ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин векало Кадыровга ша даймахка йитар доьху


Рубати Мицаева
Рубати Мицаева

Малхбузен пачхьалкхашкарчу нохчийн диаспорехь дика евзаш хиллачу Ичкерин векало Мицаева Рубатис дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, ша даймахка цIа йита аьлла.

"Суна сайн цIахь яха лаьа, ахь пурба лой суна цIа ян? Нагахь санна, ахь магийтахь, хаийтахьа соьга, хьан дешнаш сох схьакхетийтахьа. Суна хIинца цIа ян лаьа", - боху Мицаевас камерана хьалха.

Ша Кадыровга кхайкхам бале хьалха цо Нохчийчу дIхьажийра шен ши йоI, царех цхьаъ – Суният – ларийна республикехь дIаяьхьначу конкурсехь толам баккха а. Зорбанан министран Дудаев Ахьмадан карара преми схьаийцира цо, Кадыров Рамзанан ненан Кадырова Айманин тоьлла сурт дилларна.

Мицаева Суният (микрофонца ерг)
Мицаева Суният (микрофонца ерг)

Еххачу заманчохь ша Ичкерин арахьарчу Iедалан министрийн кабинетан векал ю, цуьнан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан векал а ю бохуш, лийлира Мицаева. Шен доьзалца цхьаьна Германехь ехаш яра иза.

Ичкерин Iедалехь пхи мидал а, орден а елира Мицаева Рубатина, ишта кхачийра цунна "Къоман Сий" мидал а. Нохчийохь хьалхара а, шозлагIа а тIемаш боьлхучу заманчохь лор-йиша яра иза.

Берлинехь нохчийн мухIажир Хангошвили Зеламха вийначунна тIехь кхел дIахьочу юкъанна дукхазза хIиттийначу митингашкахь дакъалецира Мицаевас. Цо дIахьедора, тIаьххьарчу шерашкахь къайлахчу сервисийн дукха белхахой Германин дозана тIехь схьагIоьртина бохуш. Оцу заманчохь пачхьалкхе кхаьчна хIора шозлагIа нохчо Оьрсийчоьнан ФСБ-но хьажийна вара, цунна хетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG