ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин агIончийн конференци дIаяьхьна Брюсселехь, Европарламентан депутаташа а дакъалаьцна цигахь


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Лахьан-беттан 27-чохь, Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро вовшахтоьхна конференци дIаяьхьира Нохчийчоь маьрша мохк хила луучара.

Гуламан Iалашо яра дозанал арахьа беха, республика йозуш йоцуш хила луурш цхьаьнатохар, Ичкерин хиндолчух дийцаредар; конференци йерзош резолюци тIеийцира, цу тIехь билгалдаьккхира, йозуш йоцчу Нохчийчоьнна тIехь дуьнеанаюкъара протекторат оьшуш хилар.

Бараман декъахошлахь бара Европарламентан Польшин а, Литван а цIарах депутаташ Фотыга Анна а, Юкнявичене Раса а, Украинан Лакхарчу Радин депутаташ Дунда Олег а, Гончаренко Алекссей а, Оьрсийчоьнан парламентан хилла депутат Пономарев Илья а, США-н аналитикаш Гобл Пол а, Бугайски Януш а, саттер Дэвид а.

Иштта конференцихь вистхилира нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан векал Янгулбаев ИбрахIим а. Цо дIахьедира Европехь бехачу Нохчийчоьнан бахархошлахь уьйр хадар юхаметтахIоттон деза аьлла (Брюсселехь дIахьочу барамца цхьаьна Францихь съезд дIаяьхьира нохчийн диаспоран кхечу декъо, цигахь барт бира керла "Цхьааллин ницкъ" болам кхолла).

Кавказ.Реалиин сайте Янгулбаевс дIахьедарца, Закаев Ахьмаде хаттар дира цо, къобалйазчу республикан куьйгалле иза хIотторах, иза тIе цалацарх Ичкерин агIончашна юкъахь къийсамаш хиларх.

"Ас хаттар дича, [суна тIе] нах баьхкира [Къаьстинчу] батальонера (Украинехь тIемаш бен Ичкерин дакъа. – Редакцин билгалдаккхар.), микрофон схьаийцира, сайн хаттар ас дерзо лиира царна. Оцу юкъанна Закаевс жоп делира суна. Цул тIаьхьа тхо уьйтIа девлира, тайп-тайпана нах оьхура суна тIе, Закаевн векалш а цхьаьна, дов дIадаккха деза, маьрша дIасадоха деза бохуш. Конференци вовшахтоьхначаьрца дов дирзира тхан", - дийцира Янгулбаевс.

Оцу юкъанна, жигархочо билгалдаккхарехь, зал чуьра сийсазе цуьнга маьхьарий диттинчу нахе дан хеттарш дара цуьнан.

Кавказ.Реалиин корреспонденто хеттарш дахьийтира Ичкерин арахьарчу Iедалан векалшка, амма маса жоп ца кхечира цаьргара.

  • Украинхойн агIор хIинцале а тIемаш беш ю, Ичкерин агIончех лаьтта масех лаамхойн батальон, оцу дакъойх цхьадерш Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкахь ю.
  • ГIадужу-баттахь Украинан Лакхарчу Радехь Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк лерира Нохчийн Ичкерия республика, емалдира нохчийн геноцид. Оьрсийчохь бехкзуламан жоьпалла тIедожош ду пачхьалкхан цхьаалла йохон кхайкхамаш бинчарна а, цуьнан субъекташ дIакъасторах дийцарш дахь а.
  • Нохчийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а жигархоша кхайкхамбира шайн махкахошка, Украинан ТIеман ницкъех схьакхета Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан а, кхин дIа шайн маршо къовса а. Оцу кхайкхамех лаьцна комментарий йина йац Киевехь, кхайкхамаш зорбане баьхна дукха хан йоццуш кхоьллинчу "Бахархойн кхеташо" боламан ресурсаш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG