ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин агIонехьа тIом бина эскархо Украине хьажорах дIахьедина Кадыровс – иза велла лоруш вара


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Ша Чахкиев Руслан ву боху стаг тIехь волуш видео арахецна Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Ша кхиазхо волчу юкъанна цо, къобал ца йинчу Ичкерин агIо лаьцна, тIом бина, тIаккха 2001-2002 шерашкахь БуьритIехь лелхийтарш дарна чувоьллира иза, ткъа Кадыров Рамзана арахецаре хьалха кхелхина лоруш вара иза – зорбанаша яздора, иза 2008-чу шарахь вада гIертачу юкъанна герз тоьхна вийна, бохуш.

Ша Чахкиев ву боху эскархо видео тIехь тIеман барзакъ доьхначу нахана юккъехь гуш ву. Цо боху шен 43 шо ду, жима волуш "даймохк ларбина ша", изза деш ву тахана а, "Украинан агIонехьа шен лаамехь ара а ваьлла".

"Геннарчу 1994-чу шарахь 15-долу кхиазхо а волуш иштта шен Даймохк ларбан араваьллера иза. Оцу хеначохь Руслана бохура, ша ца кхоьру дай баьхначу мехкан дуьхьа са дIадала", - яздина ду Кадыровн телеграмерчу видеонна бухахь.

Оцу дешнашкара догIу, Кадыровс Оьрсийчоьнца тIом бина йолчу Ичкерин республиках "Даймохк" олуш хилар. Оцу хеначохь, ша Чахкиев ву боху эскархо баккъала иза хилар гойтуш, тоьшаллаш ца даладо цо. Цул сов, видео тIаьхь къасто атта дац, муьлхачу цIарца билгалвоккху цо ша - Русланца, йа Рустамца.

1990-чцу шеран юккъехь яьккхинчу, Чахкиев гIарваьккхинчу видео тIехь кхиазхочо дуьйцу, шена пулемет, гранатомет лелон хаьа, оьрсийн танкех а ца кхоьру ша. Цуьнан коьрта тIе йихкинчуьнан маьIна хаьттича цо олу: "Кхалхар. Юха ца валар, кара ца вахар а". Нохчийчуьрчу тIемашкахь аренан командир хиллачу Гелаев Русланан гIоьнча вара иза, видеош тIехь Рустам цIарца билгалвоккхуш ву Чахкиев.

2003-чу шарахь Чахкиевна хан тоьхнера 2001-2002-чу шерашкахь 12 стаг а вуьйш, бIеннашкахь лаза а веш, БуьритIерачу базаршкахь лелхийтарш дарна тIехула гIаттийначу гIуллакхца. 24 шо чохь яккха хан тоьхнера цунна, иза Абаканехь токхуш яра цо. 2008-чу шарахь сепаратист хилларг Назране хеттарш дан вигча, иза вада гIертачу юкъанна вийна бохуш, дуьйцура зорбанаша. 2017-чу шарахь Чахкиевс инстаграмехь агIо дIайиллира, йоцачу хеначохь цо суьрташ кхуьйсура цига чу, шен декъехь Соьлжа-ГIалара а. Профилан хаамашкахь цо Рустам цIе язйо.

Нохчийн Iедална оппозицехь лаьтта 1ADAT боламан векало Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгадаьккхира, пропагандано жигара пайда оьцу Кадыровца юкъаметтиг лелон реза хилла болчу Ичкерин дуьхьалонан декъашхойн вастех. Кхинболу республикан бахархошка цигахь хIоьттина режим тIелацийта Iалашонца деш ду иза, нохчийн тIемашкахь жигара дакъа лецнарш а церан байракхна кIела хIуттуш хилча, дуьйцу къамелдечо.

"Жимачу хенахь дуьйна Оьрсийчоьнна дуьхьала а хилла, йозуш ца хиларна дуьхьа тIом а бина, йоккха хан набахтехь а яьккхина, тIаккха цIеххьана Украинана дуьхьала гIаттийначу тIеман агрессехь стага дакъа лоцу бохучух со ца теша", - билгалдоккху 1ADAT-ан векало.

  • Украинехь Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза кхайкхамбира президенте Путин Владимире спецопераци ма сацайе аьлла дехар деш, ша кеста трофейн автомобила тIехь Киеве кхочур ву а олуш. ХIинца луьра критика йина цо Украинаца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоьнан делегацин куьйгалхочо Мединский Владимира динчу дIахьедарна. Оьрсийчохь тIамах дуьйцучу "ньюсмейкерех" уггар а коьрта хиллачу Кадыровс дIахьедира, шен эскархой тIемаш совцон дагахь бац аьлла.
  • Туркойчохь вехачу оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша Украинерчу тIаме вуьгуш видео арахецна нохчийн Iедалехьа йолчу пабликаша. Хьалхо цо дийцира шен гергара стаг кхерамашца, нуьцкъаха Закан-Юьртара дIавигина хилар, Нохчийчуьрчу оьрсийн эскархойн декъехь цо тIом беш фильм яккхархьама.
  • Кавказ.Реалиин хьостан хаамца, Украинерчу тIамехь вийна 60-не кхачалц Нохчийчуьра схьабевлларш. Официалехь кхаа стеган кхалхар ду тIелаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG