Перевозчиков Валерий
Юха а лоьцуш протестхой а болуш хиина Путин дарже
2000, 2012, 2014, 2018-чу шерийн Стигалкъекъа-беттан 7 -чу деношкахь таж техкина Путин Владимирна президентан дарже хаош. ТIаьххьара ши барам дIабахна Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь протесташ а лаьтташ, полицино гуламхошна етта а етташ.
Оппозицино "Миллионийн марш" хIоттийра Москох 2012-чу шарахь. Iедало, иза дIаяхьа ша магийна хиллехь а, етта йолийра нахана Болотная майдана, гулам хIуттуче уьш дIа ма кхеччи. Ткъеха стаг лазийра, массийтта бIе лецира. Ехха лаьттира кхелаш.
Изза сурт дара Москох кху инаугурацин дийнахь а. Ца дисира цигахь хилла а. Къилбаседа Кавказехь уггаре чIогIа йиттира протестхошна Кубанехь.
Ца моьттучу барамехь дукха нах арабевллера Путинна дуьхьал Краснодарехь
1000 сов стаг вара Краснодарехь протест кхайкхош араваьлларг. Регионан администраци йолчу бахара гуламхой. Полицино леца болийра уьш. Йиттира дуккхаъчарна.
"Иза тхуна паччахь вац" аьлла, оппозиционеро Навальный Алексейс айбинчу барамехь лецначарна кхелаш ю еш мехкан центрехь.
60 сов протестхо ву цигахь лаьцна, полице вигинарг. Кхиазхой протоколаш ца хIиттош дIахецна. Цхьаберш декхаребина тIе ма кхайккхи кхеле бахка. Ткъа ахбIе гергга жигархочуьнга гураш чохь яккхийтина буьйсу.
Ши артикл ю лецначарна дуьхьалъетташ: полицино аьлларг цадар, магийна боцчу барамехь дакъалацар. Лаххара а шинга 7 де-буьйса даккхийтина полицехь. Иштта хаамбина Фейсбукехь Краснодарерчу адвокато Аванесян Алексейс. Цо бахарехь, де-буьйса лаьцначохь а даьккхина, кхело тоьхна 1000 сом гIуда а текхна, цIабахна лецнарш.
"Кавказ.Реалиица" хиллачун хIокъехь къамел динчу Беньяш Михаила хаийтира кхелашна герга лаамберш хьовха, адвокаташ а цабитинийла. "Бакъду, тхо чохь хилча а дацара хийцадала хIума", - боху кхело бина сацамаш мелла а кIеда бу аьлла хетачу адвокато.
Краснодарерчу Первомайскан кIоштан кхелехь ког карчийна, шена дарба дайта а дезна Беньяшан. Кхеле ван луург чуваийтар доьхуш хьийзачу адвокатна дуьхьалбевллачу пурстоьпийн карах лазийна адвокат.
Ткъа Октябрьскан кIоштан полицехь 21 шо долчу жимчу стагна йиттина, хаамбира адвокато Аванесян Алексейс.
"Гуламера дIавигина, йиттина, Iазап хIоттийна тIехь. Эшарш лекхийтина, куьйгаш дIаса а дохуш, ханнаш тIе когаш биттина. И дина полисхо вевзина тхуна", - боху цо.
Хьийзийначу кIанте хилларг дийцар дехна цуьнца зIе карийначу "Iазапна духьалояран комитето". Амма важа кхоьру ша юха а хьийзориг хиларх. "Дина дараш мукъане а тоьшалле даха лоьрийн гIоьнца, аьлла оха, кIанта ладогIа а мега", - яздина социалан машанехь юристо Романов Сергейс.
Сочехь кхеле озийна меттигерчу протестан жигархо Лютова Ирина. "ХIара хьан мохк бу хьуна. Садетта ахь кхидIа а " йоза тIехь долчу плакатца лаьттина иза мэрина хьалха. Цигахь лаьцна.