ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имаман наиб Кайбалиев Равил вийна Ставропол-кIоштахь


Ставропол-кIоштарчу Кара -Тюбе эвлан имаман наиб Кайбалиев Равил.
Ставропол-кIоштарчу Кара -Тюбе эвлан имаман наиб Кайбалиев Равил.

Ставропол-кIоштарчу Кара -Тюбе юртахь дIавоьллина цу эвларчу имаман наиб Кайбалиев Равил. Тапча тоьхна вийна карийна иза Оршот дийнахь Прасковея олучу эвлан йистехь.

Кара-Тюбера имаман наибан (гIоьнчана) Кайбалиев Равилана тIелатар дина иза шен машенахь Буденовск-гIала вахана вогIуш. Цуьнан дара 38 шо. Кайбалиев вара ялх беран да.

Маршо Радион ладогIархошна дагавогIу хир ву и стаг, хIунда аьлча шен йоIе школехь йовлакх ца леладайтар нийса дац аьлла суьде ваьллера иза 2012-чу шарахь. Цу процессах лаьцна шуьйра дийцира Оьрсийчоьнан телевизионашкахула а, зорбан гIирсашкахула а.

Цкъачунна Кайбалиев вийна зуламхо карийна вац. Талламхоша дIаболийна шайн болх имамо цу дийнахь телефон тоьхначу нехан цIераш билгалъяхарца.

Кайбалиев вер толлуш Iедалша юьхьара лаьцна ду масийтта бахьана. Уггаре а хьалха царна юкъахь бу цуьнан динца боьзна болх, тIаккха бизнесан гIуллакхаш а.

Вай лакхохьа хьахийна ма-хиллара, Кайбалиевн цIе гIаръелира Оьрсийчохь 2012-чу шеран гурахь Кара-Тюбе эвларчу школехь масийтта йоIана коьртахь йовлакх лелор дихкича. Царна юкъахь яра имаман наибан йоI а. Кайбалиев тIехIоьттира зудаберашна, йовлакх бусулба зудчуьнан духаран дакъа ду аьлла.

Ставрополехь хиллачу суьдехь юкъараллан цIарах тергамхо санна дакъалоцуш вара, йовлакх тиллар дехкар Оьрсийчоьнан Конституцица догIуш ца хиларх суьдхой тешо гIерташ волу Москохара адвокат Мусаев Мурад а.

Эххаре а школан директорца а, меттигерчу Iедалшца а доладелла и дов делира федералан тIегIантIе. Амма Оьрсийчоьнан Лаккхара кхел дуьхьалъелира Кайбалиевна. Цул тIаьхьа ерриг а Оьрсийчохь дихкира школашкахь динца доьзна духар а, атрибутика а лолор. Делахь а школе лелачу бусулба зудаберашна бакъо елира коьртахь дайн йовлакх лело.

Кайбалиев Равил дуьххьарлера имам вац Къилбаседа Кавказехь кху тIаьхьарчу хенахь вийнарг. Стохка Марсхьокху-баттахь оццу Ставропол-кIоштарчу Иргаклы эвлахь вийра хьошалгIа вахана вогIуш хилла имаман наиб Махмутов Замирбек.

Ткъа кхин а нисса цхьа шо хьалха, 2014-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчохь, 7-зза тапча а тоьхна, вийнера Буру-гIаларчу маьждиган 36 шо долу имам Гамзатов Расул. Цул хьалха хилла волу Буру-гIаларчу маьждиган имам Дударов ИбраьхIим вийнера 2012-чу шарахь.

Оццу шарахь вийра Ставропол-кIоштан муфтийн наиб Исмаилов Курман. Цуьнан машен зуламхоша эккхийтинера, чу тротил а диллина.

И нах байинчу зуламхойх цхьа а стаг карийна вац Iедалшна.

XS
SM
MD
LG