ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин экс-президентан кIант Масхадов Анзор Францехь дарбан цIийне кхаьчна


Масхадов Анзор
Масхадов Анзор

Масхадов Анзор, къобалъязчу Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIант, Францерчу дарбан хIусаме охьавиллина. Де хьалха Стасбургерчу кхеташонехь дакъа лецира цо, цигахь къаьсттина дукха дийцира Украинерчу тIамах лаьцна.

Ша дарбан хIусаме кхачарх Масхадовс шен фейсбукерчу агIонехь дийцира. Амма цо ца элира, муьлхачу бахьанца кхаьчна ша цига, ша волу гIала а, шегара хьал а ца хьахийра. Хууш ду, лазартне иза Товбеца-беттан 1-хь кхаьчна хилар.

Оцу хенахь цIе ца йоккхучу хьостанна тIе а тевжаш, машанехь хаамаш баржабо, францхойн лоьрашна хетарехь, Масхадовна дIовш делла хила мега, бохуш. Амма хьал девзачу Кавказ.Реалиин хьостано и хаам харц бира – цо бахарехь, иштта ца хетта лоьрашна.

Шеца Масхадов Анзорца зIене вала гIерта Кавказ.Реалиин корреспондент – цо яздинчу кехаташна а, йиттинчу телефонна а жоп ца делла цо.

  • Мангал-беттан 26-хь Европерчу нохчийн Ассамблейс а, "Барт Маршо" ассоциацино а, Нохчийчоь кIелхьара яккхаран дуьненаюкъарчу "Маршо" боламо а Страсбургехь преес-конференци хIоттийра. Цуьнан декъашхоша таханлера Украинера тIом Нохчийчуьрчу тIамех тера богIуш хиларх дуьйцура, иштта тIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнах йозуш ца хиларх лаьцна а.
  • Хьалхо Норвегин вахархо Масхадов Анзор Киеве веара. Цо дIахьедира, Оьрсийчоьнна дуьхьала бечу тIамехь Украинана муьлхха а гIо латтон дагахь ву ша, иштта, украинхойн хьаькамашца а, жигархошца а цхьана Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь а, тахана Украинана динчу чугIортарехь а оьрсийн эскаро лелийначу зуламийн цхьа база а кхоьллина, юкъараллина дIагайта дагахь ву иза.
  • Дайначу шеран гурахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьамогIа дIахьедарш дира парламентан гIантдеца Даудов Мохьмадца цхьаьна шен инстаграмехь хиллачу эфирехь. Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан кIанте, Европехь вехачу Масхадов Анзоре кхайкхам бина цо, даймахка цIа а волий "Соьлжа-ГIалин юккъехь хьо эккхийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, цу кепара Масхадовс тоьшалла дан деза "ша доьналла долуш" хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG