Гезгамашин-беттан 6-чохь Ичкерин агIончаша акци дIайаьхьира Венехь мехкан суверенитет кхайкхийна 35 шо кхачарна лерина. Ткъа Нохчийчохь цу дийнахь билгалдаьккхира бахархойн барт хиларан, цхьааллин Де.
Тхан редакцига бакъоларйархочо Дунаева Розас дийцарехь, Венехь хIоттийначу барамехь дакъалецира йукъараллин а, политикан а организацеша а, къаьмнийн йукъараллаша а, жигархоша а, ишта, нохчийн къомаца цхьаалла гайтинчу украинхойн диаспорин векалша а.
Шварценбергплац майданахь дIайаржийра Ичкерин 55 метар йолу байракх, цул тIаьхьа Вена гIалин урамашкахула машенаш хаьхкира. Дунаевас дийцарехь, акцин декъашхоша йуха а карладаьккхира нохчийн къам маршоне а, йозуш цахиларе а гIерташ хилар.
"Тхуна и де-рузмана тIера де хилла ца Iа. Иза иэсан, доьналлин, тхан тIаьхьарчу тIаьхьенна а гергахь тIехь жоьпалла хиларан де ду. Йозуш цахилар- совгIат дац, иза маршонехь къийсам бу. Маршо совгIат санна лойла дац, иза йоккхуш йу шен доьналлица, барт хиларца, шен принципашна тешаме хиларца". Цо бахарехь, Нохчийчоь маьрша хила лааран идей тахана, 35 шо даьллачул тIаьхьа а, йехаш йу, маршоне, машаре, хьакъйолчу кханене сатуьйсучу нахана.
Оцу йукъанна гезгамашин-беттан 6-чохь Нохчийчохь билгалдоккху бахархойн барт хиларан, цхьааллин Де. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана кIирандийнахь дIаъьедира, "барт ша-шаха хуьлуш бац", регионан бахархой цхьанакхетаран йуьхь йара машаре, кхерамзалле, эвсарчу кханене гIертар аьлла. Шен къамелехь маршо хьаха а ца йира Кадыровс.
- 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Ичкерин тIемалой Соьлжа-ГIала чубахара, "ДжихIад" цIе йолу операци а йолош, гIала федералан эскаршкара йуха схьайоккхуш. Хьалхара тIом боьрзуш, тIаьххьара латар дара и. Масех де даьлча Оьрсийчоьнан дакъош гоне дерзийра. Марсхьокху-бутт чекхбаллалц лаьттира тIемаш, тIаккха декхаре хилира Хасав-Йуьртахь бертан дийцаршна куьйгаш йаздан. Оцу бертаца цхьана Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, дIакхайкхийра, ткъа Москвана а, Соьлжа-ГIалина а йукъара мел доллу хеттарш листа дезара дуьненайукъарчу бакъоне хьаьжжина. Тхан сайто вовшахтуьйхира оцу денойн теш хиллачийн дагалецамаш, церан иэсехь бисина ма-хиллара.
- Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал буьззина тӀом болийчхьана, нохчийн диаспорин декъашхой дакъалаца буьйлабелира Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал дӀахьочу протестан акцешкахь. Цхьаболчарна иза хилира Ичкерин маршонехьа кхин дIа а къийсам латтор, кхечарна – адамаш хьийзош хиларх лаьцна дIахаийтар. Тхан редакцино дийцаредира жигархошца а, республикерчу нахаца а, оцу шерашкахь диаспора хийцайаларх лаьцна.