ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iелин-юьртахь тIемало лаьцна боху Кадыровс. Оппозицин каналаша хаамбинера герзаш кхийсарх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Iелин-юьртахь гIаттамхо лаьцна шаьш аьлла, дIахаийтина Нохчийчоьнан Iедахоша. Оцу йукъанна оппозицин нохчийн телеграм-каналаша хаамбина ницкъахошца герзаш кхийсарх а, меттигера йахархочунна чевнаш йарх а.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Iелин-юьртахь цхьана хIусамехь хьулвелла хилла герзаца тIемало лаьцна аьлла. Ведда воьдучу стагана ницкъахоша го беш гойту видео хIоттийна цо постаца. Юьхьанца мессенджерашкахь баржийначу хаамехь меттигерчу бахархоша хаийтира тIемало ву бохучу веаннах лаьцна.

Лаьцнарг ву – ГIалгIайчуьра вахархо Мошхоев Микаил, йаздо шайн хьасташна тIетевжина оппозицин 1АДАТ телеграм-канало. Каналан хаамашца, герзаш кхуьйсучу йукъанна масех нохчийн ницкъахо лазийна. 1АДАТ-а иштта йаздина Iелин-юьртара 50 шо долчу йахархочунна а чевнаш йарх.

Герзаш кхийсина хилар бакъ ца до Кадыровс шен публикацехь, цо дIахьдеина "спецопераци дIайирзина миноташкахь" аьлла. Лаьцначух лаьцна хIуммаъ аьлла дац цо, "луларчу регионера" ву иза алар доцург.

ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштана шовзткъе итт километар гена ю Iелин-юрт, цигахь оханан-беттан 3-чохь полицин белхахошна герзаш диттинера муьлш бу цахуучу наха, цхьанна чевнаш йинера, цул тIаьхьа къайлабевллера уьш. ХIетахь кIоштахь контртерроран раж кхайкхийра. Цул тIаьхьа охан-беттан 5-чу буса Малгобекан кIоштара Зязиков-юьртахь юха а герзаш диттира – кхо полисхо вийра, кхин а бархIанна чевнаш йира. 1ADAT-а хаамбира, Iелин-юьрта тIеман техника оьзна аьлла.

  • Зазадокху-беттан 27-гIа буьйса юккъе йахначу хенахь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь бевзаш боцчу наха полицин постана тIе герзаш диттинера, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Шина полисхочунна чевнаш йира. Лаца кхайкхийра 6 стаг, царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, вийна карийра Карабулакехь, герзаш кхуьйсучу заманчохь лазийна хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъха карийра оханан-беттан 5-чохь Малгобекан кIоштара цхьана дIатеснпачу цIийнехь, хьалхо хиллачу хаамца, цуьнан четахь граната иккхинера.
  • Оьрсийчоьнан талламан комитето цхьа могIа бехкзуламан гIуллакхаш долийра ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а тIелатарш динчул тIаьхьа. Хилларг Iедалан шина къепехь тидира: бакъоларйаран органийн белхахочунна тIекховдар, бакъо йоцуш герз лелор.
  • Оханан-беттан 6-чохь ГIалгIайчура Малгобекан кIоштахь лецира кхелхинчу Коттоев Мовсаран ваша а, ши деваша а. Цаьргахь карийра тIеман гIирс а, лоьлхуьйтурш а, бакъо йоцуш оьккхуьйтург латторна царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даьхна.
  • Иштта лаьцначарех цхьаъ бехкево тIелеттачарна гIо-накъосталла дина ву аьлла, хаамбо, 70 шо долу Коттоев Леча ву иза бохуш. Иза лацарах дийцира телеграм-каналаша оханан-беттан 4-чохь, ницкъахошна хетарехь, бехкехетарш кхаа дийнахь хьулбина латтийна хиллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG