ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу паччахьаша а, президенташа а ифтаре кхойкху бусалбанаш


Венерчу ифтарехь.
Венерчу ифтарехь.

Европерчу паччахьаша а, президенташа а, канцлерша а, гIалийн дайша а гIиллакх леладо бусалбанашца Мархийн баттахь.

Европерчу лакхарчу Iедалан куьйгалхоша хIора шарахь я шаьш долчу дIакхойкхий, я шаьш бусалбаниш болчу тIебоьлхий, цаьрца цхьаьна марх достуш Iадат ду. Пачхьалкхан президенташа а, канцлерша а, гIалийн дайша а, ур-атталла Малхбузерчу цхьаццаболчу мехкашкахь лакхарчу даржан дай ларлуш болчу эланаша а лардо и гIиллакх.

Иштта, масала, хIора шарахь Вашингтонерчу КIайчу ЦIийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто марх достийта ша волчохь цу махкахь бехачу бусалбачийн векалшка. 1991-чу шарахь хIетахь президент хиллачу Клинтон Биллс юккъедаьккхина дара и ламаст, дIа цул тIаьхьа мел хийцавеллачу Iамерхойн президенто лардеш схьадохьуш ду.

Германин канцлеро ша йолчу марх даста нах кхойкхуш Iадат цу махкахь дацахь а, амма даханчу шарахь меттигера бусалба нах болчу а яхана, цаьрца ифтарана пхьор диара Меркел Ангелас. Ша мархдастар Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллин кхерчахь дIадаьхьира.

Францин президент хилла волу Саркози Николя а хилира масийтаза Парижерчу доккхачу маьждигехь ифтарехь дакъалоцуш, Британин элин кIанта принц Чарлзс шен бусалбачаьрца долчу доттагIаллашца гIарваьлла волу цхьа а мархи бутт дIа ца бохуьйту шайн махкарчу ислам дин лелочаьрца марх даста ца воьдуш.

Кху шарахь, ала дашна, и хаза гIиллакх цуьнан жимах волчу кIанта Гаррис а караийцира – кIира хьалха ша Сингапурехь нисвелча иза меттигерчу Jamiyah Singaporе дикадаран юкъаралло вовшахтоьхначу мархдастаран пхьоьре вахара.

Европехь, хетарехь, уггаре а дукхах лакхара Iедалхой а, политикаш а Австрехь хир бу бусалбачаьрца марх дастаран ламаст лардеш. I00 шо сов хьалха ислам дин керистаниг санна официале дин леринчу цу мехкан канцлер Керн Кристиан кху шарахь меттигерчу бусалбачу нахаца марх даста веара Венерчу туркойн ресторане.

ХIора шарахь тоьллачу Венерчу ресторане я хьешийн цIийне, Мариотте, масала, кхойкху 250 бусалба стаг Австрин арахьарчу гIуллакхийн а, интеграцин а министро Курц Себастьяна. Иштта ша волчу марх даста кхойкху Вена гIалин бургомистро Хойптл Михаэла.

Ала долу, хIинцалца схьа Австрехь бехаш болу нохчи цу официалечу мархдастарийн декъа ца хиллехь, тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь Австрехь юкъараллин жигарло гойтуш болчех масех нохчо а кхойкху лакхарчу Iедалхоша кхечу бусалбачу нахаца цхьаьна марх даста.

Венерчу Кавказан талламийн институтан куьйгалхо, политолог Чапханов Руслан а ву цу ифтарашкахь дакъалаца кхойкхучех. Маршо радиога цо дийцира австрихойн лакхарчу политикан куьйгалло бусалба нахаца лелочу гIиллакхах лаьцна.

Чапханов Руслан: „ХьастагIа гIалин дас ХIоптло а кхайкхинера шаьш долче. Венехь тоьллачех ресторанехь хьаналчу кхачане шун а хIоттийна, лелийра цо бусалба нах. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара орамаш долу Венин бахархой бара гулбелла. ЧIогIа самукъаделира цигахь“.

Чапханов Руслана иштта дийцира, Венерчу уггаре а тоьллачех ларалучу Ратхаус келлер олучу, мэрин уллорчу ресторанехь марх дохоле хьалха гIалин де гIоьнчаш Iалашдинера, имаме моллалла кхайкхитар а, тIаккха цул тIаьхьа ламаз дан луучарна ламаз дан меттигаш а Iалашйинера, бохуш.

Кхин а гергарох бусалбачаьрца уьйраш а, ларам а гайтира кху шарахь Белгин элано Филиппс. Иза Гентехь бехачу цхьана Мароккор орамаш долчу бусалба доьзале хьошалгIа вахара, цаьрца сарахь марх даста. Пхьор долош бусалбачара санна финик кхаьллира элано, ткъа иштта бусалбачийн Iадатех а, мархаш кхабаран маьIнехь лаьцна дийцийтира шена.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG