ТIекхочийла долу линкаш

10 шо гергга хьалха кхоллаелла «Кавказ Имарат» йолуш ю хlинца а. Амма тийна-таьIIина цуьнан Iаро магадо Оьрсийчоьнан Iедална иза архиван терхешка дIахьажо. Масала, оьрсийн маттахь йолчу Википедино яхначу хенан дагалецамашкахь дуьйцу цунах лаьцна.

Юхьанца, керла «пачхьалкх» а кхайкхийна, Умаров Докка коьрте хIуттучу заманахь леллачу жигараллица дуьстича, кхачийна го «Имаратан» таронаш. 2007-чу шарера 2013-гIачу Умаров лечу шеран гурралц, цо а, цуьнан гоно а тIеман акцешка кхойкхура бусалбанаш, шайна тIеоьцура регионехь а, ерриг Оьрсийчохь а лелха инциденташ.

Ткъа хIинца «Имаратан» интернет-ресурсаша баржош хуьлу хаамаш кхин бу – Къилбаседа Кавказехь Iедалан низамхоша лелочу харцонех, ткъа дина тIелетар имартахошкара хилча а, иза цаьргара даьлла алар а доцуш.

«Кавказ Имаратан» урхалла

Карарчу ханна коьрта амир воцуш ю «Имарат», урхаллехь, цхьа а кхеташ а воцуш, кегаделла го сурт. Хьал эшна хиларх жамI дан дуьсу, Нохчийчоьнан вилаятан амира Абу Хьамзас Checheninfo сайтехь кху беттан 1-чу дийнахь дIахьедийриг дешча.

Дагестанан, ГIалгIайчоьнан, ГIебарта-Балкхарой-Кхарачойчоьнан вилайяташкарчу «вежаршка» Абу Хьамзас доьху «Имарат Кавказан» коьрта амир а, къеда а харжа шура гулъяре.

Дагестанан вилайятан коьртехь ву ад-Дагестани Абу СаIад, изза ву «Кавказ Имаратан» дозанал арахьара векал а.

2016-чу шеран аьхка Петарбухахь оьрсийн ницкъаша леринчу операцехь веллалц, ГIебарта-Балкхаройчоьнан амир лаьттира гIебарто Шехбузов Залим. Цуьнан меттиг караийцира «Кавказ Имаратехь» дош лелаш волчу дозанал арахьарчу мехкашкахь векал волчу дагестанхочо Iабдул-Iазиза. Амма кхо бутт балале, оццу 2016-чу шарахь, чоьхьарчу къосамо ваьккхийтира иза оцу даржера. Мила ву тахана ГIебартах а, Балкаройчоьнах а, Кхарачойчоьнах а «Имратехь» жоп луш, хууш дац.

Нохчийн амира Абу Хьамзас шен йозанехь ца яьккхина ГIалгIайчоьнан вилаятан амиран цIе, амма боху, «Кавказ Имаратан» дозанал арахьарчу векална ад-Дагестани Абу СаIадна муьтIахь яц я нохчийн а, я гIалгIайн а вилайаташ. Иштта, хаамбина цунах амир вийраш Дагестан, Г1ебарта-Балкхаройчоьнан вилайаташ бен яц, аьлла.

«Кавказ Имратера» къовсам

Абу Хьамзина а, Iабдул-Iазизна а юкъабоьллачу цакхетамо гараяьккхина «Имарат».

2015-чу шарахь дара Нохчийчоьнан вилайатан амира Абу Хьамзас «Кавказ Имаратан» къеде Костекски Iабдуллига Iабдул-Iазиз ШарIан кхеле валор дехча. Дозанал арахьарчу векало «Имаратан» ахча дойуш хилар мел нийса ду листа деза, бохура цо. Цхьа гулам хилира дов къастош, ткъа ца кхайкхийра цхьа а жамI а. Костекскис новкъарло йира цунна, цIеяхна волчу Iабдул-Iазизца ца эгIархьама.

Дерригено а Iабдул-Iазизан гонна некъ баьккхира Абу Хьамзина лен. Дагестананан вилайатан амира ад-Дагестани Абу СаIада, масала, – иза Iабдул-Iазизан гергара ву – бехкевира Нохчийчоьнан амир фитна даржо гIортарна.

Ткъа рогIера шайн амир Абу Мухьаммад Iела (Кебеков Iела-Асхьаб) кхелхича, дагестанхоша ца кхайкхира Нохчийчуьра «имаратхой» шаьш шайна лидер къасточу шурахь дакъалаца. Абу Хьамзас бахарехь, Гимрински Iусман (Сулейманов Мохьаммад) Дагестанан амир хаьржинийла цунна 2015-чу шеран аьхка "Кавказ центр" сайто яздича бен ца хиира. Оцу бахьанашца цунна яц лараме Гимрински коьртехь волчу хенахь кхоьллина йолу «Имаратан» шура.

Гимрински Абу Iусман (Сулейманов Iусман), "Кавказ Имаратан" кхоалгIа амир
Гимрински Абу Iусман (Сулейманов Iусман), "Кавказ Имаратан" кхоалгIа амир

Нохчийчоьнан вилайатан амираний, Дагестанерчу цуьнан накъостаний юкъахь керла конфликт иккхина кхушеран аьхка.

Бахначу беттан 23-чу дийнахь IsIamdin-о – иза ГIебартан, Балкхаройчоьнан, Кхарачойчоьнан цхьаьнатоьхначу вилайатан официалехь сайт ю, иза йиллинчара бахарехь – даржийра «Дозанал арахьарчу «Кавказ Имаратан» леррина дIахьедар». Iабдул-Iазиз емалвеш арахецна дара иза. Авторша хаамбарехь, иза вилайатан амир волчуьра дIаваьккхина, «Кавказ Имарат» могIаршкахь барт эгIорна.

Хаамо вас яйтина Нохчийчоьнан вилайатан амире. Цо кху беттан юххьехь шен дIахьедарца делла жоп. Шен резавацар кхаа бахьанийца дуьйцу Абу Хьамзас. Хьалхарниг – ГIебарта-Балкхарой-Кхарачойн вилайато ерриг а «имаратан» цIарх бина шен сацам. ШолгIаниг – Iабдул-Iазизан финансийн операцеш теллина яьхна яц хIинца а. КхозлагIниг – Iабдул-Iазизан агIоно къинтIера ца ваьккхина шена ша ши шo хьалха эладинаш даржош, вон вийцина Iабдул-Iазиз.

ХIУН ЛЕЛОШ Ю «КАВКАЗ ИМАРАТ»?

Шаьш дийриг муджахIидаша довзуьйту интернетехула, дукха хьолехь – «Кавказ-центр» сайтехула. Ду цуьнан кхин массех интернет-газета а: ГIебарта-Балкхарой-Кхарачойн вилайатан – IsIamdin, Нохчийчоь вилайатан – Checheninfo, Дагестанан вилайатан - Vdagestan.

Амма дина тIелетарш ца дуьйцу «Кавказ Имаратан» прессо. ХIинца цо довзуьйту салафийан могIаршлахь нислуш долу лецарш я кавказхошна полисхошкара хуьлу гIелонаш. Оцу хаамийн хьасташ дукха хьолехь Оьрсийчоьнан пресса нисло.

Дуй иза «имаратхоша» кхин тIелетарш деш дац бохург? ТIаккха муьлхачу хьашташна йо цара наха лучу ахчанах харжаш?

Дагестанан амиро Абу СаIада шен цхьана кхайкхамехь бусалба вежаршка «Имратна» ахчанца гIодар доьху. Ткъа и ахча оьшу, боху, Шемарчу жихIадна.

Гарехь, кху муьрехь коьрта ду «Кавказа Имаратна» Шемахь тIом бар. Ткъа ахча оьшу герз а, барзакъ а эца, кхидолчу хьашташна. Ала дашна, Шемахь тIом бечу, кавказхойх йолчу "Джейш аль-мухаджирина валь-ансар" тобан амира аш-Шишани Салахьаддина къобалдира 2015-чу шарахь «Имарато» шен коьрте Гимрински Абу Iусман хIоттор.

Цо мелла а гойту шина тобанна юкъахь зIенаш юйла, бакъду, тIахьо "Джейш аль-мухаджирина валь-ансаро" байIатдира 2016 шеран аьхкенналц террорхойн «Ал-Къаида» тобан декъахь лаьттинчу «Джабхат ан-Нусранна".

Стенгахь еха «Кавказ Имаратан» урхалла?

Тхоьгахь йолчу информацица – Туркойчохь.

Билггал цига дIабахана Къилбаседа Кавказера дукхахболу «имаратхой». Оьрсийчоьно дуккхаза а дехна Хонкаре уьш шега балар, амма тахана а уьш цигахь бу. Цхьаберш лийцира туркойн полицино 2016-чу шеран гурахь – Вадалов Асламбек, Газиев ТархIан, Саидов Махран, кхиберш. Цхьа дакъа царех сихха дIахийцира. Бисинарш а тарло мукъабаха, Оьрсийчоьно, я ша Кадыров Рамзана, экстрадици яр доьхуш латтахь а.

Ша, «Кавказ Имарато» халахетарца довзуьйту Туркойчуьрчу кавказхошкара хьал. Яхначу бIаьста Checheninfo-но довзийтира туркошлахь вехачу стеган кехат, цо бохура, Iедало ирчачу хьелашкахь беттанашкахь депортацин набахтешкахь кхобу Кавказера а, Юккъерчу Азера а мухIaжирш.

«Кавказ Имарат а, ДАIИШ а»

Кавказ Имарат» «Исламан пачхьалкх» олучу экстремистийн тобанах яц: шайн дIахьедаршкахь ца боху «Имаратан» лидерша шаьш цуьнца ду.

Хьалха «Имаратехь» хиллачу Дагестанерчу цхьаболчу тIемалоша, 2-3 шо хьалха шайн вилайатах дIа а къаьстина, байIатдира ДАIИШ-ан лидерна ал-БагIдади Абу-Бакрна. Ткъа лурчах аьхка даьржира интернетехь, «Имарат Кавказан» массо а амираша тобадина ал-БагIдадина, аьлла. Тешаш массо а бацара цунах. Цу тIе, ГIебарта-Балкхарой-Кхарачойн амира Шехбузов Залима кхайкхамбира, ма гIо ДАIИШ-на кIел, аьлла.

Тахана «Кавказ Имаратан» хаамийн гIирсаша ца йо ДАIИШ-на критика. Амма къобал а ца до цо лелориг. «Имарат» царна ша-лаьтта тоба санна го. Бакъду, ца къаьхка уьш ДАIИШ-ан байракхна кIел къамелаш дечу Iеламнехан видео-кийсакаш шайн сайташкахула яржо.

XS
SM
MD
LG