ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аушев Руслан: ГIалатдаьлла мехкан куьйгаллера


Олевский Тимур "Карара Хан" ("НастоящееВремя")


ГIалгIайчоьнан хьалхарчу президенто Аушев Руслана бакъбо Магасера гуламхой

Протестхошна хьалха вистхила Магасе веъна Москох веха ГIалгIайчоьнан хьалхара президент Аушев Руслан.

Ша митингехь динчу къамелца цо хаитира шена муьлха агIо бакъ хета – Iедал я гуламхой.

"Вайнехан Iедалехь а, Iадатехь а халкъца дагаволий тIеоьцу сацам, нагахь санна иза къоман коьртачу гIайгIанех хьакхалуш белахь. Вашас вешига латта дIалуш делахь, цо иза доьзалх дага а волий до. Тайпан бахам кхечу тайпе дIалуш белахь, иза а до дерриг а тайпе хоттий. Хьанна хаьа, и латта шайх цхьанна оьший а. Сихонца гул а лой, хьаькамаша шайлахь сацам бен хIума дац хIара. Ас хIинца ца юьйцу нохчийн агIо. Амма хьалхарчу президенто санна боху ас, гIалатдаьлла мехкан куьйгаллера. Халкъца къасто дезаш хиллера хIара гIуллакх", элира Аушевс.

Нохчийчоьнца мехкан лаьттан дакъош хийцарна резабоцуш, гуламе бевлла нах лаьттачу метте, парламентан цIенна хьалхха дира цо шен къамел.

КIира кхочуш ду Магасехь протестан акци йолаелла. Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний доза нисдеш арахецна сацам юха а баккхина, лаьттах дерг референдумехула къастор тIедожадо Iедална гуламо. Оцу юкъанна гуламхойх цхьана декъо дарж дитаре кхойкху мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Ткъа вукху агIоно доьху гуламхошка лаьттах лаьцна доцу къамелаш цадийцар.

Шоьтан Iуьйранна дIакъовлаелира оппозицин акцеш йоьлхучу майданна гонахара кафеш, туьканаш. Болх шайга Евкуровс сацабайтина, дийцира журналисташка юуург юхкучу меттигийн дайша.

Цкъа а ца хиллачу кепара вон болх бо махкахь кху деношкахь интернето а, телефонаша а, аьрзнаш хеза протестхошкара. Митинг йоьдучу майданна гергарчу хIусамийн дайша шайн цIера Wi-Fi йиллинчу раже йоккхий латтайо гуламхошна аьттонна.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккху барт буха куьйгаш яздарца тIечIагIбира Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а байначу беттан 26-чу дийнахь. КIира даьлча (ГIадужу-беттан 4-чохь) цунна ратификаци йира гIалгIайн парламенто. Иза нисделира Магасехь, аьлча а, парламентан кораш кIел, митинг а лаьтташ. ТIахьо цхьаболчу депутаташа дIахьедира, шайн кхаьжнаш шаьш ма-тассара ца багарбина, лаьттах дерг парламенто юхалиста деза, аьлла.

Евкуров митинго айдинчух лаьцна вист а ца хилира хьалхарчу деношкахь. Хетарг цо элира гулам хIоьттина кхо де даьлча. Нах урамашка маьждигаша баьхна, аьлла хета цунна.

"Ярташкара, 25 хиллал, имам ву маьждигашкахь нахе гуламе бовла бохуш. Шаьш бу уьш цигахь лаьтташ. Муха мега иза? Къаной ара а бохий. Делан цIарца, Элчан цIарца леладо иза а, леткъира Евкуров.

Махкарчу хьаькамашна хетарехь, депутататашна хала ду кху деношкахь – динан лидерша ца буьту уьш шайн болх бан. Евкуровс оцу хьокъехь элира, депутаташ имамашна хьалха "диканаш хила гIерта", шаьш кхаьжнаш латта цахийцийта теснера, ткъа спикеран гоно уьш шайн лечкъийна бохуш лела, аьлла.

" Ситиаци дин юкъа а озош естийна яцахьара, Iедална хуур дара ша хIун дан деза. Ткъа тахана, хьоланна тIехьа лаьтташ Iеламнах а болуш, ярташкара имамаш а болуш, ша муфти а, цуьнан го а болуш, шен гIулч яккха хала ду Iедална", элира Евкуровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG