ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халкъ мега хьо воцуш, хьо ца мега халкъ доцуш"


Садовская Алёна

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шегара дарж дита воллу. Цуьнан махкахошна кхаъ хилла оцу хаамах – Евкуровс къамелдинчу сарахь, буьйса йоллалц, фейерверкаш яра хаалуш стиглахь, самукъане хабарш хезара нахера.

2018-чу шеран гурахь буьйлабелла гуламаш, юха-юху гIуьттуш, лаьттира кхушеран бIаьстаналц. Нохчийчоьнца шайн лаьттан аса хуьйцуш бертан кехат тIечIагIдинчу куьйгалхочуьнга а, цуьнан гоне а даржаш дита, бохура протестхоша. Иза дерриг а лелларг ду. Муха го, муха туьду Евкуровс дарж дуьту ша аьлла дина дIахьедар, хаьттира "Кавказ.Реалиино" гIалгIайн жигархошка, гуламийн декъашхошка.

Шен лаамехь дарж дуьтуш вуй Евкуров?

"Лаамехь шегара дарж Евкуровс цкъа а дуьтур дацара. КхоазлагIа а гIентахь висархьама, шен къам хьаьшна цо, хьаьшна махканна хетарг. Цо хIинца деза къамелаш даро гойту нехан къинош цунах хьарчинийла, мехкан юкъараллера, политикера хьал дестабилизаце цо дигинийла, цуьнан бехкенна халкъ протесташка даьллийла", - боху политико, "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана.

"Сан цхьа а шеко яц Евкуров шен лаамехь даржера дIавоьдуш вацарх. И санна болчу наха цкъа а ца дуьту дарж шайн лаамехь. Кремлера буьйр дина цуьнга, кехат а яздай, дIагIо, аьлла, цо иза кхочушдина", - тешна ву бакъоларъярхо Муцольгов Мохьмад.

Дарж цо маца дуьту хууш дарий?

"Дара дера. Къам цхьа а грамм шех тешаш воцу стаг, регион дIалелон де доцу стаг вуьтур ма вац Москвано регионах жоп луш Iа", - аьлла хета Муцольгов Мохьмадна.

Ткъа "Яблоко" декъан лидеро Муцольгов Руслана бахарехь, "хууш дара иштта хир дуйла, амма маца хир ду ца хаьара".

"Тхо хьоьжуш Iара хиндолчуьнга. Тхайн накъосташна, политикан тутмакхашна, изолятор чохь кхобу хан гурралц дIаяхйича, гурахь хир ду моьттура хIара хIинца хилларг", - боху юкъарраллерчу "ГIалгIайчуьрчу зударийн-патриотийн цхьаьнакхетаралла" цIе йолчу гонан жигархочо Матиева Анжелас.

Стенна хилла иза кху муьрехь?

"ГIоьртина лаьттира ГIалгIайчуьра юкъараллера-политикера хьал кху тIаьххьарчу итт баттахь", - дуьйцу Матиевас. "2018-чу шарахь телхира Iедалца юкъаметтигаш. Оцу юкъанна, Гезгамашин-беттан 9-чохь рогIехь дарже хIоьттира Евкуров. Оццу беттан 26-чохь цо куьйг яздира Нохчийчоьнца долчу дозанах болу барт тIечIагIбеш. Ткъа махкара хьал десташ дара кхидIа а – гуламаш, референдумах долу керла низам, юха а гуламаш-репрессеш. Зуламаш дина аьлла, лаьцна, чохь кхобуш ву 30 гергга стаг, 200 гергга наханна гIуданаш диттина. Оцу доллучо а естош яра мехкан хьунаш, нах оьгIахбаханера чIогIа", - леллачун, а лелачун а мах хадабо Матиева Анжелас.

" ДIа ца воьдуш, тIех хьевелира Евкуров. Ах шо хьалха мукъане а иза даржах ваьккхинехь, йирзина хир яра протест. Евкуров рогIерчу ханна, кхоазлагIа а, дарже ца хаийнехь, протест хиллане а хир яцара", - аьлла хета Муцольгов Русланна.

Евкуровс болх битаро хуьйцур дуй ГалгIайчуьра хьал?

" Хийцамаш хилийта, бакъ болу харжамаш дIабахьа беза махкахь. Кремлан омранаш кхочушденволу стаг дарже хаон а ца гIерташ, халкъо аьлларг деш дуйла гайта деза махкарчу бахархошна. Нехан ларам юхаберзош цкъачунна дина хIума дац Iедало", - чIагIдо Муцольгов Руслана.

"Евкуровс дарж дитаро хийцадолуьйтур ду хьал. Иза дIаваха, шех бац бохуш, халкъо балхийна, бюджетах бекхаш беха цуьнан го байлахь биси хIинца. Дукха Iийр бац уьш тIехь хьаькам воцуш, суна хетарехь. Коьртаниг ду хийцамаш бар. Иза дIавоьдуш ву, кхин вогIур ву, бехвалаза верг, цунна хан лур ю хьал тодан, шо-ши шо, халкъо кхин еха лур яц тешаман кредит. Амма коьртачех ду цхьаъ – ца оьшу тхуна лакхара охьахьовсийна хьаькамаш, тхуна харжамаш оьшу, халкъо ша харжа веза шена куьйгалхо, тIаккха цуьнца цхьаьна лур ду къомо хуьлучу вонах а, диканах а жоп. Ткъа лакхара охьа хьакамаш махка хьийсор – тхох цадашар ду. Ларам хила беза халкъе. Халкъ мега хьо воцуш, хьо ца мега халкъ доцуш", - тешна ву Муцольгов Руслан.

Муха хила тарло керла куьйгалхо?

"Республикера хьал тодалийталур дац цхьа стаг даржера воссорах. Харжамаш меттахIитто беза Кремло, хан ца йолуьйтуш мукъабаха беза лецна болу политикан тутмакхаш, дита деза нах хьийзор. Доцчух бехктакхаман гIуллакхаш кечдинарш а ийзо беза, соьга хаьттича, жоьпе ", - боху Муцольгов Руслана.

Цунна гарехь, махкара хьал дIашарлур дац Евкуров мукъаваккхарх. "Эффект ханна бен яц, иза дIаер ю. Нагахь санна керла веъначо кхо гIулч ца йоккхий, толур дац хьал, соьга хаьттича - политикан тутмакхаш дIахецар, наханна полици тIаьхьа цаязийтар, халкъан харжамаш", - иштта ду Русланна хетарг.

Набахте хьажо везий Евкуров?

"КхидIа Евкуровн карьера муха хир ю, сан бала бац. Амма, цо ша олуш ма-хиллара, "шегара даьллачунна дохковала веза хIора а". Ша диначух дохковала веза Юнус-Бек, шена дерриг къам къинтIера а доккхуш – иза цхьаъ ду. ШолгIаниг ду, суна хетарехь, Iедалехь Iачу хенахь динчу зуламашна бехктакхаме озо веза иза", бохучух бу Муцольгов Русланан сацам.

Оццу хаттарна иштта жоп делира Матиева Анжелас: "Шеко яц сан, Евкуров тIемаш бина инарла а, Путинан тобанера стаг а хиларе терра, пачхьалкхан кхечу дарже охьахаориг хиларх".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG