ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин командир вийначун адвокатана ахча дIаделла Европера Оьрсийчоьнан фондо - талламбар


Красиков Вадим
Красиков Вадим

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара киллеран адвокатана догIург дIаделла Европехь куп тоьхначу "Махкахойн бакъонаш Iалашйен, гIо латтон Фондо" – цунна тIехь Iуналла латтош ду Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхоьллинчу "бакъоларйаран организацино" ахча латтадо Евробертан а, дуьненан а 49 пачхьалкхера пропагандина, аьлла ду европахойн журналистийн консорциумо бинчу талламехь.

Махкахойн бакъонаш Iалашйеш, царна гIо латточу Фондан ("Правфонд") балхана духе кхиира организацин чуьра кехаташ нахаладевлча. Оьрсийчоьнан указца 2012-чу шарахь кхоьллинчу фондан гIо лецира арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Россотрудничество агенталло а. Цуьнан урхалле хIоьттира "Украинан суверенитетана а, дозанан цхьааллина а кхерам латтон политика лелорна а, гIуллакхаш дарна а" Евробертан санкцеша лаьцна Удальцов Александр. Организацин куьйгалхошлахь ву, бинчу талламехь дийцарехь, масех Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан сервисан хилла белхахо – Поздоровкин Владимир а, Сорокин Анатолий а.

Европехь ишта фондо Iалашбина гучубаьхна Оьрсийчоьнан агенташ а. Доккхачу декъана, организацино 60 эзар евро делла, 2019-чу шарахь Берлинан Моабит кIоштахь герз тоьхна нохчийн тIемалойн хилла командир Хангошвили Зеламха вийначу Красиков Вадиман адвокатна. Красиковна делларг доцург а, "Правфондо" мах белира ишта герз духкуш лелачу Бут Викторан а, наркотикаш йухкуш хиллачу Ярошенко Константинна а лаьцначу адвокатах а. И ший а Оьрсийчу йухавеара Москвана а, Вашингтонна а йукъахь хиллачу дIасахийцаран гурашкахь.

Фондан балхаца къаьстина дакъа дара Европехь Оьрсийчоьнехьа пропаганда йар: доккхачу декъана, бIенашкахь эзарнаш евро хьажийра, "русофобица" къийсам латтон бохуш веб-сайташна, "оьрсийн мотт Iалашбо" бохуш а.

"Правфондан" меттигерчу партнерашна дуккхаъ а миллионашкахь субсидиш кхочура цхьа могIа Европера пачхьалкхашкара, цо хеттарш кхолладолуьйту пачхьалкхан ахчанех пайдаэцарх а, къоман кхерамзаллин проблемех а, билгалдоккху The Guardian гIирсо.

  • 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Хангошвили Зеламхина герз тоьхнера Берлинера Тиргартен паркехь. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Берлинера кхело бехкевира Красиков Вадим стаг верна, велла дIаваллалц чохь йаккха хан туьйхира цунна. Зулам дарна Оьрсийчоь бехкейира суьдхочо хилларг "пачхьалкхан террор" йу аьлла.
  • Колонихь велла политик Навальный Алексей Красиков Вадимца хийца дагахь хиллера. Навальный Алексей веллачул тIаьхьа ФБК-н куьйгалхочо Певчих Марияс хаамбира, оппозиционер кхалхале де хьалха шега хаийтинера дийцарш доьрзуш ду аьлла.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоь къар ца лора тутмакхашца Красиков хийца бохуш. Красиков схьавехар тIедожийнера Путин Владимира, йаздира Wall Street Journal-о. Журналистийн талламашца а догIуш, Красиков хила тарло "Вымпел" спецдекъан ветеран а, ФСБ-н лаккхара эпсар а. Хангошвили верна шаьш гунахь ду бохург тIе ца дуьту Москвахь.
  • Оьрсийчоьнел арахьа бехачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна дукхаза кIелонаш йина меттигаш бу. Царех цхьадолу тIелетарш йукъахдаха аьтто ца хилира. 2017-чу шарахь Киевехь герз тоьхна йийра Окуева Амина. Цул тIаьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Махаури Тимур. 2009-чу шарахь Венехь вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зеламха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG