Финляндихь вехачу 31 шо долчу нохчийн мухIажаро Абубакаров Джабраила дIахаийтина Соьлжа-ГIалахь бисина шен гергара нах лечкъийна аьлла. Оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналехь анонимехь ша нохчийн Iедалхошна йинчу критикаца доьзна цо иза.
Абубакаровс чIагIдарца, гIадужу-беттан 6-чохь церан доьзалан хIусаме баьхкинера ницкъахой, ваша ИбрахIим дIавигинера Куьрчаларчу полисхойн декъе.
"Ас дукха тIех шога хIуманаш дуьйцу баьхнера цуьнга. Оццу дийнахь бакъо йоцуш леаьцнера 71 шо долу сан да Абубакаров Хожа а, сан 66 шо долу нана Оцаева Люба а, йиша Хеда а. Иштта сан вешигара а, цуьнан хIусамненера а телефонаш схьа а яьхна, дIабаханера уьш", - боху Абубакаровс.
Буьйсанна Абубакаровга телефон тоьхнера вешин номерца – Куьрчалан кIоштан бехкзуламана бехкебийраш лоьхучу декъан хьаькам Акаев Ислам хиллера иза. Абубакаровс дийцарехь, ницкъахочо тIедожийнера цунна Нохчийчу цIавар, лаьцначу гергарчуьнца хийцавала.
Кавказ.Реалиин корреспондентана тIе ца чIагIдира Куьрчаларсу РОВД-хь йа харц ца дира, Абубакаровн гергарнаш шаьш чохь латтош хилар, ишта информаци юьйцуш дац шайн аьлла, дIахьедира.
ШолгIачу дийнахь 1АДАТ телеграм-каналан эфирехь Абубакаровс дийцира шен гаргарнаш лечкъорах. Ваша воцург, уьш берриш а дIахецнера лаьцначу дийнахь. Информаци нахалаяьккхинчул тIаьхьа ваша а маьршаваьккхинера. Абубакаровс дийцарехь, цуьнца зIене ваьлла хиллера важа, ультиматумах дерг а хоуьйтуш – видеоролик дIаязъйе Кадыровна критика ярна бехкцабиллар доьхуш, "ца хуьлчу далахь ваша суьйренга вер вац" аьлла хиллера цуьнга.
"Цунах хилларг хууш вац со. Иштта вашас дийцинера, боллу гергара нах схьа а гулбай, массарна а хазош суна неIалташ кхийкхаде аьлла, ницкъахочо тIедожорах. Сайн ваша дийна вуй ца хаьа суна" - дIахьедина Абубакаровс.
Цуьнан дешнашца, 1АДАТ-н чатехь аудио гучуяьлла, цуьнан нанас дIаязйина, телеграм-каналана а, кхунна а сардамаш доьхуш.
- Кавказ.Реалиин сайто хьалхо ма яздарра, Нохчийчохь лечкъабо меттигера бахархой, арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделла болу. Нохчийн оппозиционераша яздо, дуккха а хIинцале дIахьедарш кхаьчна шайга божарий лечкъорах а, Украине хьийсор бу бохуш, царна кхерамаш тийсарх а лаьцна, амма билггал маса стагана зенаш дина цара, хууш дац.
- Марсхьокху-баттахь Нохчийчохь 21 меттигера вахархо лачкъийна аьлла хаамбира оппозицин 1ADAT боламо. Хаамехь цхьаболчу нехан цIерш ялайора: Дашаев Зеламха, Мовлаев Мансур, Докаев Эми, Магомадов Мовсар, Ибрагимов Ислам, Израилов Асхаб, Хасиев Зеламха, Докаев Асхаб и вежарий МингебаевгIар. Царех цхьаберш ницкъахоша дуьххьара лечкъош бац, амма царех цхьа дакъа хIинцале а цIа дахийтина- кхаьънаш оьцуш, маьршабаьхна уьш.