ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровс машенаш низамехь нисъяр доьху ...маьждигашка


ГIалгIайчоь --Машенна некъахьовзам баьллачу муьрехь, Несара, 12Заз2012
ГIалгIайчоь --Машенна некъахьовзам баьллачу муьрехь, Несара, 12Заз2012

ГIалгIайн куьйгалхочо низамхошна тIедожийна, некъабохамийн терахь лахадархьама, машенийн куьзганаш тIера пардош дIадахар хьоьхуш, маьждигашкахь даΙваташ дайта, аьлла. Цунах мел пайда хир бу хууш дац, амма, и хьехамаш а боцуш, низамхоша шайн болх бичхьана, дерриг а шен меттахΙуттур ду, аьлла хета тергамхошна. Цуьнан масалш гайтина луларчу Нохчийчоьно.


ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека и кхайкхам бина республикан ницкъаллийн структурийн белхахошца шен хиллачу цхьанакхъетарехь. Машенийн куьйзганах чекха са ца гойтуш долу пардош дIадахар тIехь хIуъ а дика ду, аьлла, цо рузба дечу пIераскан дийнахь маьждигашкахь хьехамаш бан беза, аьлла, тIедожийна низамхошна.

Ислам цIе йолу нохчийн бизнесхо Несарахь вехаш ву. Цо бахарехь, машенийн кораш тIе Iаьржа пардо латор ГIалгIайн махкахь дукха чIогIа даьржина хIума ду.

Ислам: "Шаверг ву кхузахь иза латийна.Цхьаццайолчу машенаш тIехь хьалхара чу хьожуш долу кьузгана тIе а латадо и пардо. Евкуровс аьлла боху маьждигашкахь оцу хьокхехь хьехамаш бе, аьлла. Низамхошна луш долу ахча оцу молланашна дала деза-кх тIаккха!"

Машенийн куьйзгана тIе пардо латор Нохчийчохь дихкина масех шо ду. Оьрсийчоьнан низамаша магош ду тIеххьара куьзганаш тIе иза лато, амма, меттигерчу Iедалша, дерраш а дIадохуьйту, иза хIуъа а машен елахь а. Наггахь Соьлж-гIалахула автоинспекцин машенаца араволу ша республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

Несар-гIалахь веха бизнесхо Ислам кесст-кесста хуьлу Къилбаседа Кавказан республикашкахь. Нохчийчохь массо а машенаш чекх са гуш хиларх а, иза муха деш ду а дийцира цо Маршо Радиога.

Ислам: И пардо латийна машен Нохчийчохь хуьлуш а яц. Соьгахь яра Iаьмеркара машен, ша йинчу заводехь дуьйна тIехьа Iьаржа бIаьргаш а долуш. Уьш дIадахийтира соьга. Пятигорске а вахана, ас цигахь ийцира и куьзган бIаьргаш. Тахана эзарнашкахь полицин белхахой бу. Бакъо а, герз а, мел йолу хIума ю цаьргахь. Шайн болх цара бичхьана, талур дара дерриг а.

Ца балахь, дIабаха беза балхара. Дуккха а нах бу-кх, балха баха меттиг а йоцуш. Цига балха воьдург 5 эазар, 10 эзар, 50 эазр доллар деллий, бохуш, ма ю ситуаци. Тахана талламхо протокол яздан а хууш ца хилча, иза хIун белхахо ву? Болх бийрриг схьа а эций, цуьнга болх байта, молланаш а битий".

Iедалан низамехь ца кхоьруш болу гIалгIайн машенлелорхой, Делан дашах озалур хиларх тешачух тера ду ГIалгIайнчоьнан куьйгалхо. Нагахь санна, цунах гIуллакх хилахь, юккъараллера кхидолу кхачамбацарш а ишшта дIадахадала а там бу. ТIаккха, диснарг башха доккха хIума а ца хуьлу, маьждигерчу хьехамашка наха ладоьгIчхьана...
XS
SM
MD
LG