ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь сурсаташ дохка лууш ю Гергарчу Малхбалехь


ГIалгIаша моз духкур ду Iаьрбийн мехкашкахь
ГIалгIаша моз духкур ду Iаьрбийн мехкашкахь

Гергарчу Малхбалеца махбар дика дагадеана хIума ду, амма иза кхиаме хир ду бохург цкъачунна бакъ ца хета.

ГIалгIайчуьра делегаци кху деношкахь СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкха яха дагахь ю. Цигахь ГIалгIайчуьрчу делегацино шен Малхбалерчу партнерашна шен инвестиций проекташ хьалхайохкур ю.

Кавказерчу делегаташна хетарехь, тоба цига яхаро аьтто бийр бу йохк-эцарехь а, инвестицеш чуярехь а. ГIалгIайчоь моз а, Iежаш а, жижиг а дохка дагахь ю.

“СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхца бинчу бертаца, республикера Iарбойн Эмираташка а, СаIуда Iаьрбийн пачхьалкха а моз дохка дахьийта йолаелла, -хаамбира Евкуров Юнус Бека, ткъа цо билгалдаьккхира, цхьаьнаболхбар СаIудерачу инвесторшна пайдехь хир ду сурсаташ эцна ца Iаш, уьш республикехь кхиа а еш, СаIуде дIаяхьийтича.

Ткъа иза дан меттигаш а, аьттонаш а бу. Коьртаниг, хьалхара гIулчаш яьхна хилар хIинцале а,” дIахьедира цо.

Лерина тидам Евкуровс мазана тIебохуьйту. Шо хьалха цо элира: “ГIалгIайчуьра моз йохк-эцаран регионан бренд хила деза”.

Цо дийцарехь, 2016-чу шарахь махкал арадахьийтира 350 тонн моз, ткъа Iалашо яра 2016-чу шарахь 1000 тонне барам кхачо.

СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхца бинчу бертах аьлча, иза цхьа шо хьалха бинера. Тергамчаша дийцарехь, цу кепара кхиамаш боьзна бацара ГIалгIайчоь дика хьевзина хиларца, бара уьш боьзна Цхьанатоьхначу Штаташца цу пачхьалкхашка моз латторо, юкъаметтигаш мел а шелъяларца.

Хьалхо ГIалгIайчоьнан аьтто белира кхин цхьаъ стом, Iежаш СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхе эцийта. “Беш-Гигант ГIалгIайчоь” кампанино кхиийна Iежаш кхечира цу пачхьалкхан маркете 2016-чу шеран Лахьан- баттахь.

Цу Iежан барам боккха бацара – 30000 тонн, амма Iедалша шен лаам дIахаийтина, и барам 100 эзар тонне хьалабаккха Iалашо хилар.

ДIахьедарш до, хетарехь, пиарана. Цу хенахь хаамбора, моз дохкаран хьокъехь шина агIонан бартбан Iалашо яра аьлла.

Бакъдерг аьлча, барам жима бара, 7 тонн бен бацара, амма Iалашо яра и терахь 200 тонне хьаладаккха. И терахь а доккха дац цу пачхьалкхехь шарахь оьшучу терахьца дуьстича: юкъарчу хьесапашца, и терахь ду 23 эзар тонн, царах 9 эзар тонн СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхо ша доккху.

Цу сурсатан мах лекха бу, ткъа оцу пачхьалкхо малхбалерчу лулахойл уггар дуккха моз чудахьа.

Нохчийчоьнан жигархочо а, бизнес-консультанта Бено Шемала ‘Кавказ-Реалиига’ дуьйцуш, билгалдаьккхира, Iедалша шаьш бина бохучу аьттонашка хаьжча, хIумма а доцург ду, аьлла.

“Сан чIогIа самукъадер ду ГIалгIайчуьра а, я ур-аттал Къилбседа Кавказера а, Гергарчу Малхбале масех тонн моз дIахьийтича а”, - билгалдаьккхира тергамчо.

“Гергарчу Малхбале моз а, бIараш а, цул сов дарбанан ораматаш а, дечиг а, мукх а, кIа а дохка дезарх дуьйцу хIинцале 15 шо даьлла. Халхахетахь а, и гIуллакх хIинца а меллаша дIадоьдуш ду,” элира Бенос.

Къилбседа Кавказера моз Гергарчу Малхбале кхоьхьуьйту дукха хан ю, амма иза, коьртачу декъанна, долахоша до, дуьйцу Бенос.

“Суна сайна гина цхьана стага автобусца Дагестанера Иордани 3 тонн моз деана. Цо хадийра Азербайджан а, ГIажарийчоьнан а, Эмиратийн а, СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхан а дозанаш, цигара Урдуне кхечира. Ишта духкуш, амма кечйина йохк-эцаран система яц – йохкархошца контракташ а, компанешца цхьаьнаболхбар а, цкъачунна дац.”

Ала догIу, инвестицеш чуяран хьокъехь хаттар ира лаьтта цхьайолчу Къилбседа Кавказчерчу республикашкахь, цигахь кхерамаш алсам хиларна бохуш, яздинера “Кавказ-Реалиис” хьалха а.

Цундела, СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхан хIун хьашт ду, ГIалгIайчу шена юьртбахаман сурсаташ кхиорхьама инвестицеш ян, боху хаттар кхолладала там бу, цу пачахьалкхерчу инвесторийн а.

XS
SM
MD
LG