ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазапашна дуьхьалояран Комитето" ЕСПЧ-кхеле арз дина юристан Янгулбаевн нана лачкъорах


Бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахоша арз хьажийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) 39-чу бакъонца, нохчийн ницкъхоша Нижний Новгородерчу шен хIусамера юристан Янгулбаев Абубакаран нана дIайигарна. Шайн телеграм-каналехь бина цунах лаьцна хаам бакъоларъярхоша.

39-чу бакъонех пайдаоьцу, нагахь санна, валаран кхерам белахь а, кхачо йоллуш тоьшаллаш делахь а, билгалдоккху хаамехь.

Дечкен-беттан 20-чохь суьйранна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхочун болх бинчу Янгулбаев Сайдин - Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" (КПП) экс-юристан Янгулбаев Абубакаран хIусаме баьхкира, полисхой ду шаьш аьлла, цабевза нах. Цига кхаьчначу адвокатна гайтинера цара бакъолархъярхочун да а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а тешаш санна лебан тIебалабе аьлла, делла кехат.

"ХIокху минотехь В666ЕС I26 а, ЕКХ068 95 номерш йолчу машенаша Нижний Новгородера Нохчийчу дIаюьгуш ю федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана. Зуда кхетамчуьра яьлла, цуьнан диабет ю, карахь молханаш а доцуш, юьгуш ю иза, цунна гIо оьшу", - яздира КПП-н белхахоша шайн телеграм-каналехь.

"Новая газето" яздора, Мусаева Зарема Нохчийчу дIаюьгуш ю, амма да хье ца вина, цуьнан суьдхочун статус хиларна аьлла.

ЯнгулбаевгIеран адвокато Добронравова Натальяс хаамбира ресурсе, Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша диабет йолчу Заремина йиттира аьлла. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс "тамашен" хIума ду элира, федералан кхелахочун зуда лачкъорах баржийна хаам.

"Фантастике истори ю, кхин цхьана а кепара тоьшаллаш а доцуш, оцу кепарчу хаамех цатешар гIоле хета тхуна. Харцонанан заманахь дехаш ду вай", - дIахьедина цо.

Къилбаседа Кавказерчу "1азапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист вара Янгулбаев Абубакар. Дахначу шеран Г1уран беттан 28-чохь Янгулбаев Абубакаран хIусамах хьоьвсира, д1аяьккхира техника, иза ша Пятигорскерчу полици д1авигира. Ша д1ахецначул т1аьхьа цо дийцира, терроризм къобалъярца доьзначу цхьана бехкзуламан г1уллакхна т1ехула хеттарш дан вигинера ша аьлла. Цуьнга хеттарш дина хиллера оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца иза воьзна вуй хьовсуш.

Ша лацале кхо де хьалха Янгулбаевс хааме даьккхира, Нохчийчуьра шен дехойх а, ненахойх а 40 гергга стаг д1авигарх. Паспорташ а, телефонаш а йоцург, цаьргара д1адаьхнера церан чу-ара ца баккхалучу бахаман кехаташ а.

Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь яьккхинчу видео тIехь Нохчийчу юхаеанчу, ша Ичкерин министрийн кабинетан векал ю бохуш леллачу Мицаева Рубатис дуьйцу, оппозицин телеграм-каналан модераци лелориш ЯнгулбаевгIеран вежарий бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG