Оьрсийчоьнан кхечу регионийн бахархошца дуьстича, уггаре кIезиг бу ипотекаш оьцу нах ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь, боху РИА "Новости" агенталло.
Ипотека массанхьачул а дукха оьцу, талламо бахарехь, Ямалехь а, гонахарчу Юграхь а, Тюменан махкахь а. Цигахь 1000 стагах и тайпа кредит эцнарг ву 30 гергга вахархо.
Регионийн рейтингехь тIаьххьарчех ю цIерш яьхна Къилбаседа Кавказан республикаш.
Гарехь, ипотека цхьайолчу регионашкахь эца цалаар (я кхерар) дозу цигахь нехан долара бизнес ледарчу хьелашкахь хиларца а, банкаш цигарчу бахархошка кредиташ дала цахIиттарца а.
Дуьстича, тIех йоккха ю ипотека эцарца лидер йолчу Ямалний, аутсайдер йолчу, масала, Нохчийчоьнний юкъара башхалла - 40-зза гергга.