ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазап хьегначу Нохчийчуьрчу бахархошна компенсацеш яла сацамбина Страсбурган кхело


Ницкъхоша бакъо йоцуш лецна, къизаллаш, шогалла лелийна, иштта и дериг а эвсара теллина цахиларна а латкъамбинчу Нохчийчуьрчу масех вахархочун хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бина. "Фредриксен а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллаккхан гурашкахь масех дIахьедар теллина.

"Масала, Норвегин вахархочо Фредриксен Адама (норгийн вахархочун кехаташ делира Оьрсийчуьра вахархочунна Очерхаджиев Асланна 2016-чу шарахь) дIахьедира 2005-чу шарахь ток йоьттуьйтуш, гIожмаш етташ, противогазца а, аммиакца а садукъош, цигаьркаш тIе Iуьттуш, гIело латторах Къилбан федералан гонашкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъехь.

"Джантемиров а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" (дIахьединарш бу Джантемиров Докка а, Мациев Султан а, Салаватов Шамсуддин а, Хабибулаев Висхан а) гIуллакхехь а дуьйцура 2003-чу шарахь тIехь ницкъбарх, гIаттамхошца лелла бохучу шеконашца.

"Ражаев Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехь 44 шо долчу Ражаев Мовсара дIахьедира, Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь 2007-чу шарахь милцоша терроран зуламаш лелийна аьлла, шегара мукIарло даккхархьама ша хьийзорах. Циггахь 2005-чу шарахь ницкъбира Дагестанерчу вахархочунна Гаирбеков ГIезамохьмадна.

Кхин а цхьа сацам бина Европан кхело Ганаев Амуран гIуллакхна тIехула. 2006-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь лецира иза, цо бахарехь. Къизаллица йиттинера цунна итт дийнахь, иштта ток а йеттийтинера. Церан Iазап ца лайначу Ганаевс милцошна оьшучу кехаташна куьйгаш яздинера. Оцу юкъанна Соьла-ГIалин вахархочунна набахтехь даккха 11 шо туьйхира. Кхачамбацарш карорна таIзар юхадаьккхира, амма Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юха а кхел йира Ганаевна – набахтехь даккха ялх шо а тухуш.

"Ганаевс тхоьга орца дехначу хенахь, бехкзуламан гIуллакх дара цунна дуьхьал даькхкина, - дийцина Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" филиалан куьйгалхочо, цуьнан интересаш Iалашйинчу Аламов Мохьмада. – Масийттазза прокуратуре дIахьедира оха, милцоша цунна тIехь ницкъбарх. ВорхIозза дуьхьало йира прокуратуро бехктакхаман гIуллакх доло, цундела 2010-чу шарахь ЕСПЧ кхеле девлира тхо".

Ганаевна 52 эзар евро компенсаци кхачийна. Бисинчарна дала дезар ду Оьрсийчоьнан юстицин министраллан 52 эзарна тIера 100 эзар евре кхаччалц ахча.

Лелийначу къизаллашна а, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтехь латторна а дуьхьал 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Iедалхошкара 3,5 миллион евро аьрзнаш чукхачийначарна дIакхачон сацамбира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ГIадужу-баттахь. Оьрсийчоьнан 46 регионера кхаьчнера оцу кепара латкъамаш Европан кхелан инстанци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG