ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхочун цIа баьхкина полисхой


Аламов Мохьмад а, Гусев Константин а
Аламов Мохьмад а, Гусев Константин а

Бакъоларъяран органийн белхахой баьхкинера Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" декъан офисан куьйгалхочун Аламов Мохьмадан да-нана дехачу Нохчийчуьрчу Серноводске. Масех де хьалха баьхкина хилла уьш, амма хIинцца бен цунах лаьцна хиъна дац.

"Да-нана а, вешин доьзал а бехачу керта баьхкина хиллера меттигера полисхо а, хетарехь, оперативан декъан белхахо волу могIарчу нехан духарехь ши стаг а. Шаьш ца довзийтина цара, эвлахь болх беш хиларна меттигера полисхо вевзина. Со хиттина цара, сан контакташ а, ас болх бен меттиг а, сан доьзалх а", - дийцина Кавказ.Реалиига ша Аламов Мохьмада.

"Бахархой лоруш", дIахьош белхаш бу, цунна даьхкина шаьш аьлла, кхетийна ницкъхоша, амма лулахойн а, Серноводскерчу кхечу бахархойн а керташка ца лелла. Иштта полисхоша ца хьовзийна, йиллина йолу Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" телефон а.

"Шайца къамел дечу хенахь сан гергарчеран тидам хиллера, документашлахь язйинчу Серноводскерчу ЛулаевгIеран фамилех, 2014-чу шарахь дагийра церан цIа, полисхоша бахарехь, тIемалойх дIакхетта хиллера церан доьзалера цхьахверг", - дийцина Аламовс.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар.) бюллетень кечйина "Къилбаседа Кавказехь конфликташ лаьттачу зонера хьал: бакъоларъярхойн мах хадор. 2021-чу шеран аьхке" аьлла. Оцу тIехь дуьйцу цара, регионехь бакъонаш хьешарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG