ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Идентификаллин хаттар". Кавказехь шираллин иэсана тIехь терго латтор

Нальчикехь.Архивера сурт
Нальчикехь.Архивера сурт

ГIебарта-Балккхаройчхь Кавказан тIамехь эгнарш дагалоцуш бахархой гIали йуккъехула чекх ца бовлуьйту хIинца йалхолгIа шо а ду, ткъа Iедалца дага а ца бовлуш хIитточу акцешкахь нах дIалоьцу, чу бухку. Академин Iилманчаша цуьнца цхьана кест-кеста олу кегийчу къаьмнийн историн зеделларг чоьте эца дезаш хиларх. Оццу хеначохь Нохчийчохь Iедалхоша магош ду Оьрсийчоьнан империна схьайаьхна хиллачу йартийн цIераш хийцар. Тхан редакцино къастийра, мухIа дIахIоттийна йу регионехь политика.

Стигалкъекъа-беттан 21-ра де чергазашна уггар а коьртачех терахь ду. Цу дийнахь цара дагалоьцу Кавказан тIамехь белларш а, Iосманан импери адыгаш дIалахкар а. Тезетан барамаш дIахьо Туркойчохь а, Европан пачхьалкхашкахь а, Къилбаседа Америкехь а.

Делахь а ГIебарта-Балкхаройчохь Iедалхой йуха а дуьхьал хилира Нальчикехула бахархой гIаш чекхбовлийта. Чергазойн жигархошна иэс дагалацаран уггар а мехалчех лору и акци. И де тIекхача масех де дисинчу заманчохь жигархошна кара кехаташ делира урамашка дийлар доьхкуш. ХIетте а цхьаберш къар ца луш гулбелира иэсан акцихь дакъалаца. Цул тIаьхьа бархI стаг лецира, цул тIаьхьа административан артиклашкахула лаьцна а битира уьш.

Цу дийнахь урамашкахула буьйлабалар дихкина ду 2020-чу шарера схьа дуьйна. Оцу хеначохь Iедалхоша цкъа хьалха шайн дехкарх кхетабора уьш коронавирсуан бахьанашца, цул тIаьхьа политикан хьелашца- Украинана дуьхьал болийна тIом бахьана долуш.

Стигалкъекъа-беттан 21-ра де герга кхочуш Оьрсийчоьнан Iилманан академихь дийцаредира Къилбаседа Кавказан халкъийн историн иэс лардаран проблемех. Цу конференцихь Iилманийн доктор волчу Дзамихов Касболата дIахьедира, халкъаш девне ца довлийтархьама "паччахьан инарлийн цIераш уьш турпалхой хилча санна йазйан мегар дац" аьлла.

ДӀайаханчу заманца лераме хьежамаш хила беза аьлла, кхайкхамаш бар чергазийн жигархошна бIостане хийтира: Ӏилманан йукъаралло лаьмнашкахь хилла бохам тидаме эца беза бохуш, дIахьедечу йукъанна, хьаькамаша дихкина латтош ду коьрта хета тезетан барам дIабахьар.

Иэс магийна ду, ткъа шайггара хIуммаъ а ца леладойту

Тхан редакцица хиллчачу къамелехь чергазийн жигархоша билгалдаьккхира, гIали йуккъехула дуьйладалар дехкар цхъана ханна аьлла, йукъадаьккхина хIума цахилар.

"Шо шаре мел долу цхьатерра дуьхьалонаш йеш хилча, ткъа иэсан де герга кхочуш, нах Iедало тIе а кхуьйкхуш цаьрца къамелаш дар, акцешка дийла мегар дац бохуш, дозанаш деттар, и дерриге а иштта вовшахтоьхна политика йу", - бохура цхьаммо, шен цIе къайлайаккхар а доьхуш. Цунна хетарехь, Iедалхоша шайн карахь латтош йолчу кепашкахь бен магийна дац и де дагалацар.

Цу кепара мах хадабо ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана йукъаралхочо а, иза пачхьалкхехь вехаш хиларна цуьнан цӀе оха ца йоккху. Цо чӀагӀдо, Украинана дуьхьал тӀом болабелчхьана къоман республикашкахь йозуш йоцучу гражданийн жигаралла лело бакъо хаалуш гатйелла бохуш.

ТIамах лаьцна иэс доьзна ду идентификаллин хеттаршца

"Нагахь санна, хьалха хьаькамашна дуьхьало йан тайп-тайпана формалан кепехь бахьанаш леха дезаш хиллехь, хӀинца муьлхха а къамел чекхдолу "СВО" а, кхерамазаллин хаттарш а хьахош. И аргумент массо а агӀор бакъдар хилла дӀахӀоьттина дехкарш дарна – хуьлийла иза стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь хуьлу акци, йа Чергазийн байракхна лерина хиламаш", - бохура къамелдечо.

Цо ишта тӀетуьйхира кхин а, тӀаьхьарчу шерашкахь регионийн Ӏедалхойн бахархойн жигараллица йоьзна "луьра а, эшалур йоцу а позици" кхоллайелла, къоман шатайпаналлица йоьзна.

"Хьаькамашца муьлхха а хӀума дийцаре дан аьтто хилар тӀаьхь-тӀаьхьа дӀадолуш лаьтта. Хьалха къийсадала, цхьа компромисс лаха а, форматаш йийцарейан а аьтто хиллехь а, хӀинца сацамаш хьалххе тӀеоьцуш бу", - билгалдоккху юкъаралхочо.

Оьрсийчоьнан Кавказца хиллачу тIамех лаьтта иэс адыгашна XIX-чу бIешерашкарчу хиламашца доьзна ца Iа, миллионашкахь махках баьхначу шайн махкахойн кхолламца доьзна а лору цара. Цундела къаьсттина и тема кIорггера тIеоьцу дозанал арахьа бехачу адыгаша а цхьаьна.

Гуьржийчуьрчу чергазийн диаспорин жигархочунна, Circassian Media проектан авторна Казаноко Айдамирна хетарехь, хIара къамел историн иэс дехкарца доьзна хилла ца Iа, мелхо а Ӏедалан лаам бу йукъаралло шеггара лелочу гIуллакхашна тIехь Ӏуналла дан.

"Суна хетарехь, тезетаца доьзна дац и хьал, дуккхаъчу адамийн балано уьш цхьанатуху, дIадахнарг таханалерачу денца дузу, культурин идентификалла политикан кхетамах дIа а тухуш", - бохура къамелдечо.

Казанокос бахарехь, стигалкъекъа-беттан 21-чохь хила йезаш йолу акци йукъараллин инициатива йара, цо адамашна бакъо лора хIинца хуьлуш долчух лаьцна шайна хеттарг маьршша дIаала. Оцу бахьанаца и тайпа акцеш къаьсташ йара, хьалхе дуьтйна хIун дуьйцур ду а хууш, регламент мел хир а хууш болчу официалан барамех.

"Чергазашна тIамах лаьцна иэс доьзна ду церан идентификаллин хеттаршца, цхьааллица халкъан хиндолчуьнца. Цундела дозанаша хуьцу церан повестка, амма ца хуьйцу иэс", - билгалдоккху Казанокос.

Мехкаш схьадаьхна хилла паччахьан инарлаш базбарх лаьцна историн Iилманийн докторна Дзамихов Ксболатана комментареш жигархошна тамашен хета кхузаманан Оьрсийчоьнан пачхьалкхан дискурсана.

XXI-чу бӀешарахь и тайпа барамаш дӀабахьар дехкар тамашийна го

Цхьана хьостано дийцарехь, масех шо хьалха академин Iилманан векалшкара и тайпа тезисаш хезар йу аьлла ца хетара.

"Системан декъехь жим-жима гучуболуш бу кхетам, Кавказерчу къаьмнашна и истори Оьрсийчоьнан империн дийцаршкахьчул а кхечу кепара хеташ хиларх", - боху шен цӀе ца йаккхар дехначу чергазийн юкъаралхочо.

Оцу йукъанна Iедалхой хьалха а санна тахана а кийча бу институташкахь Кавказан тIамах лаьцна дийца, цунна гонах маьрша йукъараллашка дуьйцуьйтучул а. Цуьнан тидам бо Казаноко Айдамира а. Цунна хетарехь, пачхьалкх кест-кеста декхаре йу йукъараллина хетачунна тIехь терго латто.

"Историн иэс деккъа цхьана дехкаршкахула латто хала хилча, тIаккха буьйлало цунна институционализаци йан а, цхьана декъехь официалан тӀегӀанехь системех дIатоха а", - билгалдоккху цо.

Къамелдечо бахарехь, и тема йуьйцучуьра йерриг а йехка ца гIерта Оьрсийчоьнан пачхьалкх, академин гонашкахь а, шаьш терго латтор йолчу форматашкахь а бен ца йийцийта хьийза. Делахь а, бохура цо, тIамах лаьцна бакъдерг хаа лууш хилар дIадовш дац.

"ТӀаьхьарчу шерашкахь хиллачу тенденцино гойту, хенан йохалла и хаттар тахана санна ира хир дац аьлла дегайовхо цахилар. Мелхо а бӀостанехьа дерг хуьлуш ду. Социалан машанаша ма-дарра гойтуш ду дуьне мел ду дӀасабаржийначу нахана, шайн хьежамашца а, шайн сингаттамашца а уьш цхьалха цахилар", - дерзийра жигархочо.

Иэсана леринчу цхьана барамехь лаьтта чергазой, архивера сурт
Иэсана леринчу цхьана барамехь лаьтта чергазой, архивера сурт

Нохчийчохь магош хIунда ду?

ГӀебартойн-Балкхаройчохь йукъараллехь тезетан барамаш хIитторна дозанаш тухучу заманчохь, Нохчийчоьнан Ӏедалхой дуьхьал ца хилира масех станицин цӀераш хийцарна. Церан цӀераш паччахьо и регион схьайаьккхинчу заманца йоьзна хиллера.

Оцу хьоло йоккха гIовгIа эккхийтира. Реформин критикаша дIахьедира, оьрсийн бахархойн хьу йайъа гIертар ду и аьлла. Ткъа и цIераш хийца луучара билгалдаьккхира, импери оцу регионе кхачале церан хилла цIераш йу шаьш йухаметтахIоттош бохуш.

Нохчийн историко Вачагаев Майрбека дийцарехь, дуккхахйолчу йарташна хIинца церан йолу цIераш техкинера паччахьан эскар хьалхадаьлла лелачу хенахь, цундела меттигерчу бахархоша уьш хийцар тӀеоьцу нейтралан географи санна а доцуш, уьш схьайахаран билгало санна. Оцу йукъанна иттаннаш шерашкахь официалан политика мухха хиллехь а, нохчаша шайн къамелашкахь хьалхалера цIераш бен йохуш йацара.

Вачагаевс бахарехь, цу тайпа и хаттар йухакего тахана таро коьртачу декъана, Соьлжа-ГӀалин бен йац.

"[Нохчийчоьнан куьйгалхочун Рамзанан] Кадыровн бен таро йац и хӀума дан", - боху историко, Нохчийчоьнан куьйгалло федералан центрца шатайпа йукъаметтигаш хиларца а дузуш. Кхечу Къилбаседа Кавказан республикашкахь йац цу тайпа маршо.

Нальчикехь гIали йуккъехула буьйлабалар дехкарх лаьцна дуьйцучу Вачагаевс бохура, и дозанаш деттар уггар а хьалха меттигерчу Iедалшкара схьа ду, Москва шайна реза цахиларна кхоьруш. Оцу йукъанна цо билгалдаьккхира, йуьйцург политикан акци йац, чергазийн халкъан исторехь уггаре а боккхачу бохамна лерина долу, иэсан а, тезетан а де ду дуьйцург аьлла.

"Адамаша шайн сингаттам дагалоьцу. Цара ца до цхьана а кепара политикан дIахьедарш, цара йохош йац къепе, уьш тIех ца бовлу низамна а. Цундела тамашен а хета, цуьна кхета хала а ду – XXI-чу бIешарахь оцу кепарчу барамашна дозанаш деттар", - дерзийра Вачагаевс.

  • 1864-гӀа шо кхаччалц лаьттина Оьрсийчоьно Кавказаца бина тӀом а, массо а агӀор чергазий Ӏосманан импере дӀахьовсор а бахьана долуш, шайн дай баьхначу лаьтта тIехь пхи процент гергга бен ца дисира чергазийн халкъ. Карарчу хенахь дерриг а дуьнентӀехь 50 сов пачхьалкхехь бехаш бу чергазий. Уггаре йоккха чергазийн диаспора – кхо миллион ах миллион стаг гергга – вехаш ву Туркойчохь. Таханлерчу дийне кхаччалц чергазийн геноцид къобалйинарг цхьа Гуьржийчоь бен йац.
  • Чиллан-баттахь ГӀебарта Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело хийцаза битира лахарчу кхелан сацам. Цуьнца а догIуш, стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Iедалхоша бахархошна гIали чухула чекхбовлар дехкарна чергазийн жигархочо Шашев Алика дина арз йухатеттира. Иза стохка дихкинера, дийцарехь, "терроран кхерам лаккхара хиларна".
XS
SM
MD
LG