Нохчийн Iедалхошна оппозицехь йолчу 1АДАТ-ан ресурсаш экстремистийн а лерина, уьш дIакъовла лууш йолу республикан Роскомнадзор а, юстицин министралла а, омбудсмен а юкъаозийна Нохчийчоьнан прокуроран гIовса чуеллачу искан буха тIехь Соьлжа-гIаларчу Заводской кIоштан кхело бина сацам бовзийтина. ГIуран-баттахь бина хилла бу сацам, амма машанехь Iорабаьккхина хIинца, яздо Кавказ.Реалиино.
Федералан кхелахочун Мормыло Ольгин сацамца а догIуш, IАДАТ телеграм-каналера "Хаттар: Со Нохчийчохь вехаш ву...", "Хаттар: Со кхеташ вац, шун хIун дан гIерта...", "Дукха хан йоццуш оха зорбане яьккхинера...", "Кадыров тIехь волу видео...", "Дукха хан йоццуш оха пост кечйира...", "ТIаьхьа дисинехь а, амма тIаьхьа а алар гIоле ду...", "Кадыровн Нохчийчуьурчу вахархочуьнгара...", "Исбаьхьа ду, цхьа исбаьхьа ду-кх...", "ХIара видео оха кечйина...", "Цахуучарна лерина...", "Навальныйн ФБК-х хезний шуна..." аьлла, дIаюьйлалуш йолу материалаш экстремистийн лерина.
Кхелехь Нохчийчоьнан прокуратурин векало хаийтина, республикерчу ФСБ-ца юкъахь телеграм-каналана мониторинг ечу заманчохь, цуьнан агIонашкахь хааделла Ичкерин лидерийн а, жигархойн а суьрташ: Дудаев Джохаран а, Яндарбиев Зеламхин а, Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а, Гелаев Хьамзатан а, Садулаев Iабдул-Хьалиман а, Хаттаб Амиран а, Умаров Доккин а, Бараев Iаьрбин а, Гакаев Муслиман а, Гакаев Хьусайнан а, Сулуев Рамзанан а, Мускиев Iийсан а, Авдорханов Ахьмадан а.
Прокуроран иск зийнера жоьпе воьхург цхьаьна а воцуш, цуьнан метта нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди вара кхайкхина, амма иза а кхеле ца веара.
Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело къобалйина иск, 1АДАТ телеграм-каналан цхьа могIа публикацеш экстремистийн лерина, дIа а къовлуш. Кхелан сацам маса кхочушбан безаш бу.
"Тхо а доцуш дIакхоьхьуш ю кхелаш, хIунда аьлча, оха дакъалацар царна оьшуш дац, и фарс гайтархьама. Оьрсийчоьнан кхелийн сацамаш къийса тхан Iалашо яц, хIунда аьлча, хьесапе дац. Оьрсийчоьнан рожо дерриг а могуьйтуш ду Кадыровн режимна. Нах лечкъош, бойуш, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дохуш, тхан къомана тIехь геноцид лелочарна хуийла дац нийсонах а, низамах а. Оцу фарсехь дакъалаца ца лаьа тхуна. Ткъа хIара фарс керланиг хуьлийла дац, ФБК а экстремистийн организаци лерина хилча", - аьлла Кавказ.Реалиин корреспонденте 1АДАТ боламан векалша.
Нохчийчоьнна оппозицехь йолчу 1АДАТ боламо дIахьедира, шайн сайтана хакерийн тIелатар дина аьлла.
Лахьан-баттахь Роскомнадзоро Оьрсийчоьнан территори тIехь дIакъевлира оппозицин 1АДАТ боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа, Заводской кIоштан кхелан сацаман буха тIехь. Блок тохаран бахьанех лерира Нохчийчоьнан прокуроран гIовса "зуламе Кадыровн режим" аьлла, зорбане хIоттийна материал.
2020-чу шеран Охан-баттахь кхоьллинчу IАДАТ телеграм-канало ша "Кадыровн диктатурина дуьхьал йолийна халкъан болам" лору.
Карарчу хенахь IАДАТ канале язвелла ву 16 эзар стаг, дийнахь 250 эзар стага йоьшу цара зорбане йоккху материал, дуккхаъчара пайда а оьцу царех, - аьлла ду йиллинчу статистикехь яздина.