ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалхошна ца карийна Соьлжа-ГIалахь Iедалехьа митинг вовшахтоьхнарш


Rally in Grozny against Yangulbaev's family
Rally in Grozny against Yangulbaev's family

Роспортребнадзоран Нохчийн республикехула йолчу урхаллина ца карийна Соьлжа-ГIалин юккъехь Iедална муьтIахьчу кепехь митинг гулйинарш, меттигера хаамийн гIирсаша яздарехь, цига веънарг вара 400 эзар стаг. Митинг вовшахтоьхначарна карантинан низамаш хедорна таIзар дан тарлора, амма жоьпе озон стаг ца карийра. Цуьнах лаьцна яздо оьрсийн Свобода Радионо.

Митинг дIаяьхьира Чиллан беттан 2-чу дийнахь. Кавказ.Реалии редакцин хаамца, цига бахка декхаре бинера бюджетан белхалой. Гулбеллачеран карахь дара цхьанатайпа плакаташ, тIехула сизаш хьекхна суьдхочун, бакъоларъярхочун, оппозицин блогеран ЯнгулбаевгIеран суьрташ а, гулбеллачара уьш хIаллакдора, тIе гIожмаш етташ, хьоьшуш когашца.

Гулам официалехь Iедалца дагабовланза вовшахтоьхна бара, иштта делахь а, цу юккъехь дакъа лецира Кадыровн уллора хьаькамаша. Гулбеллачара тIедожийра Путинна "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, бакъоларъярхо Каляпин Игорь а жоьпе озор а, иштта "Новая газетан" а, "Дождь" телеканалан а, Каляпинан "Iазапна дуьхьало латточу Комитетан" а белхаш Оьрсийчохь совцор а.

Барамна юкъа ца гIиртира полисхой.Кавказ.Реалиин хаамца, митингехь дакъа лаьцнарг вара 30 эзарал кIезга, кхечу хаамашца – масех эзар стаг.

Iазапна дуьхьало латтон Комитет оьрсийн Iедалша арахьара агент лерина ю. "Дождь" телеканал – хаамийн гIирс – арахьара агент. Оцу сацамца уьш реза бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG