ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватин аэропорте веанчу нохчочо латкъамаш бина шена полисхоша йиттина аьлла


Сербин дозанехь лаьтта Хорватин полисхой
Сербин дозанехь лаьтта Хорватин полисхой

Пачхьалкхан цхьахйочу аэропорте кхаьчна Нохчийчуьра вахархо йетта а йиттина, къевлинчу лагере хьажийна Хорватин полицин белхахочо. Цунах лаьцна дIахьедина "Европерчу нохчийн ассамблейно" мухIажарна тIетевжина. Цунна йиттича тIехь йисина лараш гойтуш суьрташ зорбане даьхна организацино – цуьнан кхерамзалла Iалашйеш мухIажаран цIе ца йоккху.

Аэропортера дIавигина, масех дийнахь ша цхьаъ чохь латтийнера иза камерехь – дIавуьгучу хенахь полисхоша ницкъбинера цунна бахьана а доцуш, хаамбира Кавказ.Реалиига ассамблейн векало Дадуев Iийсас. Иза лацаран бахьана дара цуьнан документашца хилла проблемаш. Бедарш а, телефон а мигранте дIайелча, тIаккха аьтто хиллера цуьнан шен чевнийн суьрташ даха а, Европехь бехачу гергарчаьрга и тоьшаллаш дIакхачон а.

"Цара иза дIахецнера, хIуммаъ дийр дац йа цхьаьнгга а дуьйцур лац аьлла дош деллачул тIаьхьа. Оцу тIехула таллам болийна, цуьнга хIинцале а хеттарш дина, амма оцу пачхьалкхехь виса ца хIоьттира иза. И тайпа хIуманаш къаьсттина Хорватихь даим а лелош ду", - билгалдокху Дадуевс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Боснира а, Герцеговинера а веанера Ночийчуьра вахархо Хорвати. Европерчу цхьахйолчу пачхаькхехь шен гергарчу нахехь ву иза цкъачунна. Ассоциацин векалша кехат дахьийтина Хорватин прокуратуре, оцу хьолан йист йаккхар тIедожош, официалехь цара йина комментарий йац цкъачунна.

Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира, Хорвтихь иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархой лецна бохуш. Дадуевс бахарехь, цхьаболчу мухIажарна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, сийзазбеш. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а. Къаьстина, Хорватин дозанехь бисинчарлахь Украинерчу тIаме хьийсош, Оьрсийчохь кхайкхийначу мобилизацих бевддарш а цхьаьна хиларх.

  • Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино гIуран-беттан 26-чохь хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.
  • ГIуран-бутт бовш Маршо Радионо яздира, Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехь 60 гергга нохчийн мухIажарш лаьтташ хиларх кегийчу берашца. ТIаьхьо Свобода Радион Балканан сервисо хааме даьккхира, КПП-н пунктехь лаьтташ 30 стаг хиларх, мухIажарша шаьш чIагIдарехь, кхин а бIе гергга махкахо хиллера Велика -Кладуше гIаларчу дозанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG