ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам Чумаковн гIаролхой лецна ФСБ-н белхахоша


ГIалгIайчуьра дешначу стеган Чумаков Хьамзатан а, цуьнца болчу нехан ши машен а дIалаьцна меттигерчу Федералан кхерамазаллин сервисан урхаллан белхахоша.

Чумаковн машенлелорхо а, цуьнан гIаролхой а дIакхачийна Сунжан-кIоштан полицин декъе аьлла, хаам бина Несар-Кортарчу бусулба нехан юкъаралло.

«Сарахь ялх сахьт даьлча Чумаковн гIаролхой дIалецира аэропортера араволучехь. Чумаков новкъа а ваьккхина, цIабоьлхуш хилла уьш. Машенаш теллина, шаьш дечуьнан бахьана а ца дуьйцуш.

И таллам беш цигахь тешаш ца хилла. Леррина операци дIахьош берш хилла «командировке» бахкийтина славянийн къаьмнех болу белхахой» -- дийцина «Кавказ.Реалии» сайтана Несар-кортан маьждиге веана хиллачу Iела цIе йолчу стага.

Хууш дац Чумаковн машенаш таллар стенца доьзна ду. Оццу Iуьйранна кхечу имаман Цечоев Iийсан цIийнах хьийсина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчоьнехула йолчу урхаллехь бакъдина, Чумаков новкъаваккха бахана хилла нах полицин декъе дIабигина хилар.

Полицин векалша дийцарехь, цуьнан бахьана хилла «шера чижаргIа йолу герз дIасадахьаран кеп йохор». Юьйцурш таллархойн тоьпаш йолчух тера ду.

Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, карарчу хенахь полицин декъехь ву дIалецначерах цхьа стаг.

Цуьнгара дIадаьккхина "ФСКН (наркотикашна Iуналла латточу федералан сервисан» белхахо хилла аьлла долу кехат.

«Иза а дIахоьцур ву аьлла, хаам бина полицин декъехь» - яздо Кавказ.Реалии» сайто.

XS
SM
MD
LG