Хорватехь лаьцначуьра араваьлла биъ бутт баьллачул тIаьхьа 20 шо долу гӀалгӀайн махкахочунна Гатагажев Мохьмад-Эмина йуха а кхерам бу Оьрсийчу дIавала, хIинца Боснин, Герцеговинан агIор. Даймахкахь иза бехкево терроризмана. Цу пачхьалкхехь вехаш вара Гатагажев шен доьзалца мангал-баттера схьа дуьйна, тховкIело йоьхуш чуделлачу дехарна жоп даларе а хьоьжуш. Маршо Радион Балканийн сервисо йаздина гӀалгӀайн вахархочун кхолламах лаьцна.
ГIадужу-беттан 15-чохь Боснин, Герцеговинан кхело сацам бира Гатагажев Мохьмад-Эмин цхьана ханна лаьцна вуьтуш, Москвано 2022-чу шеран гIудужу-баттахь йеллачу дуьненайукъарчу ордерна тIетевжина. Оьрсийчоьнан официалан Iедалхоша чIагIдогIа, террорхойн организацих дIа а кхетта, низамехь йоцчу герзашца болчу нахах вовшахтоьхначу Шемарчу тобана йукъахь цо дакъалаьцна бохуш.
Дохку бехкаш бакъ ца до ГатагажевгIеран доьзало, цуьнан экстремистийн тобанашца уьйраш йац, иза Оьрсийчу дIалахь, цуьнан дахарна кхерам бу бохуш, чIагIонаш йо цара. Лаьцна латточун гергарчу зудчо шен цIе къайлайаьхьна, дийцира Маршо Радион Балканийн сервисе, шен ненаца 2014-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара Гатагажев, цу хенахь цуьнан 8 шо дара. Ткъа тIаьхьо цо Туркойчохь дешна бохура. Къамелдечо бакъ дац боху, иза Шемахь хилла ву бохург а, цуьнан доьзалан цунна тоьшаллаш дало а таро йу бохура цо.
"Оьрсийчоьнан Iедалхойн ладам боллу тоьшаллаш дац. Тхо кхоьру, нагахь санна, иза Оьрсийчу дIахьажавахь, иза хьийзаварна", - бохура гергарчу зудчо.
Гатагажев Мохьмад-Эмин лаьцнера Хорватехь 2025-чу шеран гурахь, Интерполон хаамна тӀе а тевжаш. Йуьхьанца цунна экстрадици йо аьлла, къобалдира, амма тӀаьхьо Дубровникерчу кхело и сацам йуха а баьккхина, экстрадици сацийра. БархI бутт гергга чохь хан а йаьккхина, гӀалгӀайн махкахо 2026-чу шеран мангал-беттан 9-чу дийнахь дӀахецнера. Цул тIаьхьа тховкӀело йеха Босне а, Герцеговине а вахара иза.
Сараевохь куп тоьхначу, лаьцначун интересаш хьалхайаьхначу Iедалца йоьзна йоцчу Vaša prava ("Ваши права" – Билгалдаккхар.) организацино хаамбира, цунна тховкIело оьшуш хиларх кехат гIадужу-беттан 9-чохь официалехь регистраци йина хила дезаш дара. Амма де хьалха Гатагажев лаьцна, Малхбален Сараевера иммиграцин центре дехьаваьккхира.
Цул тIаьхьа экстрдацин процедура йолийра цара. ГIадужу-беттан 15-чохь кхелахоша сацамбира, тховкIело йоьхург ханна лоцуш, иза дIавигира Войковичера пачхьалкхан набахте. Кхело тIечIагIдина, цуьнан гIуллакх, Гатагажевн 16 шо долчу хенахь, Оьрсийчоьнан 2022-чу шарера ордер бахьана долуш меттахдаьккхина ду аьлла.
Кхело билгалдаьккхина, кхеташонехь экстрадицин бехкамаш кхочушбарх лаьцна дийцина дац, тидам тIеуьйзира, муьлхха а тховкӀело йеха дехар кхел йоьдучу хенахь тидаме оьцур ду аьлла. Адвокато Капо Рияда дӀахьедина, и гӀуллакх Хорватехь лелийначу оццу ордеран буха тӀехь ду аьлла. Боснин а, Герцеговинан а низамашца а догӀуш, кхело сацам бале хьалха юстицин министралле кхача дезаш ду Оьрсийчуьра официалан экстрадицин дехар а, и тӀечӀагӀъйеш долу кехаташ а.
Маршо Радиора Балканхойн сервисе юридикан министралло хаамбина, шайга ишта дехар кхаьчна дац аьлла, Гатагажев шайн тептаршкахь вац. И бохург ду, Оьрсийчоьно официалехь иза дIавоьхуш кехат даийтина цахилар.
Тхан редакцига нохчийн бакъонашларйархочо Дунаева Розас, юристашна тIетевжина, дийцарехь, 2026-чу шеран гIадужу-беттан 20-чохь Оьрсийчоьнан агIоно кехат дахьийтина ГIалгIайчуьра вахархо 40 дийне гергга чохь витар доьхуш, хIунда аьлча, оьшуш долу кехаташ кхин дIа а кечдеш ду аьлла.
Оьрсийчоьно Хорвати дахкийтинчу кехаташ тIехь чIагIдора, Гатагажев Мохьмад-Эмин шен 13-14 шо долчу заманчохь герзахойн тобанах дIакхеттера аьлла. "Мемориалера" бакъонашларйархоша билгалдаьккира, Москвано цхьана а кепара тоьшаллаш ца дина, ишта адвокаташ оцу гIуллакхан материалашна тIе а ца кхачийтина аьлла.
Кхиндолу гIуллакхаш
Гатагажев Мохьмад-Эмин– дуьххьара вац, терроризмана бехкевина, Боснино, Герцеговино дIавала хьийзочех. 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дийца долийра, Iедалхой дIавала дуьхьал хилла жимчу стагана Москва тIаьхьайаларх, амма тIаьхьо цунна депортаци йар дийца даьккхира, шайна пачхьалкхана кхерам бу аьлла.
Кхин цхьа гIуллакх хьакхаделира Нохчийчуьра йахархочух Хадисова Селимех. Боснин, Герцеговинан кхело сацамбира, цунна экстрдици йан билламаш кхочуш ца бина аьлла. 2024-чу шеран дечкен-баттахь цунна а, цуьнан кхаа берана а тховкIело йелира.
Терроризм лелорна бехке а йеш, Оьрсийчоьно а лоьхуш йолчу Юсифова Аринин хьокъехь экстрадицин процесс нисъеллера цо тховкӀело йоьхучу хенаца. Тузлехь лаьцна латтош йу иза, кхело цуьнан гӀуллакх луьстучу йукъанна.
Бакъонашларъйаран организацеша дукха хенахь дуьйна варе деш ду, дозанал арахьарчу нахана тӀаьхьабовла Iалашонца Интерполон хаамех пайда оьцуш хиларх. 2024-чу шарахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана йукъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма хьийсабе аьлла. Уьш тIетуьйжура царна тIехь къизаллаш лелон, йа бертаза Украинерчу тӀаме хьийсон кхерам хиларна.
Юридикан гIо латточу Vaša prava организацино тIечIагIдина Маршо Радион Балканийн сервисашка, тховкIело йоьхуш ву аьлла, Боснин, Герцеговинан кхерамзаллин министралло Гатагажевна официалехь регистраци йина хиларх гIадужу-беттан 23-чохь.
Низамца а догӀуш, стагана кхечу пачхьалкхе экстрдици йан мегар ду, нагахь санна Боснихь а, Герцеговинехь а тховкӀело цо йехна йацахь а, иза дIавоьхуш кехат деанчу хенахь цо тховкIело йехар листа долийна дацахь а. Кхело толлу, и стаг кхечу пачхьалкхе дIавала боллу бехкамаш кхочушбина буй. Амма тIаьххьара сацам тIеэца йиш йу Боснин, Герцеговинан юстицин министраллин. И стаг лацахьара аьлла кхечу пачхьалкхан Iедалхошкара дехар кхаьчнехь, юстицин министралло оцу пачхьалкхера схьайеха йеза официалехь экстрадици йан йезаш хиларх материалаш а, уьш тIечIагIйен тоьшаллаш а.
- Москвано гIо а деш, "къаьсттина къиза" кампани дIахьош йу Нохчийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа йолчу диаспорина дуьхьал. Оцу дешнашца дIахьедира адамийн бакъонашкахула ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас. Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура бехкейира иза "террорхошна тIехIоттарна" а, Iедалхошна дуьхьал питанаш лелорна а.
- Ша шена тоьхна вала гIоьртира Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур Казахстанерчу талламан изоляторехь. Цигахь шен Оьрсийчу депортаци йаре хьоьжуш Iара иза, тховкIело йала дуьхьало йинчул тIаьхьа. Мовлаевс ша тIаьхьа дитинчу кехата тIехь йаздинера, нохчийн ницкъаллин структурийн белхахошка шена тIехь къизаллаш лелайайта ца лаьа шена аьлла.
- Мусханов фамили йолу Нохчийчуьра вахархо бакъо йоцуш лаьцна, набахте хьажийра Черногорихь дозанехула дехьа волучу заманчохь. Оцу хеначохь цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх схьадиллира Оьрсийчохь, хIинца лаьцна латтош верг даймахка дIахьажон тарлуш ву, бух боцуш биллинчу бехкаца аьлла, чIагIдо бакъонашларйархочо Дунаева Розас. Черногорин Iедалхоша цкъачунна цунах лаьцна йина комментари йац.