ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш аракхьуйсу мухIажарш шайна луъуче баха маьрша бина гIалгIайн Iедалша


ГIалгIайчура Карабулакера нохчийн мухIажарш 23Лахь2012
ГIалгIайчура Карабулакера нохчийн мухIажарш 23Лахь2012

ГIалгIайн мехка кхелан сацам кхочушбеш, тахана Карабулак гIалара нохичйн мухьажараш арабаха болийна Iедалша. Iуьйранна дуьйна, цига баьхкинчу кхелан пурстопаша нехан къиэн сал-пал арабаккха болийна. Ткъа мухIажарш дан амал доцуш бисна эрна арахь.

ГIалгIайн махкара лаккхарчу кхело бинчу сацамца, Карабулак-гIалана йистехь бехаш болу мухIажарш, шаьш бехачу кертара аракхийса болийна, кхелан пурстопаш а баьхкина.

Кертара арабовла ца луучаьрга хоьттуш а дац. Церан хIуманаш а, мухьажарийн къиэн бахам а, ара а боккхий кертахь, охьабуьллуш бу цара. Оцу хIуманна дуьхьало ян ца хIиттина мухIажарш. Уггар а дуьхьала боьвлачарна кхерам тесна, церан хьокъехь таIзарш дийр ду аьлла. Цундела, церан къайлабовла дезна цу меттера.

Царах ю, Джабраилова Малика цIе йолу жигархо а. Иза геннара хьоьжуш ю, мухIажаршна тIехь латточуьнга. Чохь йолу хIусам, тIехула догIа а тохна, дIакъоьвлина, цунна диканиг хира ду бохучу накъосташ. Цу чуьра зIене елира иза Маршго радиоца.

Джабраилова Малика: «пурстопаш а баьхкина, администрацера белхахой а бу цигахь. ТIеман барзакъх доьхна болу нах бу. Амма, муьлхачу декъера бух ушу дац уьш. Несар-гIалара буйла хууш ду тхуна. Карабулакера кIезга а хетта, Несар-гIалара балийна цара. Кху махкахь мел долу Iедал тIедалийна ду, 33 доьзал бехачу кертана. Тхуна-м ца хаа, хаьнга хIун эра ду. Соьга, масла, хаам бина бац. Тхан гIулалкх дац боху, хьалха хаам бан. ХIумш аракхуьссура ю, неIарш кегйийра ю, бохуш къамел ду боху цара деш. ХIокху гIуллакхан хьалха а яьлла, со лелаш йолун дела, зударша тIехула догIа а тоьхна, со къайла а яьккхина Iаш ю. Со жигархо йолун дела, суна ца деш хIума а ца дисина, амма, Делан карахь йолун дела, со йисна. ХIинца, со нехан цIа чохь ю, оцу «Промжилбазехь».

Шаьш оцу кертара арадаьхча, баха меттиг йолуш бац боху Джабраилова Маликас. Нохчийчуьра шаьш долун дела, Кадыров Рамзанан инстаграмме а яздинера, арз цо. Мичара-муьлша ду хиинчулла тIаьхь, кхин къамел а ца дира, аьлла тидам бира мухьажаро.

Джабраилова Малика: «Баха меттиг яц, цхьанни а, хьоьца къамел дечу сан а. Тхо I3-I4 доьзал бу баха меттиг йоцуш. Кадырован инстаграмме язйинера ас, 2I дийнахь тхо аракхуьссуш ду аьлла. Сихоцна телефон а туьхийра соьга. Моьттуш хилла иза гIалахь хуьлуш ду. Цул тIехь, телефон дIаейира. Аарахь буьйсанаш яха езара ю хан. Даха меттиг яц».

Мухьажарш кертара арабохуш, хьажа дуккха а даржхой бара баьхкина. Царна юккъахь, Карабулак гIалан администрацийн куьйгалхо Бариев Мохьмад а вара. Цо дийцира, оцу меттехь кхелан сацам кхочуш баран болх дIабоьдуш бу аьлла.

Бариев Мохьмад: «Кхелан пурстопаш баьхкина. Иза хьалхара ду. Кхелан сацам бу. Иза шозлогIа ду. Арабаха кхелам сацаман кехатан 29 омра а ду. Цара шай болх беш бу».

Ткъа, мича гIура бу и нах, оцу кертара арабаьхча, аьлла деллачу хаттарна ишшта жоп делира цо.

Бариев Мохьмад: «Мича? Шай цIа гура бу-кх. Кхин мича гIура бу уьш? Пригородни кIоштера нах ма бац кхузахь. Мухьажарийн статус йоцу нах бу. Уьш бу арабохуш. 29 стаган, кехаташ ду тхоьгахь».

Мухьажарш арабахаран болх, цхьанна а тайпа церан бакъонаш йохош дIахьош бац боху Карабулак гIалан куьйгалхочо Бариев Мохьмада. Цо, бахарехь, хIора доьзална хIора баттахь, пхиппа эзар сом лура долуш ду, шайна кхин гIишло лаца.

Бариев Мохьмад: « Цхьанна а ницкъ беш бац кхузахь. Царна хаа, арадовла дезий. Кхузахь хьал муха ду хаий шуна? Оха царна, хIора доьзална аьлла пхиппа эзар сом лура дара, 7 баттан. Ткъа, кхечанхьара баьхкинчаьрна шаран лура дара и ахча. Тахана, администрационо и ахча луш ду царна,цара хIусамашг лоцуш ю аьлла брат бичхьана. И хIума оха цаьрга кховдинера. Иза тIе ца дитина цара. Оха и гIуллакх, дерзийна кхелаца. Тахана, республикан лаккхара кхел хилла, сацаман 29 дакъ делла цигахь. Тхо цаьрца болх беш ду-кх. Кхин хIума дац».

Ткъа, мухьажарш, къера хила дагахь болчух тера дац. Цара хIинцале, аьрзанаш Европерачу кхеле делла. Кхин дIа а дуьйцу Джабраилова Маликас.

Джабраилова Малика: «Европерачу кхеле оха чуделла ма дай кехаташ. Кассацина чуделла а ду тхан иза. Мичча а охъа деллехь, собар деш дац. Тхайн хIун хуьлу хаалца, собар дар дехнера оха. Тахана, цхьанна а тайпа собар дан йиша яц боху. Арадовла деза, меттиг мокъяьккха аьлла тхоьга».

ГIалгIайн махкахь бисина болу нохчийн мухьажарш, дукхачу декъан, закъалтхой хилла дIахоьттина, нохчийн а, гIалгIайн шина республикан куьйгалхойн телхинчу юкъметтиган. Евкуров Юнус-Бека, аьлла ду, ша Нохчийчуьрчу мухьажаршна кхин дIа, гIо дийра дац аьлла. Ткъа, Нохчийчуьрчу Iедалшна-м, хIинцалца, цIа а ца богIуш, цигахь бисинчеран шай бала бац аьлла хета. Амма, оцу кертара уьш арабахар тIехь чекхадолуш дац ша дерг. Кхана-лама,оцу гIуллакхан цхьа тIехье хила мегаш ю.
XS
SM
MD
LG