ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гамонаш марсаяьхна Черменерчу эккхийтаро


Къилбаседа ХIирийчоь -- Машен эккхийтинчу Черменерчу хан цIийнах дисинарг, 23ГIа12
Къилбаседа ХIирийчоь -- Машен эккхийтинчу Черменерчу хан цIийнах дисинарг, 23ГIа12


20 шо кхочуш ду деношкахь гIалгIашний, хIирашний юкъа доккха цIий доьлла. ХIетахь белла бIеннаш дагалаца кечлуш ю Несара. Шатайпа и де билгалдаккха кечбелла хилла, цхьаболчарна хетарехь, шина къома юкъара дов дуьжийла цалуурш а. Цара иштта кхетадо хIирийн полицин ханехь дина эккхийтар.

Сатассале, 5 сахьт долуш, машенаш уггаре а кIезиг хуьлучу хенахь Черменерчу ханна тIееъна хилла машен ю иккхинарг. Кехаташ хатта цунна тIевахана полисхо оцу меттехь велла. Ши-кхо метар уллехь йолчу цхьана чоьна чуьра кхиъ 3 полисхо лазийна. Царалахь ю цхьа полисхо-зуда а .

Эккхар хиллачу муьрехь кхаьчнера хIирийн журналист-суртдаккхархо Басаев Казбек Чермене. Цо дийцира Маршо Радиога шена гиначух лаьцна.

Басаев: «Хан меттигна тIевахча гуш ду эккхар боккха ницкъ болуш хиллийла. Машенийн дакъош, адаман межеш, ю цхьа бIе метр хиллал гена гонаха дIасакхиссина. Кегдина куьзганаш , кибарчигаш, йохийна гергахь лаьттина машенаш. ХIинца некъ массо а агIор къоьвлина бу. Дехьа-сехьа лаьтташ бу, шайн-шайн балха дIа ца бохуьйтуш, нах. ГIалгIайн мехкан агIор ханна тIееъна и иккхина машен».

Делкъехь некъ биллира полицино, амма Черменехула БуьретIе боьдург лаьттара къоьвлина. Гобаккха дийзира Несар-гIаларчу Руслан цIе йолчу вахархочун хIирийн шахаьара кхача. Цо а довзийтира шена некъахь дайнарг.

Руслан: «ГIалгIайн махкара схьабогIу некъ къевлина бу. Лахахь, Майски-юьртал дехьа, Черменехьа, ца вохуьйту. Беслан боьдучу агIора вахь а вахана, цигара Буру-гIала ваха йиша ю. ...Черменера хано даима а леррина толлура машенаш. Паспорташ хоьттура, атта чекх ца волуьйтура. Цхьанннена а бIаьрга ян езаш яцара и меттиг, ха сийдоцуш ду, бохуш. Суна хетарехь, хIокху Кавказехь уггаре а хала ха дара-кх иза. ...ЧIогIа ларлуш а ма бара хьуна уьш. Массийта жIала а хуьлура цигахь талламаш беш».

Машенахь иккхинчух дергт а къастале, дийца долийна, эккхар хIирийн-гIалгIайн юкъметтиг йохорхьама дина бохуш. ХIираша хIинцале дуьйцу хаамийн гIирсашкахь, шаьш хIокху тIаьххьарчу шерашкахь ворхалгIа теракт лайна, бохуш. ГIалгIайн агIор еш Iоттар ю иза.

Амма ГIалгIайн махкахь тIедуьтуш дац и тайпа тидарш. Мелхо а, цигахь дуьйцу, ХIирийн махкахь мел дина эккхийтар цигарчу Iедалша гIалгIай сийсазбархьама кечдина дара бохуш. Ишшта аьлла хета, масла, ГIалгIайн республикан депутат хиллачу, хIинца юккъарахо волчу Манкиев Баматгирина а.

Манкиев: «Даима а хIираша цигахь цхьацца кийтарлонаш лелайо. Вайнах цаьрца нислучу массо а хIуманна тIех ларлуш хуьлу. Цара шаьш до дерриг а. ЦУ БуьрийтIехь базарахь эккхар динарш а уьш шаьш бу. Цул тIаьхьа вайнах бехке а бой, чубухку. Иза Iедалшна а хууш ду, нахана а хууш ду. Обарг-Юьртахь хьехархочун доьзал бийра-кх цхьана хенахь. Иза динарш салтий бара, шайца хIири а волуш. Иза дIа къайла а даьхьна, охьахевшира гIалгIайн хьаькамаш. Iедалша лелош ду-кх и массо а зуламаш, вайнах бехке а беш».


Делкъал тIаьхьа хаам баржийра, Черменехула цу сихонца мехкан шахьаран агIор жима ши машен чекхъиккхина, аьлла. Уьш хьенан ю я ур-атталла хIун билгалонаш йолуш ю а ца къаьстина кхерабелла къайлабевллачу полисхошна. ХIинца и лоьху Iедало Чермен-кIоштахь.

Черменехь бохам баьлча, ГIалгIайн махкахь а, Нохчийчохь а чIагIам бинчу раже болх бан евлла ницкъаллин структураш.

Редакцигара: Шинарийн сарахь полицино билгалъяккхина машенахь иккхинчун цIе. И ву, полицино хаам барехь, ГIалгIайчуьрчу вахархо Экажев Адам.
XS
SM
MD
LG