ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмад: "Со шуна ноькка вац, соьца иза чекхдер дац"


Акиев Тимур

Магасерчу кхело листа долийна гIалгIайн оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал айдина дов

Кхел ян гулбелла го, бериг а, хийцийта гIоьртира бехкевечун адвокаташ, гIуллакх ца хилира.

Хазбиев Мохьмад жоьпалле ийзо волийра 2015-чу шарахь, ткъа ши бутт хьалха кхачийна талламчаша дов кхеле. Юьхьанца оппозиционер бехкевора чохь герз латторна – иза карийна боху цIийнах хьовсуш.

Талламо - харцо, Iедало - шена зен дарна кхоьруш, махкара ведда, кхаа шарахь Нохчийчохь Iийра иза. Цигахь, бевзаш боцчара тIелатар дича, цунна елира тховкIело. Оцу кхаа шарахь цхьа а ца веара Соьлж-ГIала цуьнга хеттамаш бан. Иза даймахкахь а воцуш айдира цунна дуьхьал дов – 2015-чу шеран бIаьста, лаца кхайкхийра.

Кхушара, Дечкен-баттахь, шен лаамехь ГIалгIайчу юха а вахана, полицина хьалха хIоьттира Хазбиев. Цигахь лецира. Даржийра, Iедало талламаш дIабахьар бахьана долуш баьлла иза лаца аьтто, аьлла.

Изоляторехь кхобучу юкъанна тIебаьхьна цунна, герз лелор доцург, кхиболу бехкаш а – Iедална адамаш духьалдахар, мехкан дайшка цабезам кхоллар, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров сийсазвар.

Хьалхара кхеташо хилла Хазбиевн кхелехь кху беттан 21-чу дийнахь Магасерчу кхелехь. Цига, цуьнан гергарнаш боцуш, баьхкинера журналисташ, юкъархой. Дов листа долошшехь Хазбиевн адвокато Сабинин Андрейс дIахьедира, шаьш ца теша кхелахочух, прокурорах, шаьш дов Оьрсийчоьнан кхечу регионе листа хьажор доьху, аьлла.

Адвокаташна хетарехь, ГIалгIайчохь цхьа а кхелахо хуьлийла дац нийсонехьа – уьш бозу Евкуровна муьтIахь йолчу Лакхарчу кхелах. Юристаша боху, Хазбиев оппозицехь ву, цо, лечкъа а ца лечкъаш, критика йина Евкуровна, оцу бахьанийца ву лаьцна латтош а. Цундела бац церан а, шен Хазбиевн а махкарчу кхелах тешам.

Кхел дIахьочу Мурзабековс тIе ца ийцира адвокатийн дехар. Бохура, Магасерчу кхелан карахь дац, Хазбиев махкарчу цхьана а кхелах ца тешара аьлла, дов кхечу махка дIахьажо.

Хазбиев Мохьмад реза хилира шен адвокатийн къамелна, тIетуьйхира, ша тIе ца оьцу боцу бехкаш, къарлур вац харцонна, жоп доьхур ду дов айдинчаьргара а, кхел харцонца ерзонйолучаьргара а, аьлла.

"Суна бен-башха дац, иза мила ву: бехк кхоьллина талламча, со чувоьллина кхелахо - со шуна ноькка вац, соьца иза чекхдер дац,", - элира цо кхелехь.

Оцу юкъанна Хазбиевн адвокаташ юха а гIоьртира кхел сацо – ца кхайкхийна ладегIаршка цо сийсазвина боху Евкуров, иза а воцуш хIуттийла дац, кхел, элира цара.

Амма Мурзабековс дац элира кхел сацо бахьана, эшначу муьрехь кхойкхур ву девне Евкуров.

Цул тIаьхьа, Хазбиевна бехк тIехьош, вистхилира прокурор. Ша Хазбиевс юха а дIахьедира, шена боцу бехк тIехьерчабо, дов цхьаьннан лаамца айдина ду, аьлла.

РогIерчу ладегIаршка кхел гуллур ю тIебогIучу беттан 11-чу дийнахь. Цига ван тарло "сийсазвина" Евкуров Юнус-Бек а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG