ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иллийн чехкаллина доза тохар нохчийн къоман мукъамашна бина "хьехамаш" бу аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийн къоман халкъан мукъамех бен хьакхалуш дац аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана музыкалан композицийн боларна дина тIедахкарш. Хьалхо культурин министро Дадаев Мусас хаамбира, "доллу музыкалан а, вокалан а, хореографин а мукъамаш догIуш хила деза цхьана минотехь 80-на тIера 116 тохарна тIе кхаччалц йолчу темпаца".

"Мукъамийн къаьсташ хилар, церан башхалла Iалашйархьама", нохчийн мукъамаш дIаолучарна кечйина "рекомедацеш" йу уьш аьлла Кадыровс музыкин темп муха хила йеза билгалдаккхар.

Йуьхьанца хиллачу керлачу хаамехь Нохчийчоьнан культурин министралло билгалдоккхура, "Кадыровца дагадевлла" бина сацам бу иллиалархошна доза тохарх аьлла, ткъа артисташ декхаре хир бу шайн иллеш, эшарш кху шеран мангал-беттан 1-чу дийне кхачале йухайаздан. Ца хуьлчу далахь нах вовшахбетталчу барамашкахь уьш лоькхуьйтур долуш дац бохура. Мича бакъонан баххаш тIехь бина сацам бу, билгал ца даьккхира.

Нохчийн мукъамийн доккхаха долу дакъа шен темпашкахь минотехь 120 а, цул алсам а тохарш долуш ду, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига шайн цIераш къайлайаьхьна республикера масех иллиалархочо. Iедалхойн тIедахкарш кхочушдойла йац аьлла, хаийтира иштта къамелдинчара.

  • ХIара дуьххьара дац культурин агIона тIехь контроль латтон хьийза Нохчийчуьра Iедалхой. Масала, 2019-чу шарахь культурин министр хиллачу Дааев Хож-Баудис (гIишлошйархо ву иза) бехкбаьккхира филармонихь болх беш боцчу иллиалархойн. Говзалла йоцчу артисташа, культурин белхахой а шаьш доццушехь, концерташ йаларна эргIад ваханера иза.
  • Мукъамийн темп йустуш йу минотехь дечу тохаршца (ингалсхойн. BPM – beats per minute), цо билгалйоккху цхьана минотехь дIалокху йоьалгIа нотин терахьалла. Музыкехь минотехь лелош йу 40 тIера 200 -не темпаш, йа кхин а сов тохараш минотехь. 80-116 минотехь тохарш долу диапазон йогIуш йу гIеххьачу темпера жигаралле йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG