанехь бер дан хан а тIекхаьчнера цуьнан. КIант вина кIира даьлча, гIадужу-беттан 21-чохь, къамелдчечун хIусамда дIавигира депортацин набахте. Лахьан-беттан 25-чохь кхел хилира, иза кхин дIа а лаьцна вуьтуш, сацамбеш.

"Набахтен белхахоша цхьаьнцца а къамел ца до, цхьаъ хатта дагахь царна тIеваха а йиш яц цуьнан. Цхьа адамалла йоцуш бу уьш. Кхо кIира ду коьрта чохь лазар ду шена бохуш, цо далхон, шен могушалла зиэн дарбанан цIийне охьавилла а баьхнера цо, амма молха а делла, витинера иза", -дIахьедина лаьцначун зудчо.

Цо чIагIдо, шен хIусамдена пачхьалкхан адвокат веллера, амма цо "кхелехь цуьнгахьа дош аьлла ца хиллера".

"Кхелехь цуьнах кхаьрдаш хьийзинера, хьан цхьана а дашах тешаш дац шаьш бохуш. Тхешан адвокат лаца гIоьртинера тхо, амма тхуна ца магийра", - дIахьедо къамелдечо.

Лаьцначун хIусамнана шен хIинцца дуьненчу даьллачу бераца депортацин лагерехь ю, берана бен гIо ца латтадо – юург а, памперсаш а. ХIусамда маьршаваккха йа Хорватин Iедалшкара а, йа юкъараллин организацешкара а, зудчо чIагIдарца, цунна гIо хуьлуш дац.

"Иза лаьцна латтон Iедалхой дагахь белахь, пачхьалкхера дIадаха кийча ду тхо, Хорватихь тхаьш Iалаш ца дойтуш, амма иза дIа ца хоьцу", -тIетуьйхира Нохчийчуьра лаьцначун хIусамнанас.

Каарчу хенахь Хорватин МВД-хь а, йа прокуратурехь а жоп делла дац, динца йоьзначу экстремизмана бехкебина, лецначу Нохчийчуьрчу бахархойн хьокъехь Кавказ.Реалиин редакцино дахьийтинчу кехатна

  • Лахьан-беттан юьххьехь дийцадаьккхира Хорватихь Нохчийчуьра бахархой лецарх. "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь дийцира, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, аьшнашбинера бохуш.
  • Хорватерчу кхело лаьцна латторан хан дIайахйеш гIуллакх теллина Оьрсийчуьра схьавеъначу нохчочун хьокъехь, кхин а кхо бутт баккха беза цо цу чохь – чиллан-бутт чекхбаллалц. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига анониман кепехь дийцина цуьнца депортацин набахтехь латтош хиллачо. Украинехь тIомбан дуьхьал хиларна Оьрсийчуьра бевдда нохчий бу буьйцурш.
  • Австрин депортацин набахтехь латтош ву, военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда волу Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна тIехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац. ​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG