ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"И хьеставалар дуй, и чIогIа ду-кх тахана вайн...!"


ДIа меттах мел баьхначара, яздархоша а, Iилманчаша а, къаноша а, тоьшалла дарца, тахана санна, исбаьхьаллин басарш, кIорге йолу хастаме дош ца кхоош, лерам бина бац вайнаха Iедалехь болчеран.

Шо-шаре а, бутт батте а мел болу и «сийлахь лерам» керла-керла лакхенаш йохуш юкъараллехь шорлуш бу. Ког баькх-баьккхинчохь хаало, хьаькам резаван йоху хьасартне гIулчаш, де-буьйса ца лоруш еш йолу цIано.

Кху деношкахь мугушаллин министар кхаьчна Веданан кIоштан дарбанан цIийне, хIинцца кхоьллина итт лазархо чувилла таро луш долу хирурган дакъа схьадоьллуш.

И вогIу аьлчахьана а, цIано еш, каде хьийзина лоьраш а, дарбанан цIийнан ерриге персонал а.

"ХIинца вогIу" олуш, иттаннаш белхой кетIа дIахIиттош, "тIаккха вогIу" олуш, уьйтIа бохуш. Масийтта дийнахь ладегIамехь кхеби цара балхахь берш.

ХIара масал Новр-кIоштера ду. Цхьана ишколехь нохчийн меттан де билгалдоккхуш цхьаьнакхетар дIадехьна, баьхкина дуккха а яздархой болуш.

Оцу эвларнаш боцуш, цигахь ерриге кIоштера а хьехархой бара дIагулбелла. ХIинцца дукха хан йоццуш хIоттийна ву цигахь кIоштан дешаран декъан хьаькам. Ткъе итт шо а хир доцуш жима стаг ву иза.

Шен гIуллакх а хилла и ара-чу мосазза волу, догIмаш а нисдеш хьалагIуьттура баккхий, цу хьаькаман дай-наной–м стенна буьйцу денаной хила хьакъдолу зударий а.

И дийцинчух тера масалш хIора денна бохург санна тергалло кхузахь, гойтуш ду телевизионехь а.

Мел догIуш ду уьш вайнехан иэсаца, гIиллакх -Iадаташца? Цу кепарчу хеттаршка вийлина со дуккха зеделлачу нохчашца. Иштачех цхьаъ ву Ножай юрт кIоштера нохчийн меттан а, историн а говзанча Iадлан.

Цунна моттарехь юккъерчу тIегIан хьаькамаш бу нохчийн амалца йогIуш йоцу бIосталлаш лелош берш.

Iадлан: «Нохчийн гIиллакхашца лелаш хила хьакъдолуш хIума дац ишта хьалхе нах гулбина латтор. Бакъду, цхьа хийра,бехке хьаша тIевогIуш ву аьлча цхьаьнакхеташ хилла адам. Хьалха хилла а доцуш,тахана тергаллуш хIумнаш ду цхьадерш.

Нохчаша цIано даима а ларйина. Юккъерчу тIегIан маьхькIамхой буй,церан тоба ю, базбалагIерташ и хIумнаш леладойтуш берш. ТIевеънарг жима а велахь а, салам а делла и дуьххьала тIевеъча айалуш хилар тхан Iадат ду. Юх-юха хьала-охьа гIиттар иза лайн амалера хIумнаш ду..»

Еххачу хенахь ишколехь хьехархо болх а бина, цул тIаьхьа журналистикан хьарме кхиамца къахьегначу солжагIалахочунна Сайдина хетарехь геннара схьа бух - орам болуш хIума ду, хьаькам резаван гIерташ хьестар а, вазвеш,ойуш хастамаш бар а.

Сайди: "Идолопоклонство бохуш цхьа хIума хилла-кх хьалха, цигара схьа орам болуш хIума хета суна иза а. Воккханиг тIевеъча, цуьнан сий-лерам беш гIаттар, и ша ду. Вуьшта, иза сол даржехь лекха ву аьлла лелош дерш, уьш хьеставалар ду. И хьаставалар дуй, и чIогIа ду-кх тахана тхан. Совнаха спектакалш яра уьшша-м..»

Къамелаш динчу дукхахболчара билгалдоккхуш, юкъара цхьа хIума дара- кIошташкахь, цIарматчу, эхьечу зиле а кхаьчна, тергаллуш долу хьестаршший,хастамаш баррий дIадер дац ерриге а Оьрсийчохь цхьа бIаьрла хийцамаш хиллалц.

XS
SM
MD
LG