ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна гIуда тоьхна Бесланехь нехан кхерамзалла кхоччуш лар ца ярна


Оьрсийчоь -- Салтиша закъалтхочунна гIо деш бу закъалт лаьцначарна, Къилбаседа ХIирийчохь, гезгамашан-беттан 3-чу дийнахь, 2004-чу дийнахь.

Оханан-беттан 13-дийнахь адамийн бакъонашкахула Европан кхело (ECHR) Оьрсийчоьнна тIедожийна 3 миллион евро Бесланера школана тIелатар дечу хенахь байинчу гергарчу нахана далар.

2004-чу шарахь гезгамашан-беттан 1-чу дийнах террорхоша дIалаьцна хилла Бесланерчу школана штурм ечу хенахь кхелхира 334 стаг. Кхелхинчарах 186 бер дара. Коьртачу декъана оьрсийн эскархойн бахьанехь кхелхина школехь закъалт лаьцна хилла нах. Церан дахарна кхоччуш барамехь кхерамзаллица кхачо ца ярна, цу кхело 2,955,000 евро гIуда такхор тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедална. И ахча дала деза 409 стагна. Уьш бу байинчеран гергарниш. Цул сов, Оьрсийчоьно кхел дIахьочу хенахь хилла харж - 88,000 евро – такха езар ду.

XS
SM
MD
LG