ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гергарниг - хийраниг" галдаьлча. Ил-20 чудожарх


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт
Гостев Александр, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Оршоьтан буса Дуьненаюккъерчу хIорда тIехула доьду шен Ил-20, тIеман кема, герз тоьхна чудаийтарна Оьрсийчоьно чехконца бехкейира Израил. "Сихха, луьрра жоп" лур ду а элира. Ткъа кхин а хан юкъайоьлча даредира, 15 эскархо чохь волу кема дохийнарш Асад Башаран ницкъаш бу, аьлла. Хилам нисбелла Путинанний, Реджепанний, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а ницкъаш цкъачунна юхабоху Иракъера Идлиб, Демаьшкарчу Iедална духьаллаьттачу гIаттамхойн тIаьххьара гIап, долаерзо арабовлуш болу Асадан ницкъаш, аьлла, бартбина массех сахьт а далале.

Ил-20 дохийначу агIонна бекхам беш, Оьрсийчоьно йоккхур ю "цхьанне а ца ган йиш йоцу гIулч ", элира Путин Владимира.

Цул хьалхо тIеман министраллан векало Конашенков Игора ша еллачу брифингехь иштта дийцира хилларг: Латакия провинцерчу Асадан а, ГIажаройчоьнан а объекташна тохарш деш Израилан кеманаш хьийзачу юкъанна нисделла хIорда тIехула шен "Хмеймим" базе охьадосса догIу Ил-20 ракеташна буха.

"Израилна оццу барамехь бекхамбар" шен дола оьцу Оьрсийчоьнан тIеман министралло, дIахьедира Конашенковс.

Пачхьалкхан Дума а яра оццу ойланца, Израилна "сихха, луьрра жоп" дала догIу, бохура депутаташа.

"Говорит Москва" радиостанцина ша еллачу интервьюхь Думерчу тIеман дуьхьалонан комитетан куьйгалхочун гIовс волчу Шерин Александра, Израилан кеманаш хьалагIевттинчу базина "Бастион", С-400, "Искандер" ракеташ тоха еза, аьлла.

Оьрсийчоьнан векалшна жоп делла израилхоша тIаьххьара а. Кема дохорна Шема а, ГIажарийчоь а, тIеман "Хьизбалла" тоба а бехкейо цара. Тел-Авиво бахарехь, цуьнан кеманаш Асадан дакъошна тIе а летта, цIехьадог1уш, Израилан стигалахь кхаьчна хилла Латакехь оьрсийн Ил-20 чудужучу минотехь, "Хмеймиме" охьадосса догIучу цунна Шемин ницкъаша, гал а бевлла, тоьхна герз. Ша йинчу хIаваан операцин Iалашо яра, хаамбо Израило, "Хьизболлано" дIахьулдина герз хIаллакдар.

"Карара Зама" телеканалехула ши кIира хьалха Израилан тIеман министро Либерман Авигдора, шен пачхьалкхо "тIелетарш латтор ду ГIажарийчоьно Шемин лаьтта тIе мел кхачочу тIеман объекташна духьал", элира.

Ил-20 чудожорах лаьцна мелла а кхета аьтто болу информаци яржийна, Iамеркан Штатийн Iедалерчу хьостанашна тIе а тевжаш, CNN телеканало. Шемин ницкъаша, гIалат а бевлла, чудаийтина иза, "гергарниг-хийраниг" ("свой-чужой") системано нийса болх цабар бахьана долуш, боху телеканало.

Хилла бохам туьду Оьрсийчуьрчу Iедалца боьзна боцчу оьрсийн тергамчаша а. Маршо Радиоца къамел динчу политологна Семенов Кирилна гарехь, Оьрсийчоьнан а, Асадан а дукха радараш ю Ил-20 чудаийтинчу меттигашкахь, цара ца гойтийла дац, инарлашна ца хоийла дац, хьенан карах хилла хилларг. "Вайца болчу асадхоша муха чудожадо вайн кема, Оьрсийчоьнан бахархоша хоттур дуй а кхетош, Асад жоьпе ца озорхьама кхоьллина Кремло шен харц-верси", боху Семеновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG